ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчурча суьдхойн "озабезам"


Нохчаша бина ца Iаш дукха а кхечу къаьмнех болчу бакъонашларярхоша а, могIарерчу бахархоша а тидам бина вайнахана Москох а, кхечу Оьрсийчурча регионашкарчу а суьдашкахь яккхийн хенаш етташ хилар. Ткъа царал хьалха ца бевллехь тIаьхьа буьсуш бац цу хаттарехь Нохчийчура суьдхой а. Цара къаьсттина къинхетам боцуш хенаш етта тIамах хьакхабеллачу нахана. Кхин дIа дуьйцу Султанов Ахьмада.

Оьрсийчоьнан кхела хьалха кхаьчначу нохчочуьнна, хеза неха санна, хала хуьлу, шен бакъо йица а, цуьнан бух тIехь, шена тоха мегаш йолу хан лахъейта а. Кхелхой, кийрахь дог доцу, машенаш санна болх беш бу, цу тIехь. 5 а, 10 а, 12 а шераш ду, муьлха а нохчочуьнна тухуш. Кхечу къомах болчаьрца къинхетам балахь а, вайнахах иза бан йиша яц церан.

Нохчийн кхелхой а бац, оьрсийн шай белхан накъостех башхалла йолуш. Кхела кIела баханчеран адвокаташ, бохург тергоне а ца оьцу. ТIекхойкхучу прокурораш аьлла йоллу хан туху дукхачу хьолехь. Иха къаьстина, тIемалойн боламан декъашхойх хьакхалучу гIуллакхащца хуьлу. ХIокху деношкахь, рогIера кхел кхайкхина махкарчу кхело тIемалой бу бохучу виъ стагана.

36 шо ду, царна массарна а тоьхна, набахтехь даккха дезаш. Талламо къастийнера, цу виъ жима стага, шозза герз а детташ, низамхошна тIелатарш дина хилар а, цара низамехь доцуш герз лелош хилар а.

Вийна стаг а вац цара. «Нохчийчоьнан бакъонашларъярхойн центр» олучу цхьанатохараллийн куьйгалхочо Эжиев Минкаила, Маршо радиога дийцарехь, цу тайпа хенаш, нохчийн кхелаш етташ хиларна, уьш дIабоьлла.

Эжиев Минкаил: «Нохчийчохь кхелаш болх бан дIаюьйлаеллачу хенахь, къаьстина террозим ялахьа, царна гIо дар далахь а, гегрз лелор а , иза латтор далахь а, яьккхитй хенаш етташ, кегий нах чубоьхкина бу вай. Хан тухучу хенахь, 4 тIера I2 шаре кхаьччалца хан ма ей оцу зуламашна.

Оцу юккъахь а алсам хан тухучу меттигаш билгалйоьвла тхуна. Цул совнахъа, Нохчийчохь кхелаш болх бан дIаюьйлаяьлле а , луларчу мехкашкахь, къаьстина нохчашна яьккхий зенаш тухуш меттигаш ю. 15, 18, 20 шераш, белла дIабовлалц, хенаш а етташ, кегий нах бу чубоьхкина».

Оьрсийчохь, башхалла яц, кхелхо валахь а, ян могIарреа стаг валахь а, царна коьрта чу диллина ду, кавказхой а, къастина нохчий а, зуламхой бу аьлла. И хIума хийцадаллалца, бехк берш а боцурш а, йоккха хан йогIурш а ца йогIурш а, чу бухкучу машено болх бийра бу, саца а ца соцуш, бохуш кхин дIа а дийцира Эжиев Минкаила.

Эжиев Минкаил: «Бух а болуш, нийсонна тIехь хила езаш ю, кхайкхош йолу хан. Хрежаме хиал мегар дац, кавказхой а , славянийн а къаьбмнаш бохуш. Массарна а цхьатерра хила дезаш ду. Цундела, и харжам хилар дIадаккха дехаш ду. Нохчашна 1990 шерашкахь, щуламхой бу аьлла тоьхна долу мугIар дуй, оьрсийн кхетамчохь хIинца а дисина ду.

Иза дIадаланза ду церан. Оцу тIехь къаьстина болх бан беза. Iедалша а. юккъараллийн цхьанатохаралша тидам е лаца деза и хIума. Низам массарана а лара деза».

Оьрсийчохь а, Нохчийчохь яьккхий хенаш тоьхна а ца Iаш, цу чохь а, Iаткъам ловш бу нохчий, бохуш дуьйцу набахтера дахар, чуьранна доьвзучу наха. ХIара стаг, шен цIе яьккха лууш вац. 8 шо ах шо даьккхина цо оьрсийчоьнан набахтехь. Ахча а делла адвокатан, 2 шо тIера дIадаккхина цунна. Амма, и аьтто боцуш а, хилча а иза ца луш, дуккха а нах бу чохь бахкаш, аьлла тидам бира цу стага.

Набахтехь чохь ваьллинарг: «Дуьненна а хууш ма ду, нохчий безаш ца хилар. Уггаре а яьккхий хенаш тухуш юьйла а. Адамалла а , стеган кхолламан Iаткъам бина хьелаш а, тидаме ца оьцу. Иза доцуш ду. Нохчашна а, кхечарна а луш йолу хенаш къаьсташ хуьлу-кх хьуна. Суна тIера дIадаькхкина долу шиш ой ах шой чохь даккха дезара дара, суна Москохара накъосташа адвокат а лаьцна, цунна 200 эзар сом м делла хIума ца динехьарий».

Нохчийн бакъонаш, Оьрсийчохь, къаьстина низамхоша йохош хиларна тидам бо республикерачу омбудсмена Нухажиев Нурдис а. Оцу хьокъехь цо кехат дахьийтина Оьрсийчоьнан президентехь, йолчу кхиамечу юккъераллехула а, адамийн бакъонашкахула а кхеташонан куьйгалхочуьнга. Нохчаша, низамхошкара ловчу Iаткъаман тоьшалш а далийна цо, оцу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG