ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь кест-кеста нисло, деношкахь Теркйистерчу НогΙамирзин-Юьртахь санна, Ιедало тΙеΙаткъам бинчу стага ша-шен дахар дΙахадош. Юй стеган шена тΙе куьг дахьа бакъо? Мел къехьа ду иза дар? Ιедалша оцу тΙе кхачоро бехказа воккхий те шен лаамца велларг? Иштта дара Маршо Радионо ладогΙархошна хьалха кху кΙиранна хΙоттийна хаттар.




Дахначу кΙирандийнахь, шел тΙаьхьа доьзалехь зуда а, ши бер а дуьсуш, ФСБ-но ша Шема ваха ойла йолуш хилла аьлла, вигина хьийзийча, ткъа мехкан телевизионо оцу хьокъехь гезваха волийча, ирхъоллавелла 22 шо долу Ватаев Ιайнди.

Цо динчун мах иштта хадош делла жоьпаш тайп-тайпана ду. Делахь а, цхьа а хΙума бахьане дуьллийла дац Дала делла дахар ша адамо дΙахадор бакъдеш, аьлла хетарш алсамбевлла.

Бакъо юй бусулбачун ша-шен вен? Боху хаттар кхоже а диллира Маршо Радионо шен сайта тΙехь. Кхаьжнаш иштта бекъабелла.

Цхьанне а бакъо яц ша-шен вен боху 76 процент радиоладогΙархоша.

Бакъо ю, ишттачу хьолехь веллачун къа Ιдалхойх хьаьрча, аьлла хета 17 процентна.

Нийса муьлха жоп хуьлийла ду ца хаьа 7 процент ладогΙархошна.


Кхеташ ду, сингаттаме а, халачех а хΙума ду стаг шен лаамца валар-висар листа.

Тхан сайте цхьамма ма-яздара, «бусулба стеган вала бакъо муххале а яц. Дуьненчу вала бакъо цуьнан яц, ваха бакъо яц, деша бакъо яц, ирс долуш хила бакъо яц. Цхьа а хΙума цунна мегаш ца хилча, ша-шен вен бакъо муха хуьлу? ХΙара дуьне даа шаьш бусулба наха вуьтур вац важа бусулба стаг».

Оцу шатайпанарчу бегашна бухахь а ду тоъал бакъдерг. Нохчийчохь бусулбаниг хьийзориг дукха хьолахь нисло Кадыровна муьтIахь волу кхин бусулба. Хила-м ца догΙура иза иштта...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG