ТIекхочийла долу линкаш

Тахана цхьамма а тамаша бац Европа вайнахана шолгIа Даймохк а хилла дIахIоттарх. Эзарнаш нахана карийна цигахь тховкIело а,болх-некъ а,синтем а, кханенах тешам а.

Кху цIахь гIийла лол бетташ, мискалла дIакхехьнарг вогIу цигара хьажа-хIотта, олуш ма-хиллара,чу са а деъна, цIерачарна гIо-накъосталла дан ницкъ болуш. Царах дукхахберш »велла велира со хьалххе цига дIаваха ца гIоьртина» бохучу маьIнехь дагахьбалламе ойла кхобуш а хуьлу.

Официалан даре дарца карарчу хенахь Европан пачхьалкхашкахь веха хIора 4-5-гIа нохчо. Цига кхача салаьттарш хьесапе эцча,йоккха юкъ ялале хIора 2-гIа нохчо Европехь хила а сахьт дац. Цхьаболчу говзанчаша-м 11-12 шарахь хила тарлуш лору и саннарг. Къоман хиндолчун бала мел кхочучарна лазаме долург ду цу геналлехь дуьнентIе довлучу 70-80% нохчийн берашна ненан мотт хууш цахилар,вайнехан гIиллакхаш-Iадаташ,ламасташ царна хийра хилар.

Цу бакъдолчунна,вайнахана юьхькIаме боцчу хиламна, даггара саготта а волуш,орца боъхучех,адам самоне доьхучех цхьаъ ву хьехархо,байтанча Цуцаев Iалавди. Цо шатайпа дустар а далош дуьйцу дерриге къомана а хьалха лаьттачу ирачу хаттарх. Дагалецаме васт кхолларца гойту цо нохчийн къомана тIебазбелла лаьттачу кхерамах. Цу хьокъехь ишта къамел нисделла тхойшиннан.

Цуцаев: «Дозанах а буьйлуш эзарнаш нохчийн дIаэхаро кхоьллина сан кхетамехь гIаргIулийн васт. Суна тайниг гIаргIулеш шаьш дIаяхаре терра юха а ма йогIу. Шайн гIиллакхаш а ма дохьу цара шайца схьа .Ткъа адамаша? Цкъа и байт еший ас?

ГIаргIулийн а ма ду шайн Iадат, мохк битар, ерзар юха.

Кхузара шелонаш лалац, цигара йовхо дукха,

Гуьйренца махках а къаьстий, назманца уьш йоьлху дIа.

Тамехь ю кхузара бIаьсте, гIолехь ду цигара Iа.

ГIаргIулийн ма ду шайн ламаст, могIа беш цхьа низаме.

ХIоттийна джамIатан ламаз, Къилбехьа уьш йоьлху те?

ГIиллакх а шайниг ду церан, амалш а,мотт а бу шайн,

Коьртаниг дIадехьнарг цIеран,юхадар, баьхначун дайн.

Оцу гIаргIулеша лардо-кх шайн гIиллакх ,Iадаташ. Наггахь цаьрга стигал Iаьршашка хьала а хьожуш, адамаша а масал эцар мегар дар-кх царех. Тайп-тайпанчу бахьанешна ихина дIа-м,амма царех дукхахберш нохчаллех бухур бу-кх аьлла шеко йоккха а ю-кх».

Нохчийн махках бийларх, царлахь кегийчарна,тIекхуьучу чкъурана ненан мотт хууш цахиларх дийцинчу Цуцаев Iалавдина хетарехь океана чохь кхоллало цунами олу инзаречу йоккхачу тулгIенах тера, бохаме киртиг ю къоман кханенна тIехIотта тарлуш ерг. И хало къарьян уггар хьалха оьшург къоман цхьааллин бух тIехь кхетам бу. Цу кхетаман Цуцаевс чIагIдарца бух-орам хилла дIахIотта деза ненан мотт айар,денбар,и ца хилча къам къомара долуш хилар.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG