ТIекхочийла долу линкаш

Референдумех а, Оьрсийчоьнах дIакъастарх а лаьцна ладогIархошна хетарг


Нохчийчоь -- Ичкерин байракх, 03Стиг2012

Нохчийчоь -- Ичкерин байракх, 03Стиг2012

​Аша муха кхаж тосур бара тахана Нохчийчоьнан кхоллам билгалбоккхуш маьрша референдум дIаяьхьа шайн аьтто хилча аьлла, дара оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар.

Баркалла массарна а, цуьнан бала а кхаьчна шайна хетарг довзийтинчарна.
Мутаев Мансур Шуьйтахь вехаш ву.

Оьрсийчоьно гIортор а еш ГIирмехь йина референдум нийса дина гIуллакх ца хетар шена бохуш дуьйцу цо.

Оьрсийчоьнах дIа ца къаста лууш хила а мегара ша, амма Путинах дIакъаьстира вара ша бохуш дийцира Веданара Хаджимурадов Сулеймана.

Сайпудди а ву маьрша референдум хилча цигахь дакъалаца реза.
Киндаров Ахьмад Оьрсийчоьнах дIакъаста лууш вац. Цу махкахь бехачу нехан дакъа ша хилар гIоле хета цунна.

Оьрсийчоьно мел дуьхьалонаш ярх Нохчийчоьнан кхане маьрша го Тасаев Джамбулатана. И лаам дагчохь болуш веха ша бохуш дуьйцу цо.

ЛадогIа цу наха дуьйцучуьнга.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG