ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом бахьанехь хенаш еттар соцуш дац Нохчийчохь


Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан цIенна тIера у
Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан цIенна тIера у

Меттигерчу цхьаболчу бахархошна тамаше а хеташ, керста динерчу нехан гIуллакхаш листар сема тергонехь латтадо Нохчийчуьрчу Iедало. Кавказерчу кхечу мехкашка а кхачале кхачийна Нохчийчу керста динехь эвлаяъ санна веза ларалучу Радонежский Сергийн икона а, дегIан даьIахкаш а.

Урхаллехь болучара хьулам бина хIума а доцуш, самукъане, шовкъе спортан къийсадалар-боксан шоу хилла ца Iаш, политикан хилам дIабирзийна Iедалхоша Нохчийчохь.

Марха даста масех сахьт хьалха дуьйна, мехкан массо кIошташкара дIагулбина, 8-9 сохьтехь лаххаре а ткъе итт эзар хьажархо цигахь кхаьбнехь а, Iедалехь болчара хастаме дешнаш ца кхоадо, кху тов бецан беттан 6-чу дийнахь, Соьлжа-гIалахь тергалбеллачу синкъераман лакхара мах хадо. Бакъду гIардоккхуш дац и исбаьхьа шоу вовшахтоха маса миллион доллар ахча къасто дезна а, кест-кеста ишта гулам –цхьаьнакхетарш дIадахьа ши тIом лайначу жимачу махкана оццул чот йоцуш дукха ахча мичара долу а.

Тахана кхузахь тергаллучу хьолаца,бахархоша а.юккъерчу тIегIан хьаькамаша а даре а деш, нахана кIордийна цу могIарера, Iедалан мукъ карахьболчара шайна хIитточу синкъерамашкахь эха а, цхьа ирсе, бала,гIайгIа йоцу адамаш санна цигахь дог догIуш а, ца догIуш а маьхьарий хьекха а.

«ХIара шо хIинцца бен юккъе дахна а дац,-боху, Новр кIоштерчу цхьана Iедалан урхаллин куьйгалхочо,-ас хIинцале 5-зза сайн чоьтах Соьлжа-бигна-кх белхалой, шайн дели а,пайхIамара а дуьхьа дагIахьара шу бохуш дехарш а деш.ас мичара муха меттахIотто еза еш харж хууш вац со-м. Кху балхара дIа ца валахь са-м дац кхин дан хIума. ДIаязвина I5-20 а совнаха белхо волчунна атта ду и гIуллакхаш листа а, »схьадан мА элли» ахча дIадахьа а.

Сан ма вац болх беш а воцуш тIеязвина лелош стагга а. Ас хIун дан деза?» Ишта къамел дира шегарчу халонех Новр кIоштерчу директоро. И саннарш кIезиг бац кхузахь. Изза кхаж баьлла ву масала массо доьшийлашкахь мел болу директорш а, ректорш а, кхиболу хьаькамаш а.

Махкахь дуьненан гIайгIа а,Iар-дахарехь оьшуш хIума а дан а доцчух тера хIиттош синкъерамаш белахь а, кхайкхош дацахь а. шен рожехь дIадоьдуш ду кхузахь тIеман битам –чулацам болу дахар а.

Керла бехк-токхаман гIуллакх долийна кхузахь, 5 шо хьалха нохчийн лакхарчу суьдо, яккхий хенаш а тоьхна, набахте хьажийначу шина тIемалочунна.Талламхоша чIагIдарца керла бехк кхийдош берш бу I3 шо токхуш волу Бисултанов Зилаудди а, 8 шо тоьхна волу Макаев Ризван а.

Тахана низамхоша билгалдаккхарца I995-I996 –чуй шерашкахь,уьшшиъ декъашхо а волуш, Эльбиев коьртехь хиллачу зуламхойн гIерано, ткъех оьрсийн эскархо верал совнаха, 200 сов лечкъийна эскархой а, низамхой а,Iедалан белхой а, динан дай а хьуламехь латтийна ТIехьа Мартанан а, Хьалха-Мартанан а кIошташкахь. Етташ а,мацаллица а гIело яллош, йийсархой чохь бахкочу лагерш-набахтешкахь гIаролхой лаьттина Бисултанов а, Макаев а боху талламхоша. Шен куьйга масех оьрсийн эскархо вийна бохуш къаьсттина луьра бехк кхийдочех ву Бисултанов.

Кхачалуш бац кхузахь тIемалошна гIо дина бохуш лоьцуш берш а. Цу декъехь бехке а лерина, Хьалха-Мартанан кIоштера 26 шо долу вахархо сацийна Соьлжа –гIалахь.

Талламхошна хетарехь цо чекхбаьллачу герггарчу шина баттахь кхачанан сурсаташ латтош, гIо дина тIемалойн цхьана тобанна. Лаьцначуо даре дина бах шегара ишта хIума даьлла аьлла.

Схьагучу суьртехь кху баттахь дуьххьала а я тIаьххьара а лоцуш бац Нохчийчохь гIаттамхойн аьтто бина боху бахархой. Оццу бахьнехь лаца а лаьцна чохь валлош ву Ведана кIоштан Эластанжара вахархо Эльмурзаев Адам. Цуьнга кховдийначу бехкаца гIо дина ца Iаш и ша ву цхьана хенахь тIемалойн могIаршкахь лелла.

Цхьаболчу тергамхоша тидарехь, мацах цкъа тIемалошна гIо деш хилла, царех дог лозуш хилла бохучу кхетамо ницкъаллин структурийн декъашхошна таро ло шайна дага мА деъи муьлхха а вахархо схьа а лаьцна жоьпе озо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG