ТIекхочийла долу линкаш

Оьрси - Нохчо 5000 : 48200 !?


Петарбухехь хиллачу "Цхьаьнатоьхна махкахойн фронт" олучу юкъараллин митингехь айъина "Тоьар ду Москох кхаба!" плакат.

Петарбухехь хиллачу "Цхьаьнатоьхна махкахойн фронт" олучу юкъараллин митингехь айъина "Тоьар ду Москох кхаба!" плакат.

Кху тIаьхьарчу хенахь Оьрсийчоьнан телевизионашкахула а, газеташкахь а, оьрсаша латточу интернет сайташкахь а алсам евлла кавказхошна, коьртачу декъана нохчашна, луьш йолу материалаш. ТIаххьара цу тайпа питане артикл зорбане яьккхина «Комсомольская правда» олучу газетехь. Цу газетин корреспонденто карзах а вохуш, Оьрсийчоьнан Кавказехь йолчу политиках лаьцна дуьйцуш ву политолог Бовт Георгий.


ХIара-м могIарера нохчашна лер дара, аьлла, йита а мегар дара можа прессах дIатоьхна долчу «Комсомольская правда» олучу газетан агIон тIехь араяьлла йолу материал, нагахь цу юкъахь дакъалоцург демократ ларалуш волу журналист а, политолог а Бовт Георгий вацахьара.

Бовт Iамеркехь а дешна ву. Цуьнан политикан хаьшташна юкъадогIуш ду Кавказера хьал а. Мухха а далахь а, цу хьолах лаьцна дийца кхайкхинера иза кху деношкахь «Комсомольская правда» олучу газето.

Дукхачу хьолахь нохчашна луьш болу авторш каро аьтто ца болу, цаьрца къовса а, бакъ дерг каро хьажа. Амма Бовт Георгий каро аьтто белира тхан.

Цо динчу къамелан коьрте яздинчу дешнаш тIе тидам бахийтира тхан цу материалана. И дешнаш ду «исторехь кхоллаелла Оьрсийчоьнан Кавказехь йолу политика хилла иза ахчанах юкъор» аьлла.

Бовт Георгийга хаьттира оха баккъалла а иза иштта дара аьлла, хеташ ву хьо, я цхьацца башхаллаш го хьуна цу хаттарехь аьлла?

Бовт Георгий: «Башхаллаш муьлххачу а политикехь хуьлуш ю. Амма вай революци ялале хиллачу политиках лаьцна дийцича, цу хенахь ахча ца дийцича, хIинца санна федералан бюджетаца йоьзна йолу юкъаметигаш ца хилла. Цу хенахь лелош хилла цигара элита юкъаозоран политика, иза Оьрсийчурча Iедалехь йолчу элитех дIатохаран политика, цаьргахь ша кепара автоними а юьтуш.

Советан пачхьалкх дIаяьллачул тIаьхьа лелош йолчу политиках лаьцна аьлча, нийса аьлча, шолгIа нохчийн тIом дIабирзинчул тIахьа, Iедалша комаьршан дотациш йо цу регионна. Цунна мах тайп-тайпана хадор бу, «ютту» цара иза ахчанах, «юкъайо» цара иза аьлла, я кхечу кепара. Амма цуьнах доьзна дац дерг. Кавказе оьхуьйтуш йолчу субсидийн терахь ладам боллуш ду. Иза ладам боллуш долу дакъа ду Оьрсийчоьнан цигарчу политикан».

Ткъа ахьа ахчанаш оьхуьйту бохуш хилча, Москохар ара а долий, мел ахча кхочуш ду Нохчийчу ?

Бовт Георгий: «Нагахь шу хатта гIертахь, цига хьажош долу ахча дIакхачале лечкъош-м дац те аьлла, кхузахь ерг Ньютонан бином яц. Олуш ма-хиллара, цу хаттарна луш долу жоп кхеташ ду. Иза лечкъош ду».

Ткъа могIарерчу вахархочунна маса процент кхочуш ю цуьнах?

