ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СадоIурш тIеэца кийча ю "Серноводск"


Нохчийчоь -- Серноводск.
Нохчийчоь -- Серноводск.

Жимма а хенарчу бахархошна дика дагадогIу коммунистийн Iедал урхаллехь долуш мел лераме садоIийла, могушалла тоен меттиг хилла Серноводскера курорт.

Чекхдевллачу тIемаша дамарцу бина херцаршка ерзийна, гIайгIане кешнаш санна Iаьхкина цигахь массийтта шарахь мацах цкъа лекха, куьце гIишлош хилла кибарчигаш, бетонаш, эчигаш.

Ткъа тахана цигахь йина яьккхина 250 стаг тIеэца йиш йолуш, дарбанаш лело кхоьллина массо хьелаш долу могушалла тоечу курортан, пхиазза тIекIалйина хьалхара корпус. Официалан чIагIдарехь и хилам бахьнехь бахархошна 200 гергга керла белхан меттигаш евлла. Курорт юхаденьяр шайна чIога тайна бохуш дуьйцу меттигарчу бахархоша Амината а, Маликас а.

Малика: «Массо хазахеташ ву 200 сов стаг тIеэца таро а йолуш, керла гIишло йина а, курорто шен болх карбаьккхина а. Сан несана а нисбелла цигахь болх. Хьалха Советан Iедалехь цIарна цIе яххана садоIийла мА яра иза. ХIинца а ишта дIахIоттаре сатуьйсу оха.Болх-некъ боцчу нехан а аьтто хир бу даламукъалахь»

Аминат: «СССр йолуш дуьйна евзаш ма яра и курорт.генара ,малхбалера биста кхаччалц нах оьхура кхуза дарбанаш леладайта. Кхузахь дика хьелаш кхоьллина дийцарехь.Тхуна хетарехь хьалха санна цIе а йолуш дIахIуттур ю аьлла хетта тхуна-м тхайн курорт»

Iедалдайша билгалдаккхарца оццул йоккха, мехала гIишло ян йолийна хилла Нохчийчоьнан социалан-экономикан кхиаран программица, амма ахчанах гIоьртина сацийна лаьттина. Стохка аьхка Iедалан мукъ карахьберш Серноводске бахкар а, цара курортан маьIна кхетор а бахьнехь йина яьккхина керла гIишло.

И йина яккхар а,цунна харж яр а муха нисделлехь меттигерчу могIарерчу бахархошна, шеко а йоцуш хаза кхаъ хилла садаIаран, могIушалла тояран курорто шеен болх дIаболийна. Уьш тешна бу дукха хан ялале, хьалха санна массо маьIIера нах цига схьаэха буьйлалур бу аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG