ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яздархойн къоьлла яц Нохчийчохь, церан кхолларалла оьшуш нах бацахь а


Нохчийн меттан этимологин дошам.
Нохчийн меттан этимологин дошам.

Нохчийн литературана кхиаме зама еана бахахь а, карарчу хенахь хIоьттина хьал баш дIоггара да воккхавуьйр волуш дац. Язъян говзалла йолуш дуккха а нах бу Нохчийчохь. Амма шаьш язйина книгаш зорбане яха аьтто бац церан. Цундела цу наха тоам бо интернетах.

Нохчийчохь хIора шарахь аьлча санна, дебаш бу яздархой. Царна юккъахь къона а, похIмалла долуш а, доцуш а шорта бу. Амма, массеран а, ка ца йолу, шай тептар зорбане даккха.

Интернето лучу аьттонах тоам а хеташ беха уьш. Шаьш язъйина йолу книга, хенахь, ешархоша каралацахь тамаш хета, масла, царах цхьаъ волчу яздархочуьнна Закриев Русланна.

Закриев Руслан: «Книгаш ешаран гIуллакх, чIогIа во ду. Книгиш йоьшуш нах кIезга бу. Еша тамехь книгиш а яц. Яздархой а бац. Зорбане йогIуш тамехьа книгеш яц. ПохIмалла долчу стаган, чекхавала аьтто бац.

Хьо мел говза яздархо валахь а, хьоьга оцу хаттарехь, Нохчийчохь долу гIуллакх чIогIа во ду-кх. Ас оцу сайн дешнех жоп ло. Книган зорба тухийла яц цхьанна агIор».

Яздархочуьн говзаллийн зIийдиг гучуяьллачу стаган, гIо-накъосталла деш, махкахь шен цхьа а ницкъ гуш ца хета Закриев Русланна. Ала догIу, дуьненахь бIеннаш миллионаш долларшкахь, са гулйина «Аватар» филм, шен книги тIера яьккхина ю, аьлла, цуьнана режисерца Джеймс Кэмеронца кхеле вала кечлуш а ву нохчийн яздархо.

Закриев Руслан: « И болх беш, похмIалла долу нах лохуш а, царна гIортор еш а, цхьа а цхьанатохаралла яц кху махкахь. Иза боккха бохам бу. Яздархойн кхеташо хIун лелош ю хууш дац. Журналаш а хIун лелош ду а дац хууш.

Оцу хаттарехь чIогIа лоха барам бу. Кхеташонехь, Рамзана, цаьрга бохуш ду, цхьа а тамехь турпалхо а вац, тамехь язйина хIума а яц, кино а, спектакль а яц.

ХIун деш ду шу,шуна оццула йоккха гIишлонаш а елла, ахчанаш а делла, мичахь ду жамI, аьлла хаьттича, цара доьхьал олу, тхан драматургаш бац. Амма, хьо велча а, хьо цхьанна а тIегIахь а, ахь язйинарг йоьшуш стаг вац. Иза цьарга ешийта гIерта со, амма гIуллакх ца хуьлу. Оцу интернето гIо до суна. Цигахь сан йоккха аудитории а ю».

Хьалха санна Iедало, гIо-накъосталла деш дац, цу тайпа тIегIан тIехь къахьоьгучу нахан. Нохчийчуьра книгийн зорбаналла, хаддаза болх беш ю, амма, арахь лелош йолу юкъметтиг, ахчанехь йирзина йолун дела, церан ницкъ ца кхочу, уьш иштнехь зорбане яха.

Цундела, иттанаш шерашкахь наха, агIонаш яъяллалца, ешна йолу, нохчийн литературан классика лоруш йолу книгаш арахоьцу кесст-кесста. Дуьйцу оцу зорбаналлийн коьрта редактора Чираева Раисас.

Чираева Раиса: «Зорбане яхна, оьшучарех дукха книгиш яц. Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» ю оьрсийн а , нохчитйн а маттахь арахеца кечъеш. Сулейманов Ахьмадан «Нохчийчоьнан топонимия» а ю чIогIа хоьттундела, кечъеш.

Цул совнах, Алиев Хьамзатан «забаре дийцарш» а ду зорбане яьккха кечъйина. Ишшта, «Нохчийчоьнан истории» шина томехь йолу, иза а ю. Оьрсийчн маттахь, тхан кхин авторш бац, дукхачу хьолехь, наркодиспансеран хьашташна хъажийна. Наркоманех лаьцна книгиш еш ю оха».

Нохчийн вону дукха ю, дуьненахь йовзийтича, къам йохьIаьржа хIуттара доцу литература. Амма, иза кхечу меттанашка зорбане йохучулла, ишшта а, кегирхошна дагахь хууш йолу, дуьненан яздархойн туьйранаш нохчийн метта догIуш ду. Бехк бац, нохчашна иттанаш шерашкахь чудиллина хIума ду, куьзган чу хаьжча, гуш дерг емал дан деза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG