ТIекхочийла долу линкаш

Ларамаза стаг вийнарг витар ду шира оьзда нохчийн гIиллакх


Ларамаза стаг вийнарг витар нохчашна юкъахь лелаш долу шира гIиллакх ду. Иза гойтуш ду кху XIX бIешарера гравюрана тIехь.

Ларамаза стаг вийнарг витар нохчашна юкъахь лелаш долу шира гIиллакх ду. Иза гойтуш ду кху XIX бIешарера гравюрана тIехь.

КIезиг масалш дац ларамаза стаг вер нисделча вайнаха Iедале а ца доккхуш шайлахь дов дIа а дерзадой, лурвоьлларг гергара стаг санна тIевуьтуш.

Кху муьрехь Iаламат доккха вон деънера теркйист кIоштан Iелин-юьртахь бехачу ТаймасхановгIеран доьзале. Дикка хьалха дуьйна а цIийнда а,марда а велла ворхI бер-кхо йоI,виъ кIант кхобуш Iаш йолу цу берийцн нана Таймасханов Бирлант кхелхина ларамаза трактор тIаьхьара хецаелла лафет тIе а кхетта. Юххера вала гергара кхин стаг цахиларна, цуьнан ден а,вежарийн а лаамца тезет хIоттийра цуьнан децIахь луларчу Бена-юьртахь, БаталовгIеран кертахь.

Бобераш кхобуш яьхначу цу Таймасханова Бирлантин дIакхалхар къеггина тоьшалла а хилла дIахIоьттира, нохчаша Iедал юкъа а ца дулуьйтуш, шайлахь дов листаран.И бохам нис ма беллинехь,цхьа дош харц доцуш бакъдерг хаа а хиъна, къаной а.къеданаш а арабевлла и дов листа.

Шен йоIа Iожалла тIеэцаран сурт шена девзича дас Баталов Ахьмада а,кхаа вашас а,ур-аттал еллачуьнан зудаяллол волчу кIанта аьлла: шайн цу нахаца чIир-гамо а яц, хIара санна киртиг кхана шайна а тIехIотта тарло,куьг бехкениг а валош тIедахка маьрша душ шу.

Дийца хьашто а йоцуш кхеташ ду цу тIегIана тIе къамел дало баккхийнарш каде хьийзина хилар а,и дов листар Iедалехь болчара а,муфтиято а аьлла хIума а доцуш,могIарерчу наха шаьш нисдина хилар а.

Шакъаьстина ала догIу ,схьахетарехь,стаг вуьтуш санна меттиг нисьелча,массо гIуллакх охьа а тосий бIеннашкахь нохчий вовшахкхетарх а,цу тайпа бохамечу гуламехь дечу хьекъалечу,кхетош-кхиочу къамел-хьехамех. Цу кепарчу бIаьрг белхочу, кхетам самсабоккхучу,дахарх,валар-висарх ойла йойтучу гулам –цхьаьнакхетарехь го аьлла хетало дахаран а,адамаллин а къайленаш а,жоьпаш карадо аьлла хета философан хьу йолчу чолхечу хеттаршна а.

Шина агIор лаххаре эзар гергга стаг а волуш дагалецамечу гуламехь хилира со а, Теркйист кIоштан Бена-юьртахь. Цигахь бара Таймасханова Бирлант ларамаза кхалхарна бехк тIебеъна Iелин-юьртара ХасуевгIар а, кхайкхина а, кхайкханза а шайн лаамехь баьхкина дуккха а Iеламнах нах а,дешан говзанчаш а. Ишта къамел хазийра ХасуевгIеран хьалханча а хилла веъначу къаночу Хазбулатов Iиса-Хьаьжас.

И тайпа гулам,дахарехь зеделла ма-хиллара, стаг витар-висарх,къинхетамах къамелаш дина бирзина ца Iа. ДIагулделла дукха адам хиларе терра,тахана тергаллучу вочу гIиллакхех, ламастех, хьарцахьа леларх ,оьзда цахиларх къамелаш а хазадо ишта меттехь.Цунна тIе а доьгIна тида догIу, Сулиман-Хьаьжин цIийнах волчу Гаджиев Iадрахьмана аьлла дош а.

Цу кепарчу беркатечу гуламашкахь кхиайо аьлла хетало адамашлахь дог-дикалла а,деган комаьршалла а,къинхетамалла а,вовшийн сий-пусар дар а. Масала дикачу, оьздачу гIиттамех,синлаамех дуьзна дара Iелин-Юьртарчу моллас Межидов Салахьин а,бена-юьртарчу моллин Iалавдин а вистхилар.

Дерзош аьлчи.Нохчийчохь кIезиг масалш дац цу кепара ларамаза нисделла вер-ваккхар бахьнехь, хIинццалц схьа бевзаш ца хиллачу бахархошна юкъахь, тIаьхьло а йолуш ондда гергарлонаш а,мерза тийсаделла а,беркате шовкъ-марзонаш кхоллаелла а.
XS
SM
MD
LG