ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров: Нохчаша кхин операцеш йийр яц ГIалгIайчохь


ГIалгIайн территори тIехь Нохчийчура низамашлардон органийн белхахой, ГIалгIайчоьнан Iедалшца дага а ца бовлуш, мероприяти ян гIортахь иза йойтур яц шаьш аьлла, дIахьедар дина гIалгIайн мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Сихха кхайкхинчу Кхерамазаллин кхеташонан декъашхой гулбаларехь цо билгалдаьккхира муьлхха а декхар кхочуш дан оьшуш болу ницкъ болуш бу шайн аьлла.

Хьалхо хаам бинера, АьрштIахь вовшахлетта Нохчийчура а, ГIалгIайчура а полицин белхахой аьлла. Ши стаг дарбан цийне охьавиллина ву. ГIалгIайчоьнан полицин векло дийцарехь, Еарин дийнахь Нохчийчура ницкъаллин структурийн белхахой бахана хилла Аьршта, тIемалой дIалуьйцу операци ян дохку шаьш аьлла.

Цул Iаьхьа цига кхаьчна гIалгIайн полицин белхахой. Дар-дацар а хилла, уьш тийсабелла вовшашца. Нохчийчурча Iедалша и хилам цхьа а комментари а ца еш битина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG