ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпан цIе ларйеш бу Нохчийчохь


 Сочера Олимпан ловзарийн цIе.
Сочера Олимпан ловзарийн цIе.

Кху беттан 28 –чу дийнахь кеманца Соьлжа гIала кхачош ю Сочехь Олимпан къийсадаларш дIадуьйладаларан теш хIуттуш, хьалакхарста езаш йолу цIе. ДегIаста махкара цIеран хаьштиг нохчийн коьртачу шахьара схьа маса даьлча кхочур ю хууш дац, цунах, цхьаболчара дийцарехь, Iедалдайша къайле йинчух тера ду.

Билггал хууш дерг цхьаъ ду – цу дийнахь эзарнаш Iедалан балхахь болу бахархой дIаузуш бу Соьлжа гIала Олимпидин цIе тIеэца, тIараш детташ, зевне маьхьарий хьоькхуш, кегийра байракхаш, баннерш лестош, цунах шайн даккхийдер дуьненна дIагайта.

ГIала дIагулделлачу адаман къоьлла ца хилийта ши-кхо кIира хьалха дуьйна а хууш ду мича, муьлхачу Iедалан хьукхмат-урхаллера, бен-бечу доьшийлашкара мел хьовсархой бало беза, хаьштиг дIахьучу некъан бохала «шайн лаамехь» Соьлж-ГIалин урамаш хьаладуза.

Цхьаболчара махкана юьхькIаме, доккха хIума лору Олимпан хаьштиг Соьлжа гIала кхачор а, и ган , цунна теш эзарнаш нохчийн-хьовсархой дIахIуьттур хилар а. Иза дахарехь цкъа бен хила тарлуш боцу, вуно беза, мехала хилам лоручех ву Iедалан балхахь, юккъерчу тIегIан хьаькам волу Щелковск кIоштера Хьамид.

Хьамид: «Тхан махка и кхачар деза хIума ду. Кхузахь машар ца хилча тхойга кхочуьйтур а яцара. Кхузахь низам хиларан а,адам хийцадаларан а тоьшалла ду-кх иза. Кхузаш чекх а яьлла, 40 эзар чакхарма некъ тоьхна йогIуш ю –кх иза .Билггал маса даьлча кхочу хууш дац. Газель машенаш тIехь адам дIадуьгур ду-кх гIала. Ду дер-кх иза-м махкана а юьхькIаме хIума.»

Вайнехан юкъараллехь, цхьацца даржашкахь болчара къаьсттина, дуьйцуш ду Олимпиадан цIе, цхьа зил-доза тоьхний бен Нохчийчу кхачийта дагахь а ца хилла Москохара Iедал бохуш. Мехкан куьйгалхочо кхечу кIошташкахула санна чекхйоккхуш яцахь кхуза ян а ца оьшу и цIе аьлла дIахьедар динчул тIаьхьий бен сацам хилла бац бах цу хьокъехь. Цунах а, 50 белхо Соьлжа-гIала кхачо шайна тIедилларх а дуьйцуш ю Новр кIоштера цхьана ишколан хьаькам Лайлаъ.

Лайлаъ: «Тхан ишколера хьалха тхойга аьлларг 50 стаг валаве аьллера гIала. ХIинца-м и терахь кхин а лакхадаьллачух тера ду. Хуур ду-кх. Некъа бохала дIахIитто дуьгуш ду-кх. Мел бакъду-м ца хаьа суна, кхераме ду аьлла тхуна,Нохчийчу йоьуьйтуш а ца хилла бах Олимпиадин цIе.

Рамзан карзахваьлча, Соьлжа-гIала стадиона а кхачийна,циггара дIахьур ю аьлла хилла бах. Амма кхечу меттигашка мА-ярра йохьуш ца хилча кхуза ян а ца оьшу аьлла Рамзан дуьхьал ваьлча яийтина боху цIе».

МогIарерчу бахархойх аьлчи, царалахь дукха бац кху шоьлах, меллалц латта беза а ца хууш, Соьлжа гIалин урамаш лардан дIахIитта хьаьгнарш. Иштачех ю Теркйист кIоштан дарбанан цIийнехь нуй-горгам хьокхуш йолу белхо ПетIимат.

ПIетимат: «Цига баха резаберш а,боцурш а бу. Со-м гIур яц. Ас сайга аьллачуьнга дIа-м аьлла,гIур яц аьлла.»

Соьлжа гIала сила-а долу адам дIаозар цунна гергахь, хIоккхул халкъ деъна-кх шен лаамехь Олимпан цIе ган ала лело хIилланаш, кепаш ю.

ПIетимат: «ДIахIитто хIоккхул адам деънера и цIе ган ала дуьгуш тхо. Цигахь маццалц латта дезар ду хууш дац. ЦIарна лело хIумнаш ду-кх»

Болх-некъ цахиларо, хьашт-дезарша, эшамаша охьатаIIийна латточу нехан дог а, я лаам а бац цу кепарчу самукъанечу, буьзинчу Iедалдайша шайна кест-кеста хIитточу синкъерамийн декъашхой а хилла латта. Ишта ойла-хьажам берш кIезиг бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG