ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан сацам кхочуш беш кхо стаг ирхъоьллина Японехь


Кхелан сацам кхочуш беш кхо стаг ирхъоьллина Японехь Еарин дийнахь. И нах чубоьхкина бара адамаш дайарна. Цу тайпаниг дуьххьара хилла цу пачхьалкхехь, стохка ГIуран-баттахь, Абэ Синдзо коьртехь а волуш, Либерал-Демократин парти Iедале еанчул тIаьхьа.

Дуьненаюкъарчу Amnesty International олучу организацино емал дина и кхелаш кхочуш яр. Япони ша цхьаъ ю экономика кхиина йолчу пачхьалкхашна юкъахь, хIинца а стаг вен кхел еш йолу. Карарчу хенахь вен кхел йина ву цигахь 130 стаг.
XS
SM
MD
LG