ТIекхочийла долу линкаш

"Нохчийн" оьрсаша сагатдо даймахкана


Нохчийчоь -- "Масленица" даздеш бу оьрсийн Неврахь.

Нохчийчоь -- "Масленица" даздеш бу оьрсийн Неврахь.

ТIебогIучу беттан хьалхарчу деношкахь керстанаша марха достуш бахка кечбелла бу Нохчийчу Соьлжа-гIалан хилла болу бахархой. Царна бух а, латтош даггара оцу гIуллакхана сагатта деш ву Гучигов Сайпуди.

Массийта шо хьалха, дукха леррина дIа а кхайкхош тIеэцна йолу, оьрсийн хилла болу бахархой Нохчийчу цIаберзоран Iедалан программа, тахана болх беш йоцийла гуш ду. ХIета дуьйна, Iедалан тхоьвна кIелахь цIабирзина дукха нах бац. Амма, Iедалшка а ца хьоьжуш, и болх ша беш ву, Соьлжа-гIалара вахархо Гучигов Сайпуди.

Шена дага а деана, цо Интернетехула Соьлжа-гIалара шен хилла болу оьрсийн накъостий а лехна, цаьрца цхьанакхетарш дIахьош ву. Ша дерг дуола мича тIера доладелла дийцира цо, Маршо радиога вистхуьлуш.

Гучигов Сайпуди: «ВорхI шо хьалха буолийна бу ас и болх. «Виртуальный Грозный» бохуш сайт яра. Цу чухулла сайца дешна долу бераш а карийра суна. Цара цхаьцца сурт даийта бохуш, царна уьш дIахкхоьхьуйтуш, цу тIера доладелла ду-кх хIара хIума.

ВорхI шо хьалха, цо шен жималлехь хилла болу доттагIий вовшахтохарх долийначу хIумнехь, хилла хIинца юккъараллийн цхьанатохаралла. Иза хIинца а, Iедалехь регистрации йина яцахь, амма, цо тIаьххьара вовхатоьхначу нехан терахь 400 сов стаг хилла. Соьлжа-гIалара дIа а бахана, кхечанахь дIатарбеллачу оьрсийх лаьцна ишшта элира цо.

Гучигов Сайпуди: « Царна юккъахь тайп-тайпана нах ма бу. Кху махкана сатуьйсуш нах а бу. Юхабахка гIерташ нах а бу царна юккъахь. Кхузара дIа а гIура дацара шаьш тIом ца хиллехьарий олу цара. Кхайкхича вовшах кхийтира уьш. Хала дацара иза дан.

Кхузахь буха сецна дукха бац. Болх лохуш, схьа а богIуш хьовсуш бу уьш. Лоьрийн болх а , хьехархочуьнна болх а, мехкдаьттадаккхархойн белхаш бина бу уьш дукхачу хьолехь. Кхузахь хьовсуш бу уьш, амма, дукха бац кхузахь белхаш».

Сайпуди, хууш ма хиллара, Оьрсийчохь къаьмнийн юкъметтиг телхина схьайогIуш ю шо-шаре мел долу. И хаттар айдой аш, шай хуьлучу цхьанкхетаршкахь? Хаалой и къаьмнашна юккъахь яьлла херо?

Гучигов Сайпуди: «Дера хаало. Муха ца хаало и херо. Цхьацца болчарна вай боьха хIумш хета, кхечарна берриге а кавказхой хета ишшта. Цу юккъехь питанаш лелош нах бу дуккха а. Оццу Интернет чохь а, телехьожийлехь а, газеташкахь а бу уьш. Вай юккъахь а бара уьш, царна юккъахь а бара уьш.

Вай дайша олуш цхьа хIума ду-кх, чано шен кIорни яа дагдеъча, иза хатталгIа хьакхийна бохуш. Вайна гина ма ду иза. Вай террористаш а хета, вайх тешам бац аьлла а хета цхьаболчарна. Беза-боьвзачара а олу соьга наггахь ас лелош дерг хIун ду. ДIахьош болу некъ чекхбаьлчий бен хуура дац массу а хIуманна маьIан. Кхеташ берш а бу, ца кхеташ берш а бу. Тайп-тайпана бу нах».

Нохчийчохь Iийначу нехан амалш а билгалйоху Гучигов Сайпудис. Нохчех дукха гIиллакхаш, къаьстина хьаша тIеэцар ду цаьргахь, аьлла тидам бира цо.

Гучигов Сайпуди: «Дукха нохчийн гIиллакхаш леладо оцу наха. Цхьаберш болчу со вахча-м, вай нохчийн хьалха лелийна хилла долу гIиллакхаш леладо цара. Хьешан мачаш йилар а, иза баьрче хаавар а, вижа-гIаттор а. Вайгара схьаийдина хIумш ду уьш. Дукхачаьргахь ду иза».

Балаева Виктория а ю, Соьлжа-гIалара хилла яхархо. ХIицна иза Нохчийчоьнан дукха генахь ехаш яцахь а, Соьлжа-гIалана сатийсам дIаболуш бац, аьлла дийцира цо Маршо радиога.

Балаева Виктория
: «Хиллачу заманна болу сайтисам тхан цкъа а дIаболуш бац. Мел дукха шераш доьвла. ДIаболуш бац-кх иза. Доккха хазахетар ду, Соьлжа-гIала тхо дахча. Цундела, тхайн цхьа жимма аьтто баьлча, тхо цига доьлху, тхуна боккха там а хуьлу цигахь».

Цкъа Соьлжа-гIалахь, юха Пятигорск гIалахь, цхьанакхетарш дIахьо оцу наха. Шаьш вовшахкхетча деза де санна хуьлу шай, элира Балаева Викторияс.

Балаева Виктория:
«Сайпудис и цхьанакхеташ дIахьош хилар иза, доккха гIуллакх ду. Дукха нах цигахь вовшах карийна меттигаш хилла. Тхан цхьа барт хуьлу. Оха доттIагалла леладо вовшах. Кхечу нахаца а ю тхан уьйранаш, амма, соьлжгIалахойн санна вовшах кхета а кхеташ, дог а оьцуш яц уьш».

1990 шерашкахь, Нохчийчуьрчу оьрсийн къомах болчу нахана, тIехь, геноцид йина хилла бохуш долу хIума айдина дуьйцу цхьаболчу хаамийн гIирсашкахь. Иза бакъ ца до Балаева Викторияс. Iедал ледар хилча, муьлхачу пачхьалкхехь хиндерг а, хуьлуш дерг а дар иза, аьлла тидам бира цо.

Балаева Виктория: «Суна хетарехь, и хIума аьттехь а дацара. Леррина къам бахьан долуш беш Iаткъам бацара иза. И тIом буолабалле, Iедал ледар дара. Зуламхой гIоьвтира. МогIарера бара уьш. Цара къола а дора, нах а бойура.

И санна берш, муьлхачу гIаланашкахь а хуьлу, муьлхачу пачхьалкхехь а хуьлу. Iедал доцучу меттехь ишшта зуламхой гIовту. Ткъа, царах дукхачу хьолехь оьрсийшна зулам хиларха лаьцна аьлча, нохчашна доьхьала цара хIума дича, чIира а, жоьпалла хира дара. Ткъа, оьрсишна ... оьрсишна тIекхача атта дара».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG