ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бIарлагIаш лела Украинехь


Украина -- Донецк, террорахой, Стиг27, 2014
Украина -- Донецк, террорахой, Стиг27, 2014

Интернетехь гучуяьллачу видео тIехь герзаца болчу наха чIагIдо шаьш «кадыровцаш» ду бохуш. Донецкехь террорахошна юкъахь нохчий бу бохуш, тоьшаллаш до зуламхоша хьийзийначу наха а, хаамийн гIирсаша а. Амма Кадыровс а, Донецкера террорахойн куьйгалхоша а харц бо и хаамаш.

Малхбузерчу хаамийн гIирсаша хаамаш баржийна Украинин территори тIехь Оьрсийчура нохчийн тIемалой бу аьлла. CNN телеканалан корреспонденто Донецкера йинчу репортажехь дуьйцуш ду цига кхаьчначу герзхошна юкъахь могIарера нохчий хилла ца Iаш лаххара а цхьа стаг нохчийн полицин белхахо вара бохуш.

Цу сюжетехь герзхоша дуьйцу шаьш шайн лаамехь Украине тIом бан даьхкина хиларх лаьцна.

https://www.youtube.com/watch?v=RAAqqBIRxIY

Донецкерчу сепаратисташна тIе а хIиттина, Украинехь зуламаш деш а, эскархойх леташ а нохчий бу боху хаамаш баьржина ши кхо бутт а бу.

https://www.youtube.com/watch?v=mAPe02IXBQI

Иштта нохчаша ша хьийзина бохуш дуьйцу кху шахтехь болх бинчу стага Вовок Александра.

http://glavred.info/politika/gornyak-o-plene-boevikov-v-donecke-sredi-terroristov-byli-chechency-opublikovano-video-278770.html

Кху стага а вуьйцу Мирза цIе йолу нохчийн къиза стаг.

http://top-novosti.tv/n/I2I5-shahter-rasskazal-kak-v-plenu-nad-nim-izdevalis

Амма хIинццалц иза элира-бахара доцург кхин бух болуш дацара. ХIинца а вац цигара нохчийн мотт буьйцуш гайтина цхьа а стаг. Амма нагахь Украинехь нохчий балахь а динна къомо царах жоп дала оьшуш а, уьш цигахь бара а аьлла къелхьара довла гIерташ лело оьшуш хIумма а дац аьлла хета, масала, политикан говзанчана Вачагаев Майрбекана.

Iамеркуера CNN телеканало гайтина Донецкера видеосюжет гиначух тера ду Нохчийчура куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цо а чIагIдо ша цига вахийтина стаг вац бохуш. Нагахь цигахь нохчий белахь уьш бакъо а йоцуш бу цигахь боху Кадыровс.

http://russian.rt.com/article/337I3

«Донецкан халкъан республикан» тIеман министро Стрелков Игора а чIагIдо шен эскарехь тIом беш цхьа нохчо а бен вац бохуш. Иза Горловка-гIалара вахархо ву боху цо. Комсомольская правда-газетана ша еллачу интервьюхь «министро» дуьйцу шен эскарехь берш 90 процент меттигера бахархой хилар.

Ткъа Донецкера блоггеро Казанский Дениса дийцарехь цигахь «халкъан гIаттамхойн» могIаршкахь тIом бийраш ХIирий бу. «Даиман а дуьйцуш ду Донецкехь тIом беш нохчий-кадыровцаш бу бохуш. Хаа луур дара муха хиина иза дуьйцучерна уьш нохчий хилар бохуш ца вашарца хоьтту блоггеро.

«Ма дарра аьлча кхузахь тIом бийраш хIирий бу. Цара шайн блок-посташкахь хьалаоьхкина ю шайн къоман симболика тIехь йолу байракхаш. Кхетам болчо дуьйцур дац Кадыровс хIунда бала беза а ца хууш Донбассе шен тIемалой хьажийна аьла»,- бохуш яздо Казанский Дениса.

Кхин цхьа хIума а ду. Украинин малхбалерчу регионехь Оьрсийчура а, Нохчийчура а тIемалой бу бюохуш хилла хаамагш бух боцуш бу аьлла дIахьедар дира 6 де хьалха Украинин антитерроран операцин (АТО) официалан векло Селезнев Владислава.

ТIаьххьара болчу хаамашца, Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь сатоссуш тIехь герзаца нах а болуш масийтта маше чекхиккхина Оьрсийчоьнан Украиница долчу дозанехула. Царна тIехь берш а нохчий бу бохуш дуьйцу.

http://kstati.dp.ua/content/v-donbass-pribyli-chechency

http://www.rupor.info/glavnoe/20I4/05/23/batalon-donbass-zhestko-popal-v-zasadu-rabotali-vy/

http://donetskie.com/novosti/20I4/05/23/v-donbasse-v-boyu-pogibli-chechentsy-i-chelovek-s-fashistskoy-simvolikoy-video


https://www.youtube.com/watch?v=wvCHRYGQJng

http://ru.tsn.ua/politika/v-internete-poyavilos-video-s-chechencami-boevikami-pod-doneckom-367495.html
XS
SM
MD
LG