ТIекхочийла долу линкаш

Шемара хьалхара вайнах кхаьчна Нохчийчу


Шема/Урдан-пачхьалкх -- Шемара мухIажираш а, меттигера бахархой а, кху мархийн баттахь машар боьхуш, ламаз деш бу Урдан коьртачу гIалахь Амманехь, Шеман векалаллина хьалха, 26Товб2012

Шема/Урдан-пачхьалкх -- Шемара мухIажираш а, меттигера бахархой а, кху мархийн баттахь машар боьхуш, ламаз деш бу Урдан коьртачу гIалахь Амманехь, Шеман векалаллина хьалха, 26Товб2012

Шема-пачхьалхара тIемаш бахьана долуш махках бевлла дуьххьарлера нохчийн доьзалш гучубоьвлла Нохчийчохь. Меттигерчу Iедалша хIинца а уьш цIаберзоран программа тIеэцна яцахь а, шай таронца а, шайн гергарчу нахана тIетовжуш бу уьш. Шемара кху деношкахь Нохчийчу кхаьчначех ву Вайнах Мохьмад.


Вайнах Мохьмад Димашкъ-гIалара Нохчийчу веана масех де ду. Соьлж-гIалахь цуьнан жимах волу ваш веха дукха хан ю. Цундела цунна атта хир ду кхузахь дахарах вола.

Шемара и нохчи Нохчийчу оьху масех шо ду. Ша вогIучу хенахь шен доьзал а балош вогIуш хилла иза хьалха. Амма хIинца, Шемахь долу хьал бахьана долуш баьхкина уьш. Я кхечу дешнашца аьлча, тIамах боьвда баьхкина.

Ша а, шен дай а Iийначу махкахь хьал муха доьрзур ду цунна хууш дац. Цундела Мохьмада емал ца бо президентан Асада Башаран агIончаш а, я цунна дуьхьал лаьтташ болу гIаттамхой а. Димашкъехь муха дара хьал, хьо Нохчийчу вогIучу хенахь аьлла, шега деллачу хаттарна ишшта жоп делира Вайнах Мохьмада.

Вайнах Мохьмад: «ТIамехь хала ду. Эшам хуьлу. ДIаса лела хала хуьлу. ПаргIато ца йохьу тIамо. Со Шемара араволучу хенахь Димашкъ-гIалина йистехь бара тIом. Цхьа кIира далале, иза гIала чу а кхаьчнера. ГIалин юккъехь хIинца сецна боху. Амма йистошкахь боьдуш бу».

Маршо радио: «Асадана дуьхьал тIом бечаьрца цхьаьна нохчийн тIемалой а бу бохуш, дийца долийнера. Иза бакъ ду аьлла, хетий хьуна?

Вайнах Мохьмад: «Суна хезна хIума дац иза. Иза бакъ далахь тамаш бу».

Вайнах Мохьмаданна, гарехь, лууш дац, Шемахь лаьттачу тIеман мах хадо. Цундела шега рогIера деллачу хаттарна, ойла а йина, делира цо жоп.

Вайнах Мохьмад: «ВаллахI ца хаа суна-м. Дикачу агIора иза доьрзур дац те, во хIума ю тIом. ДоIанаш до-кх оха иза чекхабалийта бохуш. Мискачу нахана хуьлу берриг а бала».

Нохчийчу веача, Шеман пачхьалкхара Мохьмадана моьттина хира дара, кхузахь шена проблемаш хир яц аьлла. Амма тахана махкахь уггаре а чолхе лоручу баланна т1еIоттавелла иза а, цуьнан ваша а, ткъа уьш санна Iарбийн пачхьалкхашкара Нохчийчу баьхкина болу кхин а иттех доьзал а. Цара хьалха Соьлжа-гIалахь эцна долчу цIеношна чохь, уьш шайн дола а даьхна, бехаш кхи нах бу.

Вайнах Мохьмад: «23 шо хьалха Соьлж-гIалахь керт эцнера оха. Тхайн дешича цига охьахаийнера оха. Цо ша веле хьалха цу х1усам чу цхьа нах ховшийнера. ХIинца цара шаьш долахой ду аьлла, кехаташ кечдина, цу чуьра ара ца бовлу уьш. И гIуллакх цхьана агIор доьрзург хиларе сатуьйсу аса».

ГIебартойн-Балкхархойн махка Шеман пачхьалкхара чергазойн иттанаш доьзалш цIабирзина. Меттигерчу Iедалша уьш шайн йолчу таронца тIеэцна. ХIинца, интернетехь орца дала аьлла, кхайкхам бина Шемахь бехачу хIирийша.

ХIирийн махкахь бехачу могIарерчу наха, кхин дан хIума дацахь, ахчанца гIj дйира ду бохуш, царна синтем бина. Iедалш а оцу хьокъехь болх беш ду бохуш хаамаш бу. Нохчийн Iедалшка кехат яздина Шемарчу иттанаш доьзалша, шаьш цIа доьрзура дара аьлла. Цкъачунна жоп делла дац царна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG