ТIекхочийла долу линкаш

Оьшуш юй кавказхошна леррина леларан кодекс?


Шен хенахь иштта лела Iамийна Оьрсийчоьнан империн бахархошна Петр Хьалхарчо.

Шен хенахь иштта лела Iамийна Оьрсийчоьнан империн бахархошна Петр Хьалхарчо.

Къилбаседа Кавказерчу нахана леларан кодекс кечъян еза аьлла, кху деношкахь хьалхататтар дина Нохчийчохь къаьмнийн гIуллакхашкахула а, зорбанан а, информацин а министр волчу Тагиев Мурата. И кехат кечдеш, цунна хетарехь, тIеозо веза Оьрсийчохь йихкина йолчу «Славянийн барт» олучу организацин куьйгалхо хилла волу вевзаш волу националист Демушкин Дмитрий. Цу гIуллакхо цхьаберш эргIадбахийтина, вукхера самукъадаьккхина. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочунан Кадыров Рамзанан зорбан секретаро Каримов Iаьлвис шен агIор дIахьедар дина, цу кепара кодекс оьшуш меттиг бац аьлла.

Оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина долу хаттар иштта ду. Шуна хIу аьлла хета, оьшуш ю аьлла, хетий шуна Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нахана, ша аьлча нохчашна, леррина леларан кодекс? Бакъо ю аьлла хета шуна демушкингIера а, тагиевгIера кавказахошна муха лела беза бохург Iамо?


Хетарг довзийта кху телефонашкахула. Праге зΙе тухуш: код +420, лоьмар 724019832.

СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Иштта имейл даийта а мега Маршо Радионе: nc@rferl.org

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG