ТIекхочийла долу линкаш

ТIом хоржуш "гIалатваьлла" стаг жоьпе озийна Нохчийчохь


Нохчийчоь - Чернокозовора набахта.

Нохчийчоь - Чернокозовора набахта.

Шемарчу тIамехь дакъалаьцна ааьлла кхеле озийна Нохчийчохь 22 шо долу Мажаев СаьIид. Нагахь иза бехке хилар тIечIагIдахь цунна 10 шо хан тоха мега.


Кху деношкахь Соьлж-ГIаларчу кхелехь листа долош ду меттигерчу вахархочуьнан Мажаев СаьIидан гIуллакх. 22 долу и жима стаг бехке веш ву Шемахь гIаттамхойн агIор тIамехь дакъалацарна. Мажаев СаьIида Шемахь цхьа шо хан яьккхина. Гарехь, ша лелочунна дохко а ваьлла Туркойн махкахула цIа вирзина иза. «Кхечу пачхьалкхехь, низамехь йоцучу герзашца кечийнчу тобанна юккъахь Оьрсийчоьнна зене йолчу агIор дакъалацар» аьлла хIокху тамашийначу артикалца чуволла хьийзош ву и жима стаг.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG