ТIекхочийла долу линкаш

Ун даржор беранна тIетатта атта ду...


Нохчийчоь --47 беранна ун кхетта Соьлж-ГIаларчу 17-чу школехь, 19Заз2013

Нохчийчоь --47 беранна ун кхетта Соьлж-ГIаларчу 17-чу школехь, 19Заз2013

Шатайпа башхалла ю кху дуьнентΙехь тΙемаш лаьттачу меттигашкахь кест-кеста ун даьржаш хилар, доккхачу декъанна берашлахь. Терго йича хаало, ОвхΙанистанехь а, Нохчийчохь а и сурт. ХΙинца Нохчийчохь, аьлча а, Соьлж-ГΙаларчу школехь иккхинчу уьно, хьалхо Шелковскин а, Невран а къошташкахь санна, эгийначу берех дукхахдерш зудабераш ду. Иза ларамза нисбелла бохам бац - къам ца дезачу ницкъо дина зулам ду, аьлла хета бахархоша.




Бен-бечу хьостанаша билгалдаккхарца, цхьана евзаш йоцчу хьожа-газах дIовш а даьлла, дарбанан цIийне кхачийна шовзткъа ворхI дешархо а, ши хьехархо а. И меттиг нисъелла кху беттан 17-чу дийнахь делкъал тIаьхьа. Вон хилла, цамогуш дешархой лазарне кхачийнарг билггал хIун ду ала хIуьттуш бац официалан тIегIанахь а.

Ткъа могIарерчу наха тайп-тайпана дуьйцу хиллачух. 17-чу школана 30-40 гIулч юххехь вуй те аьлла вехаш ву 55 шо долу Бавди. Цо ишта дуьйцу шена цунах хуург.

Бавди: «И хIума хилар а, бераш дарбанан цIийне кхачор а бакъду. Бахьана хIун ду хууш дац. Цхьа шиша-флакон карийна бах цигахь,иза къайлахчу сервисо дIадаьхьина. Суна хууш, ши йоI реанимаци чохь яра селхана сарахь а. Тхан йоьIан йоI а яра цу школехь. Делахь а дегIана тоьлла хилар дара а хаац, цунна хIумма а ца хилла».

Бавдис дийцарехь, хьехархойн ара а баьхна, массо ков-керташкахула чекхбовлийтина, дай-наношка куьйгаш яздойтуш, шайна гина а, хууш а хIумма а дац, бохуш. Уьш, куьйгаш, стенна яздойтуш ду дукхахболчарна хуучух тера а дац, цо дийцарехь.

Бавди: «Цхьа хьехархо яра еъна. Цо кIентан-дешархо цIарх куьг яздайтира, школехь хиллачу хууш а, я гина а хIумма а дац аьлла. Уьш стена яздойтура-м ца хаьа, ша берашца кхетош-кхиоран болх бина аьлла ца яздайтинехь»

Старопромысел кIоштан17-чу школера цIеххьана цамогуш хилла дешархой лоьрашна тIекхачорна бехке бурч тоьхна аэрозоль олу газ ю аьлла, цхьа шеко Iораяьккхина Iедалхоша. Масала, ишта дIахьедар дина берийн а, кхиазхойн а бакъонаш ларьярехь мехкан прокуроран гIоьнча йолчу Дадаева Радимас.

Лоьраша дийцарехь дешархойн могушаллина кхерам болуш хIинца хIумма а дац. «Оха школан кертахь а, чохь а хIаваъ муха ду хьовсуш, зераш дина. Зуламе цхьа хIума гучу ца даьлла. ХIаваъ цIена ду. Кхераме цхьа хIума дац. Оршот дийнахь школо шен болх дIаболийна». Ишта хьажам хааме баьккхина мехкан санитаран урхаллин декъан хьаькам волчу Усманов Мусас.

Массара а цхьатерра кхетош дац 17-чу ишколехь хилларг. Масала, цхьаболучара диттане а аьттехьа дуьтуш хIума дац бурчан аэрозоль оццул адам дарбанан цIийне кхачош молха ду бохург. Цу кепара шен къаьстина хьажам болучех цIарца вуьйцийла доцу Соьлжа-гIалара лор.

ЦIе цаяьккхина лор: «Цхьана ханна бен адамна новкъарло ца йо цо. БIаьргаш а Iийжош, хьоршамаш детташший... Цу хIумано охьаэгийна боху оццул адам? ХIан-хIан . Хабар ду хьуна. Газ-м яра иза, делахь а оццул стаг охьавожор ма вац. Суна схьахетарехь, бахьана и дац. Хуьлийла а дац».

ХIинца дуьххьара нислуш дац Нохчийчохь школашкара цхьаьнаметта дуккха а бераш –дешархой, цIеххьана цхьа лазар коьртах а долий, лазарне кхачор. Ишта меттигаш нисъеллера 2005-2006-чу а шерашкахь Шелковск-кIоштан школашкахь а. ХIетахь хIоттийна официалан диагноз а яра могIарера стаг кхетар воцуш, "Iилманан" дахкарлахь хьулйича санна, чолхе: «псевдоастматически синдром психогенной природы».

Цу хенахь, 7-8 шо хьалха а, Маршо Радионо Шелковск-кIоштан бахархошца къамелаш а деш, цу хьокъехь дийцина ма-хиллара, тергаллуш дерг даладелла сурт дацара: бIе сов стаг вара евзаш йоцчу цамгаро лаьцнарг - Шелковск-юьртара 26 дешархо, Старогладевскера 27, Старощедринскера 20, Коби-эвлара 2, ишта дIа кхин а. Массара а леткъам бийраш цхьа билгалонаш яра – корта лазар, садукъдалар, ирахь ца латталуш, когаш лазар, бахьана а доцуш белхарш, кхерар.

Говзанчаша даре а деш, 7-8 бархI шо хьалха Шелковск-кIоштан цхьамогIа ярташкахь меттахдаьлларг хIун ун дара хиъна а дац. Цу декъехь талламаш бан а, бахьана хIара а, хIара а хиллера аьлла, юкъараллина дIахаийта а саготта ца хьийзина Iедал.

ТIамо тIеIаткъам бар бахьанехь гучудевлла хила а тарло Шелковск-кIоштехь и тамаше лазарш. Стенна аьлча, генахь хиларна, тIамна нацкъара лаьтташ, цо кIезиг тIеIаткъам биначех цхьаъ ю ДегIастанан дозанца, Теркан аьрро бердаца Iуьллу и кIошт. Бахархоша тидарехь, Оьрсийчоьнан тIеман министаралло кху Нохчийчохь зийна массо тайпа дIовш.
XS
SM
MD
LG