ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Духур дац, Дицлур дац, Дуьтур дац...


Нохчийчоь - Хьалхара тIом, шаьш кIиза байина нохчий, ор а даккхийна, къайлабохуш бу оьрсийн эскархой, автор вевзаш вац,1995.
Нохчийчоь - Хьалхара тIом, шаьш кIиза байина нохчий, ор а даккхийна, къайлабохуш бу оьрсийн эскархой, автор вевзаш вац,1995.

19 шо кхечи пачхьалкхера эскарш официалехь тIе а тосуш, Кремло Нохчийчоьнна дуьхьал шен рогIера къиза тIом болийна. И денош, нохчий-оьрсийн юкъаметтигашкахь юха а гIаьттина шийла мур цкъа а бицбийр бац нохчийн къомо.




1994-чу шеран гурахь, Лахьан-беттан 26-чохь болабелира цхьаболучарна тIом. Теркйистехь вовшахтоьхна «оппозици», аьлча а, герзахойн тоба, хьалхабевлла оьрсийн эскархой а болуш, Соьлж-ГIалина тIелетча, нохчаша вовшийн дуьххьара цIий Iанийча, Iалашо кхочуш хила йолаелира оцу тIеман режиссеран.

Ша юх-юха а хьажа тарлучу кино чохь санна, хууш дара хиндерг. Амма кхиъ цхьа ши кIира даьлча, Оьрсийчоьнан хIетахьлерчу президента Ельцин Бориса динчу дIахьедаро дов маьрша доьрзур доцийла кхетийра. ТIаккха а теша ца луурш а бара.

Массарна а дагахь лаьтта Соьлжа-гIалахь хIетахь цхьа цIеххьана хIоьттина хила тийналла. Наггахь бен адам дацара арахь. Цкъа а ца йинчу кепехь наб еш санна хеталора гIала цунна хуучух тера дара хууш ша хIаллакъхуьлу денош тIегIертийла. Стигал а яра, адамийн дог ойла йоьцуш санна, кхохкаелла.

… Цул тIаьхьа наха шайна гIенах а гойла доцу баланаш лайра, наггахь ца висира цIентIехь баларш доцуш, «федералаш»олучу фашистийн къизалла ланза . Эшарехь санна а доцуш, баккъал а дийнаберш беллачех хьоьгуш дукха а меттигаш яьхкира.
ХIинца, 19 шо даьлча а, нехан коьртехь лаьтта ойланаш: дарий те оццул доккха бахьана дуьненан керлачу исторехь кхин луьра хила йиш а йоцу тIом бала?
Цхьадолчу декъанна, замано къадош ду жоьпаш. Иштта ду, масала, ванне а кIиллойх воцчу политолога Кутаев Руслана ден тоьшалла.

Кутаев: «2005 шарахь цхьана накъосто, сан хьаша волчу, аьллера соьга, тIеман министр хилла Грачев Павел ву хьо ган лаам болуш, аьлла. Цкъа а шозза а элира цо соьга иза, со реза ца хуьлуш. Эххар а и цхьаьнакхетар хилира сан 2005 шарахь, Тула-гIалин йистехь, Грачевн дачехь. Дерриге а ала мегар долуш. и де цхьаьна даьккхира охашимма.

Нохчийн политолог, Кавказан къаьмнийн ассамблеян президент Кутаев Руслан
Нохчийн политолог, Кавказан къаьмнийн ассамблеян президент Кутаев Руслан
Соьга цо дийцинарг дуьйцу ас. Иза историн дакъа ду. Шай, Дудаев ЖовхIаррий, шампански а мелла, тIом бийр бац, иза бан аьтто а бац, аьлла, ас иза Ельцине дIа а дуьйцур ду, аьлла, дIасакъаьстинера, элира цо. Ша шен ЖовхIарца хилла къамел дIадийца воллура, амма Ельцинна тIекхача гIоьртича, шега иза ца датийнарг Президентан администрацин куьйгалхо Филатов а, Пачхьалкхан секретарь Бурбулис а, цу гонехь хьийзина а, хьийзаш а волу Шахрай а ву хьуна, элира Грачевс.

Ша Ельцинна тIе хIунда ца вуьту а дицира цара, бохура. Оьрсийчоьнан газан а, мехкдаьттан а комплексна приватизаци ян кечлуш ду шаьш, ткъа цунна доладеш нохчий бу, тхоьга нохчаша иза дойтур а дац. Цундела оха Нохчийчоьнах цIе латор ю, иза дIаяйъа, цига бохуьйтура бу и долахой. ТIаккха йийр ю приватизаци. …Иштта дийцира Грачевс.
Цо соьга и аьлчий бен суна хиина а ма дац, 95-96 шерашкахь оцу комплексан приватизаци йинийла. Ишшта дийцира-кх соьга Оьрсийчоьнан тIеман министр Iийначу Грачев Павела».

Тамаше ду кхин цхьаъ а. Махкахь карчам хуьлучу хенахь, керлачу хIуманна дуьхьал бовлу даима а санна «интеллегенци» шайх олу нах. Оьрсийчоьнца, наний, берий цIонганца санна, бозабеллачу цара «оппозиции» олу болам кхоьллира. И болам, гIала юккъехьмитинг а йина, дIахIоьттира. Цул тIаьхьа оьрсийн эскаршна тIе а тевжина, тIамца Соьлж-гIали чу а беара.
Нохчийчохь хьалхара тIом дIаболо бахьана даьккхийна нах тахана кхетта шаьш диначух аьлла хета шена боху Кутаев Руслана - шаьш Кремло, бехчалгаш санна, лела а бина, дIатеснийла.

Кутаев: «Церан кара хIума а ца делира. Оьрсаша цкъа а цхьа а хIума цаьрга лан а ца ло. Иза маца, мелца ло? Хьалха а ваьлла, цхьа сацам шен бан йиш йолчу хенахь ло ишттачунна кара Iехош хIума. БугаевгIар, УмхаевгIар, АвторхановгIар хьадалчаш бара нехан ловзаргахь. Тахана а бу. Оцу нехан цхьа дегалазам боцуш хилла аьлла дац иза. Царна тахана-м хаьа шаьш ледина хиллийна. Шайна тIе когаш а хьаькхна, шаьш дIакхийсина дуйла. Кхечарна изза дийриг хиларан шеко яц, Оьрсийчоьнера цхьа дакъа схьа ца даккхахь. Политикан агIор боху ас».

Ширчу нохчийн кицано ма-баххара, дуьмеш детташ белахь а, тIом дика бац. Шина а тIеман тIаьхьалонаш нохчийн амалшка а, синмехаллашка а хьаьжча гуш ю, боху Кутаев Руслана. Амма нохчийн дог доьхна Iан йиш яц. Къам дебон а, кхион а деза, цунна шен дикачу кханене кхача а, дуьненахь шен хьакъдоллу меттиг дIалаца а накъосталла дан деза.

Кутаев: «ТIемаша къам бехдина вайн. Нах халачу хьелашка а хIиттош, бех а беш. Доккха зулам дина вайна. ХIара тIом 20 шарахь боьдуш белахь а, вайн къам ахIе-бIе шарна юхакхоьссина. Йина гIишлош а, дIадийна зезагаш а, асфальт а ца буьйцу ас. Ас дуьйцург кхин ду. Бухахула, къайлах ду лела хIуманаш.
Вайн дуккха а ямарт нах IаьIна динан дайшна а, интеллегенташна а юкъахь. Цхьа хIума ца ала йиш яц. Нохчийн къомах дог а лозу а, синкхетамца болу а нах болуш бу, Дала мукъалахь, ойла еш а бу. Цундела, Дала мукъалахь, сатуьйсийла ду вайн. Дуьненан исторехь нохчийн къомо ша ала деза дош цкъачунна аьлла даьлла а дац, иза ала къам кечлуш хиларх со шек а вац-кх».

Тахана нохчашлахь дуккха а нах бу, вай ваьш бехке дуй те и Iазап ларна, олуш. Ткъа я Кремло а, я оьрсийн къомо а шайна тIе ца эцна цхьа а бехк, шеконе а ца диллина шаьш тIемаш бар нийса некъ бара бохург. 300000 адам а дуьйш (царех 40 эзар бер), лаьттинчу къематденна жоьпаллехь беккъа цхьа нохчий хуьлийла доций-м кхеташ ма дай!
…Амма, уьш заманан хеттарш ду. Хенахь царна жоьпаш хилахь а тамаша бу.
XS
SM
MD
LG