ТIекхочийла долу линкаш

Шина агIора леташ ах бIе сов декъашхо а волуш, кегийрхоша буй-тIара дина Теркйист кIоштан Ломаз-юьртахь. Къуьйсуш хилларг билггала хIун хилла хууш дац.

Ерриг Теркйист кIоштехь дийцаре деш ду кхиазхоша а, кегийрхоша а Ломаз-юьртана гергахь буй-тIара а деш юкъаметтиг къастор. Ишта массарна а хууш ду зIенехула дош-дашера даьллера аьлла, масех машенахь лата охьабаьхкинарш Гуьмсан кIоштан Нойрбоьр олучу эвлара кIентий хилар.

ЦIоьмалгаш юкъахь аьлчи,»буха цIен сиз а хьокхуш»къамелехь билгалдоккхуш ду царех цхьаберш Iедалан балхахь низамхой хилар а,цхьана машенан ноьмар КРА хилар а. Ала дашна Нохчийчохь и элпаш долу машен сацо хIуьттуш низамхой дукха бац.

Официалан цхьана хьостано хьахош дацахь а,жима-воккха – массара а цхьа могIарера боцу хилам санна дийцаре деш ду и тасадалар а, цигахь травматик олучу чов ечу герзах пайдаэцар а. Юьртахой цIарца бийца хIуьттуш бац лазийнарш а, машенаш йохийнарш а.

Ломазюьртахоша цу латарх дийцар а нисдо баха-м боху,дийца-м дуьйцу, хаам хаац бохучу кепехь.

ХIуъчара дийцарехь Ломаз-юьртара дов дIадирзинчул дикка тIаьхьа а кIоштера вуно дукха кегийрхой хьалататтабелла гIоьнна бохуш Ломаз-юьрта. Цхьаболчу бахархоша кхеторехь иза шатайпа гайтам бу КРа ноьмарш ерш,уьш низамхой белахь а,могIарера бахархой белахь а Нохчийчохь тIеоьцуш цахиларра-м стенна дуьйцу безаш цахиларан.

Схьагарехь иза доьзна ду и тайпа ноьмарш а йолуш Iедалан балхахь болчара махкахь шайна хIуъу а мага а могуьйтуш,нийса-бакъ хьесапе а ца оьцуш, шайн аьллар тIедоккхуш хиларца.Цундела хила тарло,кхийринчуьнан нана йилхина яц бохучу кицано ма хьеххара Ломаз-юьртахь цу латарх лаьцна хецца схьа цадийцар.

Схьагучу суьртехь и дов бахьнехь ,цкъачунна жоьпе озийна стагга а вац тIаьхьа хIуъу хилахь а. ТIаьхьабевллачарех кIелхьарбовлуш,кIоштан полисхойн урхаллехь тхов-кIело карийна Нойрбоьрара хьеший,хIуъчара чIагIдарца низамхоша ларбеш, Соьлжа-кхаччалац дIа а бигна цIа хьовсийна.
XS
SM
MD
LG