ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сухов: ТIемалоша Iаткъам бина ЦарнаевгIарна


Оьрсийчоь -- Сухов Иван, Маршо Радион Москох студехь, 23Охан2008
Оьрсийчоь -- Сухов Иван, Маршо Радион Москох студехь, 23Охан2008

Бостонехь лелхийтарш дарна бехке лоруш болчу ЦарнаевгIер Тамерлана а, Джохара а Къилбаседа Кавказерчу исламан гIаттамхойн а вовшашца уьйраш хилла бохург къастош бу талламхой. Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккха лоруш йолу тоба Имарат Кавказ терроран тоба лоруш ю Вашингтоно.

Цу тобано дIахьедар дина, Бостонехь хиллачуьнца шаьш доьзна дац аьлла. Амма цу регионехь хуьлург дика девзуш волчу журналисто Сухов Ивана дийцарехь, мухха а далахь а бусулба тIемалоша тIеIаткъам бина хила мега терроран тIелатар дина аьлла, шеко йолуш лаьцна волчу Царнаев Джохарна а, цуьнан вешина а.

Маршо Радио: «Имарат Кавказ уггаре а евзуш тоба ю Къилбаседа Кавказехь. Маса цу кепара тоба ю цу регионехь? Вовшашца уьйраш латта йой цара»?

Сухов Иван: «Иттаннаш ю цу кепара тобанаш. Теори схьаэцча, уьш массо а цхьана, Имарат Кавказ брендана къеллахь ю. Амма уьш цуьнан дакъа ду бохург дац иза. Уьш тоаъал автономин тобанаш ю. Цхьа структура яц церан, хьалха нохчийн сепаратистийн тобанийн ма хиллара. Схьагарехь, и табанаш а, шаьш лела нах а вовшахтухург идея ю».

Маршо Радио: «Вежарша ЦарнаевгIара социалан машанашкахь дуккха а пайда эцна Къилбаседа Кавказерчу гIаттамхойн интернет сайтех. Хьуна зIе ю аьлла хетий Бостонехь динчу лелхийтарийн а, радикалан ойланаш йолчу цIахь болчу бусулба нехан а. .

Сухов Иван: «Суна уьш шаьш лелаш хилла аьлла хета, къилбаседа Кавказерчу къайлахчу боламо карзах баьхна хиллехь а. Со шеко йолуш ву уьш цхьана Къилбаседа Кавказерчу тIеман куьйгалхочуьнца баккъалла а уьйраш йолуш хилла бохучух. Суна хетарехь, уьш шайн дагахь агIончаш хилла Къилбаседа Кавказерчу гIаттамхойн, интернетехь цара дуьйцучуьнга а, лелочуьнга а хьежна. Цхьана дийнахь, хIинца цхьаъ дан деза хан тIекхаьчна аьалла, сацам бина цара».

Маршо Радио: «Умаров Доккас ша Имарат Кавказ кхоьллина аьлла 2007-чу шарахь дIахьедар деш, шаьш тIелетарш дийра ду кхечу пачхьалкхашна, ша аьлча Британина а, Цхьаьнатоьхначу Штаташана а аьлла кхерамаш тийсира. Умаров юхаваьлла шен кхерамех? Бостонехь тIелатар а дина мича Iалашоне кхачар тIемалой, нагахь цара иза дина хилча»?

Сухов Иван: «Цу хенахь дуьйна Оьрсийчоьнах Нохчийчоь дIакъастор Iалашонца тIом беш болу Къилбаседа Кавказера сепаратистийн болам хийцабелира, динан болам хиалар Iалашонца. Умаровс Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Британи а хьехайора джихадистийн глобалан боламан цхьа дакъа ду ша ала гIерташ. Иза дукхачара тидам а ца беш дитира, Малхбузе цунах кхето гIерташ Закаев Ахьмад воллушехь».

Маршо Радио:«Аль-Кхайдех дог лозуш ву Умаров. Идеологин йоцург цхьа а уьйраш уьй Къилбаседа Кавказерчу тIемалошна а, Аль-Кхайдийна а юкъахь»?

Сухов Иван: «Гергарчу Малхбалеца а, глобалан джихадаца а уьйраш йолуш ю. И уьйраш гойтуш болу цхьамоггIа къорге талламаш бара журналисташа 2000-чу шерийн юьххехь бина. Глобалан джихад долуш ду. Ткъа цуьнан Къилбаседа Кавказца уьйраш хилар а бакъду. Амма Къилбаседа Кавказера хьал туьдуш цунна дукха боккха тидам тIебахийта оьшуш дац. Цигарчу проблеман орамаш цIахь ду".
XS
SM
MD
LG