ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махмудов Рустаман Гергарчара Бакъ Ца До Цо Политковская Йийна Бохург


Махмудов Рустам, Интерполан сайт тIехь 31.05.2011
Махмудов Рустам, Интерполан сайт тIехь 31.05.2011

Белги-махкара цIа ма кхаьччнехь, дIалаьцна шаьш Нохчийчуьра вахархо Махмудов Рустам, аьлла, даржийна Оьрсийчоьн ницкъаллин урхаллаша. Иза ву дуьненна а евзаш хилла «Новая газетан» журналист Политковская Анна йийнарг, чIагIдо Iедалхоша. Амма Махмудов Рустаман гергарчара харц бо и бехк. Цуьнан вешица Махмудов Анзорца къамел хилира Маршо Радион.



Нохчийчохь шен чуьра, лаьцна дIа а вигина, карарчу хенахь Москох дIакхачийна ТIехьа-МартантIера вахархо Махмудов Рустам. Оьрсийчуьрчу талламхоша дийцарехь, билггал иза ву "Новая газетан" журналист Политковская Анна, тапча а тоьхна, йийнарг.

Шуна муха го иштта иза бехке вар, аьлла, шега динчу хаттарна жоп делира Махмудов Рустаман вашас Анзора. Рустам Белги-махкахь ведда лелаш вара бохург харц дира Анзора.

«Рустам цIахь вара. И стаг Белгехь хилла а вац. ЦIахь вара. ХIинццалц а Iедална хууш дара иза мичахь ву. Иза цкъа а цхьанхьа вахана а вац. ЦIахь хилла ву и стаг.

ХIинца тIаьххьара а тIегIур ву, аьлла, цхьа барт бан гIерташ, адвокат Мурад (Мусаев, Москохара адвокат, нохчо – Б.М.) волчу телефон тоха дагахь вара иза, хIун дича дика дара-техьа, аьлла. ХIара пал кIорда а бина...

Интернетехь цара дуьйцург а кIордийна, хьалха а царна тIеваха гIерташ вара иза. Политковскаях лаьцна тхо догуш а, тхо кхера дезаш а хIумма а дац. Ткъа хIинца цара лелош дерг -- иза тхоьга цхьаъ ца дайта лелош хIума ду.

Кху тIе кхачале, цхьаъ дан деза, кхин дан деза вай, бохуш, тхо Iа ши-кхо де ца даьлла-кх, оцу юккъехула Iедал вайга схьадогIуш. Хьалха кхуза цхьа а стаг веана а вац. Иза цхьана а метте вахана а вац я цуьнгахь ваха цхьа а кехат а дац. ГIо, аьлча а, вахана вац-кх и стаг цхьана а метте».

Иза дIалаца баьхкинарш оьрсий бара, аьлла, къастийра Анзора.

«Билгал ала, суна ца хаьа, схьагуш верг -- иза оьрсий вара. Вукхарна тIехь туьтмIаьжигаш яра. Схьабуьйцург оьрсийн мотт бара. Цигара схьабаьхкина оьрсий бара-кх уьш. Вуьшта, нохчий а хилла-м хир бу царна юкъахь. ТуьтмIаьжигаш яра царна тIехь.»

Шен вежарий Москох доьшуш бара, цхьаъ оцу заманчохь аспирантуре дIахIотта кечлуш а вара, боху Анзора. Iедалша дуьйцуш хилларг а, хIинца дуьйцург а харц до цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG