ТIекхочийла долу линкаш

Кавказера оьшуш боцу хьеший


Европа - Шенгенан виза, 20Чил2012

Европа - Шенгенан виза, 20Чил2012

Москох вехачу Дагестанера орамаш долчу стага латкъам бина Латвин консульство шена виза ца елла аьлла. Цунна хетарехь цуьнан бахьана ду иза къомах суьйли хилар.

Латвин векалалло бакъ дац бохуш чIагIдо, шаьш Кавказера схьабевллачу нахаца гамо лелайо бохург. Цу хеннахь туристийн компанеш бакъдо, Шенгенан зонина юкъайогIу пачхьалкхаш Кавказера республикашка шеко йолуш хьожуш хилар.

Дагестанехь вина Ахмедов Хабибулла масийтта шо ду Москох веха. Кху деношкахь Латве ваха дагахь виза ехна хиллера цо Москох йолчу цу пачхьалкхан консульстве.

Дукха хан ялале, зIене а бевлла, консульствон белхахоша дагабовла кхайкхина иза. Ахмедовга хаьттина, Дагестанехь бехаш гергара нах буй хьан аьлла.
Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, цунна жоп деана шайн махка ван виза ца ло шаьш аьлла.

Цунах лаьцна яздо Кавказский Узел-агенталло. ХIинца шен бакъонаш эшийна, ша суьйли хилар бахьана долуш аьлла, латкъам бан дагахь ву Ахмедов. Цунна хетарехь, виза ца яларан бух кехаташ нийса ца хилар бац, иза Кавказера схьаваьлла хилар ду.

Ахмедов а, я кхин волу а Къилбаседа Кавказера схьаваьлла волу стаг цецвала оьшуш хIума дац кхузахь. Дукха хенахь дуьйна хууш ду, цигарчу бахархошна аттачу балхахь Шенгенан виза луш ца хилар. Цуьнан бахьана кхеташ ду. Масала, нохчех лаьцна аьлча, махкахь боьдучу тIамах къаьхкина эзарнаш нах бара Малхбузера Европерчу пачхьалкхашка дIабаха сатесна.

Кхиберш ара бовлара, цхьа а виза а йоцуш. Уьш берш а ца кхечира шайн Iалашоне. Цхьаберш дозанехь юхаберзийра, кхиберш Шенгенан бертана юкъайогIучу пачхьалкхийн доза хадийначул тIаьхьа юхахьовсийра, ткъа кхечарна Iожалла а карийра Евробертан дозанехь.

Иштта дукха адам Iадийна дара Полшин лаьмнашкахь хилла цхьа къаьхьа бохам бахьана долуш. Къайлах Украинин а, Полшин а доза хадош шелонна а, мацалла а кхо бер деллера цигарчу лаьмнашкахь. Полшерчу нохчийн диаспоран векалша дийцарехь, 4 бер а эцна, Полше йолу зуда, Iеха а йина, лаьмнашкахь охьа а тесна, бевдда хиллера, цаьргара ахча а эцна, уьш дIабигар тIелаьцна болчу, зуламхой.

Амма кхин нах санна ур-аттала садаIа баха а аьтто боцуш бу нохчий Малхбузерчу пачхьалкхашка. Иштта ши-кхо шо хьалха шен вашас хьошалгIа кхайкхинера ша бохуш, дуьйцу 60 долчу Алиев Рамзана. Цунах хилларг иштта дуьйцу цо.

Алиев Рамзан: «ХьошалгIа кхойкхуш кехат а дара, цара боху кехаташ кечдина а дара. ДIадиттина-схьадиттина, ца ло аьлла, юхадахкийтира. ХIу ду, мила ду аьлча, ши билгало ю йина. Цхьаъ- хууш дац хIунда воьдуш ву аьлла яра. Важа- шайн махкара дIагIур ву-вац ца хаа аьлла, дара».

Кхин а цхьа масала. Кизил-юртара Саидов ТIахIира дуьйца ша ПрахIе садаIа ваха дагахь вара бохуш.

Саидов ТIахIир: «Кху шара ПрахIе ваха дагахь вара со. Дуккха а туристийн фирманашка телефонаш йиттира аса. Цара массара а алара соьга, шун регионаца болх бан ца лаьа шайна олий. Телефон тоьхча, жоп луш болчу оператораш олу, оха-м, хаза а хеташ, йохур яра шуна визанаш, амма консульствош лууш яц шоьца юкъаметтигаш лело олий».

Кхеташ ду хIоразза а цу кепара виза яккха гIерташ, Москох а вахана, лелаш волчу стага вуно яккхийн харжаш еш хилар.

Латвин консульствохь Дагестанехь винчу Ахмедовна виза ца яла далийна долу бахьанаш а ду Рамазане аьлларш санна: хIунда воьду а ца хаа, шайн махкара дIагIура ву-вац а ца хаа.

Иза дуьйцуш долу бахьана а бен дац. Бакъдолу бахьана дIаяздина ду Латвин арахьарчу гIуллакхийн интернетан сайт тIехь. Бакъо луш алсам талламаш бийра бу шаьш аьлла, ду цу тIехь ОвхIанистанера а, Иракъера а, Палестинера а, Сомалира а, Оьрсийчура а виза йоьхуш болчу нахана. Оьрсийчоь хьахош билгалдаьккхина ду буьйцуш берш Нохчийчура а, Дагестанера а, ГIалгIайчура а бахархой хилар.

Къилбаседа Кавказерчу бахархошна визанаш аттачу декъана луш ца хилар бахьана долуш цаьргара кехаташ схьаэца реза ца хуьлу туризман компанеш. Царах ю Оьрсийчохь евзуш йолу Visa Today олуш йолу компани.

Цо шен интернетехь йолчу агIон тIехь хаам бо, цхьа а бахьана а доцуш, визанаш луш ца хиларна, кехаташ схьа ца оьцу шаьш Къилбаседа Кавказерчу республикашкара а, Гуьржийчура а бахархошкара аьлла.
XS
SM
MD
LG