Бовт Георгий: «Цхьанга и маса процент кхочуш ю бохург талла делча иза чIогIа дика хир дара. Амма цкъачунна цу тайпа талламаш суна цхьаьнха а ца гина. Сан аьтто бац цу тайпа талламаш бан.

Цхьа декъаза гIертарш дара Талламан чоьнан а, Оьрсийчоьнан финансийн министоралан а коррупци олу тема а, федералан ахча лечкъор а юьхьарлаца. Амма уьш дукха сиха гучура дIадоьвлира. Суна хетарехь, адамаш кхоьру и теманаш хьеян».

Ахь а, хьоьца интервью еш волчу журналисто а дуьйцург радиохула а хезаш дара. Масала, аша дийцира цигахь ахчанца доьзна дерг. Журналисто далийна долу терахь иштта дара. ХIора Оьрсийчоьнан вхархочунна (россиянинна) бюджетера дотаци санна хьажош ду 5000 сом, ткъа хIора Нохчийчурча вахархочунна – 48 200. Шоьга ладугIуш волчу цхьана стага (оьрсийчо) сихха элира шоьга, шуьшиъ къаьмнашна юкъахь цабезам кхуллуш долу къамелаш деш ву аьлла. Хьуна ца хаалора ахьа дуьйцург товш хир доций нахана?

Бовт Георгий: «Радиостанцешка юкъа-кара телефонаш етта лортIехь боцучу наха. Шуна а иза гина хир ду. Цара, телефон а тухий, цхьацца Iовдал хаттарш ло. Наггахь цара дуьйцург тIеоьцу дуьйцучуьнца иза цхьана ца догIуш, лортIера даьлла. Цундела цу нахе а ладоьгIуш хилча, со кхоьруш ву, вай вовшех кхеташ дац аьлла».

Дика ду, хьуна гуш дац массо а зорбанан гIирсашкахь нохчашна луьш хилар?

Бовт Георгий: «Суна гуш ду кавказхошна тIе диларш Iенош хилар а, цаьрга цабезам хилар а. Иза боьха а ду, дегаза хIума а ду. Иза ду сан цунах лаьцна ала. Амма официалан Москох дуккха а алсам хIума далур долуш яра, эр вай, оццу кIоргенза тIегIантехь далахь а, кинош яхаран тIегIантIехь».

Делахьа шеконе гIуллакх хета тхуна, вуьшта а нохчех льацна питане хIуманаш яздечу газете а вахана, цу кепарчу Кавказ кхобуш ю бохуш долчу къамелашкахь, реза волуш санна, дакъалацар.

Бовт Георгий : «Нагахь аса цу тайпачу проекташкахь дакъалоцуш ца хилахь, цига вогIур ву, масала, «Конгресс русских общин» олучу тобанан векал. Цо тIелатор дерг кхин а алсам хир ду».

Къамел дерзош политолого Бовт Георгийс элира, ша нохчий сийсаз бан дагахь вацара, амма цхьана стереотипийн йийсарехь долчух тера ду шу аьлла. Ша кху интервьюхь гIоьртира шена хетарг дийца бохуш, вара иза

Ткъа хIу ала гIерташ вара хьо, «Комсомольская правда» газетехь айхьа динчу къамелехь, ахьа хьайн ойланех тхо нийса ца кхетна бохуш хилча, аьлла хаьттира оха Бовт Георгийга.

Бовт Георгий: «Цу регионе ахча дала деза, хIунда аьлча и меттиг дотацин меттиг ю, иза тIамо йохийна а ю, цигахь хала социалан проблемаш а ю. Иза цхьаъ ду.

ШолгIаниг. Терго ян еза и ахча муха дойуш ду бохучунна. Цхьана дийнахь сихха ца дахь а, и терго яр чIагIдан деза. Цигарчу баьччанашца къамел дан деза, цаьрга мелла а къезиг жоьлкалла леладайта, ахча хIоранга а дIакхачийта.

КхолагIа тезис иштта ю. Къаьмнашна юкъахь, оьрсашна а, Кавказана а юкъахь болу цакхетамаш дIабахар Iалашонца болх бан беза, Нохчийчохь хилла ца Iаш берриг а Оьрсийчохь болу цакъхетамаш».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG