ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин тIеман тIехьовсархой маьршабаьхна


Оьрсийн президентан векало Лукин Владимира юкъарло а лелош, закъалтера мукъабаьхна болу Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин тIеман тIехьовсархой Донецке кхаьчна. Уьш шайн-шайн цIагIур болуш бу.

Украинан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин дIахьедаро бахарехь, Украинера бакъонийн органаша а, Донецкан кIоштан урхаллин а, оьрсийн юкъархоша а, Европан Кхерамазаллин а, Цхьаьнабелхан а Организацин лерринчу тIехьажаран комиссино а бинчу цхьанабелхан жамI ду, Европера тIеман тIехьовсархой маьршабахар.
Дуьненаюкъарчу тIехьовсархойн тоба а, царна ха деш хилла украинхойн эскархой а сепаратисташа Славянскехь лаьцнера, Охана-беттан 25-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG