ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн "Машаран батальон" кийча ю Украине яха


Украина - ТIеман Iамораш дIахьош бу Украинин эскархой Киеван 140 километр йолчу аренехь. Заз14, 2014
Украина - ТIеман Iамораш дIахьош бу Украинин эскархой Киеван 140 километр йолчу аренехь. Заз14, 2014

Украинин маршо ларйан баха луучех батальон кхуллуш ю Данера „Маьрша Кавказ“ цIе йолу юкъаралла, цигахь вехаш волу вевзаш волу нохчийн тIеман жигархо Мунаев Iиса коьртехь а волуш.

Европера нохчийн батальон Украине тIом бан яха кечлуш ю боху хабар масех де а ду нохчийн сайташкахь жигара дийцаре деш долу. Цхьаццаболчара емал до и хIума, нохчийн хьашт дац украинхошна тIе а хIоьттина, шайн боцучу тIаме баха, бохуш.

Вукхарна, нохчийн къомах а, кхечу мацах Советан пачхьалкхенна юккъе догIуш хиллачу къаьмнех санна, хьакхалуш бу Украинин, Оьрсийчоьнан къийсам, аьлла хета.

Кхин цхьа агIо а ю цу хIуманна хьукма дечарна юккъехь: бусулбачу нехан гIуллакх дац цхьа кериста пачхьалкхе вукхуьнца тассалучехь цхьа агIо а лаьцна, цу юккъе гIерта аьлла хетачийн.

Ткъа хIун ду ма-дарра теллича Европехь кхуллучу Украине баха кечлучийн батальоно юхьаралаьцнарг? Мичахь ю иза я мила ву цунна хьалхаваьлларг? Карарчу хенахь Данехь вехаш волу вевзаш волу нохчийн тIемло, бригадин инарла Мунаев Iиса ву цу батальонан куьйгалхо санна билгалваьккхинарг. Ткъа и болам кхоьллинарг, chechenews.com сайто дийцарехь, „Маьрша Кавказ“ цIе йолу юкъараллин цхьаьнакхетаралла ю.

Шаьш юхьаралаьцна гIуллакх дуьйцуш, цара яздо цу сайта тIехь: „БIешерашкахь Кавказан къаьмнаша шайн маршонехь оьрсийн оккупанташца къуьйсучу хенахь Украинера вежарий даима а орцах кхочура царна, вайн лаьттанаш хийрачу тIелатархойх лардеш. Тахана, Украина ша а Оьрсийчоьнерчу тIеман агрессин кхерамехь йолчу хенахь, тхуна тхайн сийлахьа декхар хета, вайн вежаршна массо а агIор гIо дан, цу йозуш йоцучу пачхьалкхана оккупаци ца яйта накъосталла дан а“, аьлла.

Мунаев Iисас, цу боламан коьртехь лаьттачех цхьаъ волчу, Маршо радионе дийцира, шайн батальонан Iалашо машар кхолларех гIо дар ю, аьлла. Цундела ю цуьнан цIе а „Машаркхолларан батальон“ аьлла.

Мунаев Iиса: „Тхан коьрта Iалашо ю Кавказера массо а къаьмнашна тхайга далучу агIор политикан а, идеологин а агIор гIо дар. Тхуна хета, нагахь санна Советиашна юккъехь хиллачу кхаьмнашна маьрша довла гIо ца дахь, кхана тхуна тхаьшна боккха эшам хир бу аьлла. Украина маьрша яьлча, тхуна тхайна доккха дакъа ду аьлла хета.

Массо а Кавказерчу кхамьнийн санна церан мостагI Оьрсийчоь ю аьлла хета тхуна. Украина маьрша аьлча Кавказ а маьрша хир ю аьлла тешна ду тхо. И батальон машар баран батальон ю. Цуо гойту тхо тIам бан арадаевлла доцийла. Цу юккъехь тахана алсамох берш украинхой бу. Гуьржий а бу, азербаджанхой а бу, суьйли бу, гIалгIай а бу, нохчий а бу“.

Европера нохчийн батальон Украине яха кечлуш ю боху коста даьржича дуьйна схьа дуккхаъчу нехан хаттар кхоллало: шайн Даймохк оьрсийн Iедало, тIемаш бинчул тIаьхьа, дIа а лаьцна, ма-дарра аьлча, мостагIчо шайгара мохк дIа а баьккхина, Европехь тховкIело а карийна, Iаш болчийн хIун гIуллакх ду Украинерчу къовсамна юккъе гIорта? Цига биггал бIо а, ницкъ шаьшкахь вовшахкхетта белахь, цкъа хьалха шайн Даймохк маьрша баккха гIорта ца богIу цу наха, аьлла. Мунаев Iисас иштта жоп делира цу хаттарна.

Мунаев Iиса: „Вайн махкана оккупаци а йина, цу тIехь шен Iедал дIахIоттийнарг мила ву? Оьрсийчоь ю. Дуьненан долуш долу массо а низамаш а дохийна. Тахана Оьрсийчоь муьлхачу а пачхьалкхана тIелетча, суна а, сан накъосташна а хета, царна дуьхьало яр тхайн декхар ду аьлла. ШозлагIа делахь, Советашна юккъехь хилла массо а пачхьалкхе маьрша ца ялахь, вайн Кавказан къаьмнашна маршо хир ю аьлла а ца хета тхуна“.

Украинерчу къовсамехь дакъалаца Европера вайнах бахар тIе ца оьцурш а бу дуккхаъ. Политологин Iилманча волчу Асхабов Хьамзатна хетарехь, цу пачхьалкхехь лаьттачу хьолана юкъе гIерта нохчийн цхьа а хьашт дац. Цигахь къовсаеллачу муьлхачу а агIоне а хIоьттина, нохчаша шаьш цу девна юккъе озадайтахь, цунах уггаре а хьалха цигахь шерашкахь бехачу вайнахана зулам дала сахьт дац.

Асхабов Хьамзат: „Муьлхачу а агIор дийцича а, цигахь бехаш дуккхаъ нохчий бу. Царна цигарчу наха тIе мийраш тоьхна а, йиттина а зулам дан йиш ю, кхин цхьа а цигахь вайна бала пайда бац. Нохчий тийна-таьIна, шайн цIе а ца йоккхуьйтуш, Iад Iийча бакъахьа дара цигахь бехачу нохчашна. Нохчий цигахь хIинцалца а цхьа а тховкIело а ца луш, цхьа а дуьненчохь лелаш йолу адамийн бакъонаш церан лар ца еш, гIийла хьал дара цаьргахь хьалха а. Я хIинца а ларйийр яц“.

Австрехь вехачу нохчийн юкъараллин а, политикан а жигархочунна Исханов Хуьсейна хетарехь, нагахь санна, цхьаъ шен лаамца Украине ваха лууш велахь, иза цуьнан шен лаам бу, хIора а шен кхолламехь маьрша сацамаш бан йиш йолуш хиларна. Амма нагахь санна цига ваха луучо нохчийн пачхьалкхан цIарах цига батальон яха кечлуш ю алахь, иза нийса хир дац.

Исханов Хьусейн: „Вайн хьашт цигахь муха ду? Таханлерчу дийнахь Украина эшаъ эшна, оьрсаша бохург а дина, иза охьатаIахь, тIаккха луларчу пачхьалкхшана кочагIур болуш бу уьш. Машар баран батальонах аьлча, суна ца хета иза Европехь кхолла езаш ю аьлла. Дуьхьал а ца тассало соьга иза муха хир ду бохург: кхоьллича, марш йина гIур ю и батальон цига я кеманца гIур ю?!


Соьга хаьттича, Iелуш воцург, сацалуш воцург, шен са мичхьа а дIадала кийча верг маьрша ву иза шена луучохь дIадала. Иза цуьнан бакъо ю. Эццига Украине дIа а бахана, цигахь лелон дезаш ду аьлла хета суна и хIума, Майданехь хуьлийла иза, я Киевехь. Амма пачхьалкхан цIарах хIума дийцар нийса ца хета суна. Пачхьалкхан цIарах цига вахча, цуьнан юридикан тIаьхьалонаш хуьлу“.

Украинера хьал, къаьстина ГIирма ах-гIайренна гуонахьа дерг, вуно чолхе лаьтта. ТIедогIучу кIирандийнахь цигахь дIаяхьа леринчу референдумехь меттигерачу бахархоша кхаж тоссур бу, и ах-гIайре Оьрсийчоьнан долаяларан хьокъехь. Цхьаццаболчу тергамхошна хетарехь, и бахьана долуш цигахь тIом эккха а, цIий Iана а сахьт дац.

Цундела а кхеташ ду, цу махка баха кечбелла нохчийн кегирхой декъа болу батальон ю бохучуо нахех сингаттам кхоллар. Бакъду, Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь цу батальонан куьйгалхочуо Мунаев Iисас билгалдаьккхира, нагахь санна Украинин официала Iедало дехар а дина, кхойкхуш ца хилахь, шаьш шайгара цига гIур долуш дац, аьлла.
XS
SM
MD
LG