ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Докка могуш-маьрша ву



Шоьтан лаьмнашкарчу Хьорсана гергахь тΙематасалар хиллачу кΙирандийнахь а, оршотдийнахь а Кадыровн ницкъаш а, Оьрсийчуьра эскархой а толлуш бара шайх 2 полисхо а вуьйш, 15-нна чевнаш йина гΙаттамхой. Яккхий тоьпийн а, кеманаша еттачу ракетийн, бомбанийн а татанаш дара Шуьйтахь а хезаш. Ιедалан хьостанаша ца баржабо хиллачух лаьцна хаамаш.

Оцу юкъанна гΙаттамхойн сайташкахула яьржинчу керлачу видеокийсако хоуьйту ворхΙ баттахь хезаш хилла а воцу Кавказ-Имаратан лидер могуш-маьрша вуйла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG