ТIекхочийла долу линкаш

Декъешца а тIом бо Нохчийчоьнан полицино


Нохчийчоь -- Мехкан полици Толаман Де хаздеш, 09Заз2012

Нохчийчоь -- Мехкан полици Толаман Де хаздеш, 09Заз2012

Нохчийчоьнан администрацин ницкъаллин урхаллаша мехалчу информацин могΙара а доккхий, кест-кеста даржадо шайна лаьмнашкахь велла дΙавоьллинчу гΙаттамхойн баьччанех хьенехан-минехан каш карийна, олий. И кароро царна хаам ло муьлха шайн мостагΙ юьстахваьлла, хьаьнца тIом бар шайна кхачийна. Иштта схьадостучу кешнаш чуьрчу декъех шаьш кхидΙа дийриг ца довзуьйту ницкъахоша.



Сихаллехь лаьттах доьхкинчу адамийн рогIера каш карийна нохчийн лаьмнашкахь. Веданан кIоштахь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло баржийначу хаамца, цу чохь шина стеган чарх-даьIахкаш ю.

"Лаьмнашкахь леррина зер-талламаш дIахьош, ДаргIана гергарчу хьуьнхахь карийна адамаш дIаIиттина меттиг. Цу чохь дIаверзийна хилла тIемалойн баьччанех цхьаъ - Мунцигов Iусман. «Шатрал» а олура цунах. Цу кошахь цуьнца цхьаьна дIавоьллинарг ву Елбазов Iиса», - боху официалан хьостано.

Схьаяьхна даьIашкаш экспертизе яхьийтина бохуш, тоьшалла ду деш цхьана агIор. Вукху агIор кхеташ дац, эксперташа церан даьIашкахь тIехь зераш а дале, полицин урхаллина мичара, хьаьнгара хиина цигахь лаьтте берзийнарш муьлш хилла.

Полицино хадам боллуш чIагIдо Веданан кIоштахь карийна рогIера декъеш Мунциговн а, Елбазовн а ю бохуш. Ишта билгалдоккхуш ду, цхьамогIа ницкъала зуламаш дарна куьг бехке лоруш, Iедало и шиъ лехаме велла хилар а.

Ницкъаллин структурийн уьйранчаша а, Iедалехь болчара а, цхьа мехала, боккха кхаъ санна тIеэцна къаьсттина цу хьалхарчун, ДаргIара волчу Мунциговн Iусманан Iожалла. ХIунда аьлча, кху шолгIачу тIамехь уггаре шуьйра вевзачу гIаттамхойн баьччанех цхьаъ хилла чекхваьлла ву Мунцигов.

Мунцигов Iусманан болх лору низамхоша 2008-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена-Веданахь герзаца тIелатар а дина, масех низамхо вер. Цу кеппара 2010-чу шарахь, дуккха а вер-ваккхарш а нисдеш, ЦIоьнтарна тIелатар динчу тIемалойн тхамданех цхьаъ лоруш а ву Мунцигов.

Цу кепара, адамийн чарх-даьIахкаш чохь йолу меттигаш карор кху тIаьхьарчу хенахь мелла а кест-кеста нисло махкахь. 8-9 де хьалха а карийнера оццу Веданан кIоштарчу Харачоьнна гергахь сихаллехь лаьтте дерзийна шина стеган декъеш.

Официало бинчу чIагIамца, цу кошахь дIаберзийнарш гIаттамхойн могIаршкахь лелла бIаьхой Оздиев Абубакар а, Сулиманов Ибрахим а хилла. Церан кошан барз гайтина, цу муьрехь герз охьа а диллина, Iедална тIеваханчу, цIарца вуьйцуш воцчу тIемалочо.

Хьалхо цигга Веданан кIоштахь карийнера дуьхьалончаш санна Нохчийчохь шуьйра бевзаш болчу вежарех АвдорхановгIерех цхьаъ, Ахьмад, дIаверзийна меттиг а.

Цуьрриг керла а, тамаше а дац кхузахь цабевзачу, докъаза байначу нехан чарх –даьIахкаш карор. Ткъа и саннарш Нохчийчохь, бакъонашларьярхоша къаро а еш, бIеннашкахь бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG