ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь салтийн декъий лоьхучу тобанна терго ян еза, боху бакъонашларъярхочо


Нохчийчоь - ТIеман зуламаш, 2000

Нохчийчоь - ТIеман зуламаш, 2000

ТIемаш доьлхуш байина болчу оьрсийн салтийн декъий схьалохуш тоба ю Нохчийчохь. ХIинцале а 300 сов эскархо карийна шайна бохуш, дуьйцу цара. Амма и болх бан меттигерчу Iедалша шайна новкъарло йо аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векало Таранов Андрейс. Делахь а, цо дуьйцург шеконе дуьллу Нохчийчохь хуьлуш дерг шен тидамехь латтош волчу эксперто Измайлов Вячеслава. Ткъа бакъонашларъярхошна кхин цхьа агIо а го цу гIуллакхан.

И дIахьедар дина оцу тобанна коьртехь волчу Таранов Андрейс Оьрсийчоьнан Юккъараллийн хIусамехь ша вист хуьлуш. Цо бахарехь, Нохчийчурчу Iедалша леррина новкъарлонаш еш ю, салтийн декъий дIадоьхкинчуьра схьа ца дахийта. Ишшта, махкахь, цо бахарехь, мел лаххара а 110 меттиг ю салтий декъий дIадоьхкина йолу.

Таранов Андрейс билгал ца йоху муьлхачу тIегIан тIехь, я муьлхачу агIор хуьлуш ю и новкъарлонаш. Амма, хIокху 10 шарахь махкахь 600 сов цу тайпа меттиг гучу а яьккхина, цу чуьра 377 стеган дакъа хьенан ду къастина хилла бохуш, дийцина оцу эпсаро.

Шен агIора Таранов Андрейс дуьйцург шеконе дуьллу Нохчийчохь хьалхарчу тIамехь изза болх беш хиллачу, хIинца «Новая газетера» журналисто Измайлов Вячеслава. ЦIераш йохIуш ца хилча, иза башха тешам болу информаци яц аьлла, хета цунна.

Измайлов Вячеслав: «Новкъарлона ечу нехан фамилиш яьхна яцахь, суна-м ца хаа... Кхера оьшуш дац и цIераш яха. Со-м кхоьрур вацара. Суна мелхо а лууш дара гIуллакх дIадахийта. Новкъарлонаш ян лууш болу нах болуш бу. Амма ша Таранов Андрейс церан цIераш йохуш ца хилча, суна ца хаьа цуьнах муха эр дара. Иза цхьа а пайда бохьуш хаам бац».

Измайлов Вячеслава бахарехь, цунна а хууш, массийта меттиг ю Нохчийчохь салтийн декъий дIадоьхкина хила там болуш. Амма ян хIетахь а, я хIинца а оцу хIуманца бала болуш дац Iедалш. Цундела и хаттар айдарна цецваьлла ву иза.

Измайлов Вячеслав: «Суна хууш массийта меттиг ю, эскархойн декъий чохь латтош йолу. И хаттар чIогIа ладаме ду. Цундела дика ду Таранов Андрейн тоба и болх беш йолуш. Мила ву новкъарло еш? Республкан куьйгалхо, я, хIара ву аьлла, кхин стаг? Иза хаа дезаш ду.

Оцу салтийн гергарчарна хаа лууш ду, шай берех хилларг хIун ду. ХIара хан тIекхаччалц, я тIеман министралла а, я и комиссии а цхьа а болх беш яцара. Теша лаьа и болх цхьаммо беш хиларх».

Шина а тIамехь дукха меттигаш ю оьрсийн эскаран буьйралло я дийна болчеран а, я беллачеран а хам ца беш, уьш охькхиссина битина. Тахана а шортта тоьшаллаш ду, тIематасадалар хиллачу меттигашкара декъий, дIа а ца хьуш, дитина уьш жIалешка даийтина.

Оцу хенахь тIемалоша дуьйцура оьрсийн салтташца шаьш, барт а бой, цаьрга декъий дIадохуьйтура бохуш. Дукхачу хьелашкахь, и кхайкхам беш ерг нохчийн агIо хуьлуш яра. Хьожа а йохуш, тIом бан хала дара шайна бохуш, дийцара цара оцу хенахь.

Оьрсийн тIеман министралло могIарерчу салтийн хам беш ца хилар даре до бакъонашларъярхочо Байсаев Iусамас.

Байсаев Iусам: «Оьрсий башха шайна салтехь къахеташ ца хиллий вайна хууш ду. Хьалхарчу а, шолагIчу а тIемашкахь гина хIума ду иза. Суна дагадогIу СемаIашкахь, тIематасадалар хилчулл тIаьхьа, нах боьлхара комендатуре декъий дIахьо олий. Тхуна оьшуш дац уьш, алара цаьрга. Дукхах болу салтий, хьалхарчу тIамехь байинарш жIалеша биина дIабоьвлла, царах дисина хIума хир дац».

Тахана и хаттар айдар цхьа политикан бух болуш хIума хила мега аьлла, хета Байсаев Iусамина. Эскархойн карах беллачу маьрша бахархойн декъий, хьала а даьхна, дIадахьа гIорта мега аьлла, хета цунна уьш.

Байсаев Iусам: «И хIума хIинца айдаран цхьа кхерам бу аьлла хета суна. Шайна йоьвзуш меттигаш ю боху-кх цара, салтийн декъий долу. Царах цхьа а тешам бац. Цара шаьш байинчу нохчийн декъий, хьала а догIуш, къайла даха мегаш ду. Шаьш дина зуламаш къайладахархьам дан мега цара иза».

Дукха хан йоцуш, Соьлж-гIалан юккъерчу майданахь хIора шарахь санна гулбеллера Нохчийчохь байначеран наной. Цаьрца цхьаьнакхетначу республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана элира, шега у хьокъехь далуш хIума дац аьлла. Цул тIаьхьа айдина ду и хаттар, готтачу гонехь бен йоьвзуш йоцучу, салтийн декъий лоьхучу оцу тобано.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG