ТIекхочийла долу линкаш

«Пепнаш кlел тIулг богIий, гонаха берд хьой, безамна бIарлагIа елаш цигахь». Мохьмад-Салахь Гадаев.

Кху деношкахь интернетехь гучуяьлла Кавказ Имаратан куьйгалхо Умаров Докка дIавуллуш яьккхина видео. Шайн хьалханчан тIаьххьара Iо дика еш бу цуьнан тIеман накъостий. Хуьлург кешнашкахь дац. Хьунхахь ду. Оцу сурте хьоьжуш дуккха а ойланаш хьерча дагах. ​Мел дукха хир ю Нохчийчохь тIемашкахь эгна къонахий дIабоьхкина гергарчарна мичахь ю хууш йоцу меттигаш олий.

И хаттар лазаме ду эзарнашна Нохчийчура доьзалшна. Мел бу уьш шолагIа тIом боьдуш эгна Нохчийчоьнан а, ГIалгIачоьнан а хьаннашкахь накъосташа дIабоьхкина.

Хьалхара тIом боьдуш хьал мелла а кхечу тайпана хиллехь а, Дудаев ЖовхIаран каш долу меттиг хьулъян сацамбира цуьнан гергарчара а, тIеман накъосташа а. Амма и меттиг яйна яц бохуш, дуьйцу Ичкерийн Iедалехь министр а, тIемалойн хьалханча а хиллачу Закаев Ахьмада.

Закаев Ахьмад:

Делахь а хьалхара тIом дIа а бирзина, Оьрсийчоьнца Яндарбиев Зелимхас машаран барт бинчул тIаьхьа а ца гайтира Дудаевн каш долу меттиг. Гарехь, рогIера Нохчийчоьнан Iедалш а кхеташ хиллачух тера ду машар бахлург цахиларх.

Шайн мостагIийн декъий къйла дахьар вуно къорга истори йолуш ду Оьрсийчохь.

1794-чу шарахь Охан-беттан 13-чу дийнахь Петарбухехь Шлисселбург олучу гIоьпехь валар хуьлу 1791-чу шарахь Мангал-беттан 22 дийнахь Анапа-гIоьпехь чевнаш хилла Iуьллуш оьрсийн эскаран каравахана хиллачу Шейх Мансуран.

Нохчаша мел дехарш дарх цуьнан дакъа кхин дIацаделира бохуш, дуьйцу историко Вачагаев Майрбека.

Вачагаев Майрбек:

Цул тIаьхьа еанчу заманчохь иттаннаш нохчийн къомах тоьлла болу къонахашна Iожалла карийна Оьрсийчохь паччахьан Iедал долуш. Цунах лаьцна дуьйцу историко Абумуслимов Сайд-Хьасана.

Абумуслимов Сайд-Хьасан:

Нохчийчохь шолагIа тIом болалуш кхелхира дуккха а бевзаш болу тIемалойн хьалханчаш. Царна юкъахь вара Исмаилов Асланбек а (Жима Асланбек) Исрапилов Хункарпаша а, кхиберш а. Уьш дIабоьхкина меттигаш хьулйина ю.

Дагестанан лаьмнашкахь Гелаев Руслан вийна аьлла хаам баьржича цуьнан гергарнаш хьоьвсира Кадыров Ахьмад-Ххьаже дехар дина а, «Мемориал» бакъонашлаъярхойн вовшахтохаралле орца дехна а и стаг тIемало вара, террорхо вацара аьлла, цуьнан дакъа схьадеха. Цунах хилларг дуьйцу "Мемориалан" белхахочо Байсаев Iусмас.

Байсаев Iусама:

Ткъа оццул кхераме хIума ду-те Оьрсийчоьнан Iедалшна беллачу мостагIийн декъий гергарчарна дIадалар? Баккъалла а бухур бу-те Оьрсийчоьнан пачхьалкхан бух нагахь велла стаг цуьнан дина ма-хьоьхху дIавоьллича? Вачагаев Майрбек.

Вачагаев Майрбек:

Тахана гергара нах ларйоцуш байна а, дIабевлларш дIабоьхкина меттигаш цакарош а бехаш бу дуккха а Нохчийчура доьзалш. Цара хIун дан деза.? Царна орцах вала вац цхьа а стаг, иторик Вачагаев Майрбек?

Вачагаев Майрбек:

Тахана цу нехан ойла еш цхьа а стаг вуй, иштта лар а йоцуш, декъаза бовр бу-те и нах олий, хаттар кхоллало. Иза бакъ дац. Цхьа зама йогIур ю цу нехан дан дезаш долу сий деш аьлла тешна ву Закаев Ахьмад.

Закаев Ахьмад:

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG