ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даиман а маршо лоьхучу нахаца хилла нохчийн къонахий


Франци -- Машаран маршехь дакъалоцуш бу нохчий, 11ГIад2014
Франци -- Машаран маршехь дакъалоцуш бу нохчий, 11ГIад2014

Украинин а Оьрсийчоьнан а тассадаларехь шина а агIор дакъалоцуш нохчийн къомах болу нах бу. Амма берриш а бац царех нохчийн къоман агIо юхьаралаьцна цига бахана.

Вевзаш волу нохчийн тIеманийн турпалхо а, хьалхара а, шозлагIа а тIемаш болчу хенахь йоккхачу тIемалойн тобан баьчча а хилла волчу Мунаев Iисас, Нохчийн Ичкери Республикан инарла а, Соьлжа-гIалин комендант а хилла волчу, масех кIира хьалха журналисташка интервью елира, ша а, шен накъостий а, тIаьхьарчу иттех шарахь Европехь бехаш хилла болу, Украинехь муха нисбелла, шаьш араяьхнарш хIун Iалашонаш ю бохучух лаьцна.

Мунаев Iиса: „Со сай декхар кхочуш деш ву. Декхарш дIатакха деза олуш ду-кх. Тхуна хала долчу хенахь, нохчийн къоманна уггаре а хала мур тIехIоьттинчу хенахь, Украинин тоьллачух кIентий сан къомана а, сан махкана а орцах бевлира. ХIинца оха сацам бина, цу гIоьнна дуьхьал гIо дан хан тIекхаьчна аьлла“.

И къамел хаамийн гIирсаша даржийначул тIаьхьа гучуделира, Нохчийчурчу Оьрсийчоьнна муьтIахьчу Iедалийн векалшна и хIума вуно гома дуйла а, иза царна новкъа деънийла а. Дукха хан ца елира интернет машанехь шайн цIераш а йохуш, шаьш цхьанна а омрица а доцуш, шайн маьршачу лаамца Мунаев Iиса лаха а, цунна бекхам бан а Украине баьхкина бу боху къамел деш болчу, тIеман духарш доьхначу наха шайгара хаам дIабазбале. Иштта дуьйцура цара:

Украинехь Оьрсийчоьнехьара тIом беш болу нохчийн бIаьхой: „23 шо хан ю боху ахь хьуо тIом беш волу. Царех 14 шо Европехь даьккхина ахь. Церан юург юуш ваьхна ву хьо. Церан юучунах мах дIабала схьаваийтина а ву хьо хIоккхуза. Декхар дIалуш ву боху ахь хьо. Ахь декхар мичахь лур ду кхечу къомана? Хьайн къомана а ямарт а хилла, едда лелаш пхьагал ю-кх хьо“.

ХIун къуьйсу-те Оьрсийчоьнан олаллех маьрша яла араяьллачу Украинехь нохчийн къомах болчу я нохчийн мотт буьйцучу наха? БIеннаш шерашкахь нохчийн къомана тIехь таIзарш латтийначу пачхьалкхана тIе а хIоьттина, цуьнан бахархойл а хьалха а буьйлуш, цигахь Кремлан луург тIедаккха бахнарш, багахь буьйцуш нохчийн мотт а болуш, кхайкхош „такбир“ а долуш, ирах ийдеш хьажо пIелгаш а долуш, муха хуьлу-теша нохчийн къоман сий лардан арабевлла? Ткъа цара кхерамаш туьйсуш болу и вукху агIонан векалш?Мунаев Iисайн накъостий а, цаьрца дог-ойла ерш а буй-те къоман лазам арабаьккхина лелаш? Я и ший агIо а – царех харц-бакъ муьлхарниг ву муха кхета деза?

Цу хеттаршна жоьпаш, интернет машанехь бIеннаша нохчийн кегирхоша сел баккхийчу къийсамашкахь кху тIаьхьарчу кIиранашкахь лоьхуш делахь а, амма тергамхошна а, аналисташна а, ткъа уггаре а хьалха историн Iилманчашна а вуно атта хетало. Нохчийн къоман башхаллехь цхьаъ хилла ю, цара дийцарехь, даима а харцо ловчарна тIехIоттар а, гIийлохчаьргахьа гIо даккхар а. Даима а ца хуьлу нохчийн къомана цу шен амалах пайда балар.

Мелхо а, сих-сиха нисло и цуьнан догцIеналла а, яхь а кхечу, нуьцкъалчу я тIеIаткъамечу, ницкъаша шайна саяккхарехь я пайда барехь, я шайн цхьа политикан интерес толийтарехь пайда оьцуш. Амма хIетте а и гIийлачуьнга гIодаккхар – нохчийн къам кхолладаларан баххашкара схьадогIуш Iадат ду, аьлла, тешна ву вевзаш волу нохчийн историк Абумуслимов Сайд-Хьасан.

Абумуслимов Сайд-Хьасан: „Иза вайн къоман историца доьзна хIума ду. Вайн историн башхаллийца доьзна хIума а ду. Маршо езаш а, и маршо ларйина а къам вай хиларца. Вай кхечу къаьмнел тоьлла я гIолехь ду бохург дац иза. Маршо бохург цхьа дош хилла ца Iа. Маршо езаш верг харцонна дуьхьал хуьлуш ву, гIелонна дуьхьал хуьлуш ву. И хIума вайн къоман цIийца долу хIума ду. Вайн къам кхолладаларан башхаллийца доьзна хIума ду иза“.

Изза ду, Абумуслимов Сайд-Хьасанна хетарехь, таханлерчу чолхечу хьелашкахь а империн кIецигш гойтучу Оьрсийчоьнна дуьхьало ян гIертачу Украинин халкъехьа гIо а лаьцна, шайн дахаран аьхналла а йитина, Мунаев Iисас куьйгалла деш йолу Машарбаран батальон цу махка яхаран бахьана а.

Амма нохчи бевра буй-теша кху хийцаеллачу заманчохь а, 2I-чу бIешеран дуьнен чохь тIом баьл-баьллачу ихна? Хийца дала догIий-те нохчийн къам а, даима а, Сайд-Хьасана ша ма-аллара, даго лелош къам долчуьра? Хийцаделаллачу дуьненан хьелашца хийцадала гIоьртинехь хIун дара-те нохчийн къам а? И хеттарш делира Маршо радионо историн Iилманче Абумуслимов Сайд-Хьасане

Абумуслимов Сайд-Хьасан: „Иштта хаза гIиллакхаш а, амалш а йолу къам дан йиш яц аьлла тешна ву со. И дика агIонаш вайна юккъера дIаевллча, хьо дог схьадиллина хилар дIадаьллча, тIаккха вайн къомах кхин къам хир ду. Адам адаман гIортор ю, дине диллича а, адамийн Iадаташка диллича а.

Вайн къомо лардина дара и хIума хIинцалца схьа. ХIинца-м цхьацца бахьанашца тIаьхьарчу заманашкахь талха-м телхина вай а цу тIехь мелла а. Суна вайн къоман и дика агIо лар а еш, иза дIа а ца тоттуш, вай дозалла деш йолу вайн къоман башхаллаш лар а еш, кху дуьненахь даха цхьа некъ лаха беза аьлла хета. Вайна лиъча, вайна иза карор бу аьлла а хета“.

Дуккхаъчу тергамхошна хетарехь а, ткъа иштта Украинерчу хьолана тIехь терго ечу бIеннаш нохчийн кегирхошна хетарехь а, Мунаев Iисас куьйгалла дечу нохчийн а, кхечу къаьмний векалш декъа болу Машарбаран батальон Украинин къомана гIоьнна яхар – иза цхьаццаболчу Оьрсийчоьнан ницкъийн декъа цигахь къепе дацарш лелочу нохчийн мотт буьйцучу наха къомана тIе йожийна йолу цIе дIаяккхарехь йоккха гIулч ю. Ду иза иштта украинхой а, нохчийн а барт чIагIбарехь мехала хIума а.

Ша Мунаев Iисас цкъачунна шен агIор тийсинчу кхерамех лаьцна аьлла хIума а дац. Цуо билгалдоккхуш дерг цхьаъ ду- ша а, шен накъостий а машар баран я, эшахь, машар байтаран Iалашонашца бахана бу Украине бохург.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG