ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров видеоно синтем байъина Нохчийчурчу прокуратурин


Нохчийчоь -- Умаров Докку а, цуьнан накъостий а хьунхахь.2010
Нохчийчоь -- Умаров Докку а, цуьнан накъостий а хьунхахь.2010

Нохчийчоьнан прокуратуро дехар дина, меттигерачу кхеле Умаров Доккийн дIахьедар тIехь долу видео махкахь хьажарна ехкахьара аьлла. Оцу дIахьедар тIехь Каваказ Имаратан лидеро кхайхкам бина, Сочи-гIалахь хила езаш йолу Iаьнан Олимпиада йохае аьлла.

Жигара тIемаш Нохчийчохь лахбеллачу дуьйна, пропагандийн тIом соцуш бац цхьанна а минотан а. Махкахь машар дIахоьттина бохучу, Нохчийчоьнан Iедалшна, чIогIа тамехь ца хета, тIемалоша шайгахь гIора ду аьлла гойтуш хилар.

Цунна тоьшалла ду, Шуьйта кIоштехь, Хьорснехь дукха хан йоцуш хилла долу тIеман тасадалар. Оцу меттигашкахь хIинца а, лехамаш бу дIахьош, беракеманаш а долуш.

Къаьстина хорш ала мегар долуш, яийтина, Нохчийчохь болчу низамхошна, тIемалойн баьчча волчу Умаров Доккас, дукха хан йоцуш динчу дIахьедаро. Еххачу хенахь хаавелла вацара иза. Цундела, наггахь хаамаш а гучубовлура иза чоьвнех велла хила мега бохуш.

Амма, лацалуш воцучу Умаровс, Интернетехь гIарадаьккхинчу шен дIахьедарехь, юха а, кхерамаш тесна Оьрсийчоьнна. Цо, кхайхкам бина, шена тIаьхьхIиттинчаьрга, Сочи-гIалахь, тIедогIучу шарахь, IаьнтIехь дIаяхьа езаш йолу Олимпиада йохае аьлла.

Кхо кIира хьалха гIараяькхкина йолу и видео, Интернетехь дукха яьржина ю. Цундела, иза, зуламе а лаьрра, цунна тIекхочийла низамашца догIуш ма хиллара, Нохчийчохь хададе аьлла, дехар дина республикан прокуратуро, республикерачу кхеле. И дехар дина масех де ду, амма, цкъачуьнна цунна сацам бина бац. Ишшта хууш дац, и гIуллакх листа долийнийла а.

Оцу юккъолгIа, Умаров Доккийн и дIахьедар, одноклассники а, Вконтакте а, Оьрсийчохь уггаре а дукха лелош йолчу сайташкахула яьржаш ю. Гарехь хазахетаран хаьркаш а хIиттина цунна хьовсархоша. Аала доIгу, Нохчийчохь, хIинцалца Iтекхочийла йихкина латтийна йолу тIемалойн сайташ а яьстина, цхьа барт бича санна мел волчу провайдеро. Цунна хIун бахьанаш ду а хууш дац.

Олимпиадийца йоьзна ю, Оьрсйичоьнан кхане, бохуш дуьйцу къамелаш Нохчийчохь хилла а ца Iаш, Оьрсийчохь а ду. И дуьненаюккъера хила дезаш долу ловзарш герга мел кхочу, уьш даьржаш ду. Политолог волчу Кутаев Руслане а делира Маршо радионо, мел маьIан долушю, ерриге а Оьрсийчоьнна и хила езаш йолу Олимпиада, аьлла долу хаттар. Ишшта жоп делира цо.

Кутаев Руслан: « И олимпиада маьIне ю, къаьстина Путин Владимиран. Цунна цхьа билгалонан хилам бу иза. Цундела, хила езаш йолу футболан чемпионат а, хIицна хилла йолу Универсиада а, уггаре а хьалха, бахархошна гайтар гIертар ду, ша Iедале веъча дуьйна, пачхьалкха хьелаш тодалла, дуьненаюккъехь, Оьрсийчоьнан мах талуш а, хьалаболуш а бу аьлла.

Политикан агIора ю иза. Китай ялахь а, муьлха а кхин пачхьалкх ялахь а, ишшта чIогIа политикан тIедодьзна хуьлуш дац цу тайпа хIума, амма, Оьрсийчохь иза ишшта ду».

Олимпиадех лаьцна долу къамелаш, иза дIаяхьа хан герга мел кхочу жигара доьвра ду аьлла хета Кутаев Русланна. Цул совнах, и ловзарш дIа гIура ду аьлла кхоччуш тешам а бац шегахь, элира цо.

Кутаев Руслан: « Вайна ма хаара, Олимпиада, инзаре дукха рицкъаш дIадахана меттиг ю. Цундела, цхьаболчу эксперташа, боху, и Олимпиада, ловзарш а ца деш, йита гIерташ бу бохуш. Цундела, цуьнах тIаьххьара дош аьлла а дац. Шорта къамелаш а, къайленаш а гучуйоьвра ю. Де дине мел долу, иза алсамдалар бен кхин хIума хира дац».

Мел луьра къийсам латтийча а, регионехь болу тIемалойн буолам харц ца белла, Iедалшка, билгалдоккху политолог Кутаев Руслана. Вукхара шай агIора, и Олимпиада йохаян, Iалашо лаьцна, и меттиг Оьрсийчоьнан Iедалшна, уггаре а лазаме йолун дела. Цундела, семе хила беза, низамахойн урхаллаша, бохуш кхин дIа а дийцира цо.

Кутаев Руслан: «Дуьнена юккъахь лаьтташ долу хьалаш муха ду хьуна аьлча, цхьанна а пачхьалкхан луура дац, шен махкара вахархочуьнна,спортсмена, ян хьажархочуьнна, зе хилийта.

Масала, цхьа эккхар, ян вера хилахь, (Дала ма хуьлуьйтила) со тешна ву, цига бохкхуьйтуш болу спортсменаш богIура бац. Тахана, оьрсийчоьнан низамхойн ницкъашна тIехь берг, боккха Iаткъам а бу, уьш чIоIга семо ян езаш а бу.

Умаров Додккас, ша цхьаъ дийра ду бахахь, иза дийра дуй, даций, цунний, цуьнан накъосташний хуург хира ду иза. Дан гIертачуьнна, муьлхачу хIуманна тIехь кайолу. Дела воцучуьнна бен ца хаа хIун хира ду».

Оьрсийчоьнан Iедалшна чIогIа маьIне хеташ, Къилабседа Кавказехь кхин цхьа а проект ю. регионехь дуьненаюккъерачу кепехь садаIаран курорташ яр. Оцу гIуллакхан а , миллиардашкахь ахчанаш ду хьаждан кечдина. Амма, и гIуллакх а, юха а тIаккха а, дIагIурту, регионехь йоцучу тийналлех, аьлла тидам бо Кутаев Руслана.

Кутаев Руслан: «Кавказехь курорташ бохург, цкъачуьнна хабарш бен дац. Кавказ хаза меттиг ю. Кхечу мехкашкара а, кхечу континенташкара а нах оьхура бара кхуза. Амма, уьш оьхура бу бохург, хетарш ду. Тахана Кавказ маьрша яц. Боьлхуш тIемаш ду.

Схьагучу заманахь, кхечу пачхьалкхара туристаш а оьхуш хIума хира дац. Цхьа турист веъча, иза ларвеш итт герзхо а волуш хуьлуш ма яц туризм. ПаргIата лела йиша хила еза туристина. Оцу хIуманна ян Кавказ а, ян Оьрсийчоь а кийча яц. И рицкъаш ловзадеш ду».

КъилбаСеда Кавказерачу хьолан, Iаткъам беш, дуккха а хьелаш ду. Олимпиада кхерам бу аьлла дIа ца хьахь, ян курорташ а яр а, пайдахь хIума дац аьлла массийта шо даьлча сацам бахь, иза гуттара а оьшург ду. оцу шина проектан тIехь кисанна баккхийчу барамашкахь ахча диллинчарна. Уьш болуш буйла-м хууш хIума ду. Амма, иза, кхечу материалан тема ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG