ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаша ца къахьдина нохчашна герз


Нохчийчоь -- ТIемаша ца къахьдина нохчашна герз
Нохчийчоь -- ТIемаша ца къахьдина нохчашна герз

Iамеркехь школехь, 20 бер а дуьш, рогIера бохам хиллачул тIаьхьа юха а айина ду Оьрсийчохь бахархошна герз лело бакъо луш долчу низамца доьзна хаттар. Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс юха а дIахьедар дина, махкахь маьршша герз лело бакъо яларна ша дуьхьал ву аьлла. Ткъа нохчашна хIу хета цу хьокъехь?Махкахь хиллачу къиза тIемаша дIацабаьккхина нохчийн герзе болу безам.

Кавказера тIом чакхенга баханчу хенахь, къера хиллачу кавказерачу къаьмнашна, Оьрсийчоьнан паччахьо, бакъо елла хилла, хаьнтIехь шаьлта лело, иза, ламасташца догIуш, церан духаран гIирс бу аьлла.

Нохчийн цIийца ду, герз дезар. Амма, цуьнан хам бар, иза лардар а, хьеха а ца оьшуш лелийна нохчаша. Герз а, говр а, къонахчуьнна йоьхъ а, сибат а барамехь хилла даиманна.

1990 шераш дуьйладелчу хенахь, герз дезарх, дог Iабо ка елира нохчийн. Дукха хан а ца оьшуш, махкахь, мел долу,герз: танкаш, кеманаш а, маса тоьпаш а, тапчанаш а, яьккхий базанашкахь уьш дита а дитина арабоьвлера, хIета, цхьаннах ша йозуш цахилар дуьненна дIакхайхкинчу Нохчийчуьра оьрсийн эскархой.

Тамашийна далахь а, оццула дукха герз нехан каракхаьчча, дукха лакха ца даьллера цуьнца деш долу зуламаш. Герз долчуьнна хьанна а хаара, шена а, иза доьхьал доккхура дуйла.

ШозлогIа тIом балле, Ичкерийн Iедал махкахь дIахоьттича, оцу герзах доллург хаарехь йоккха гIулч яьккхира нохчаша. ТIаккха а, хIета заманахь махкахь Iийначара аьшпаш буттийтара бац, доьвнаш даьлчу меттигашкахь вовшах герз деттар наггахь бен ца хуьлура.

Соьлжа-гIалахь юккъахъ суна сайна гина сурт ду оцу хенахь. Герзах воьттина, волу жима ши стаг, цхьана хIуманна тIехь доьвне ваьлла, лата вуолавелира. Амма, чучча вахле, цу шиммо шаьшингар герз цхьан гулдина вахь а диллина, хаз неха санна къиза буй-тIарий дира.

Леташ, лаьттах керчачу хенахь, моссуьйтуза, и шиъ, вахьдиллинчу герзана улле вахара, амма, цхьаммо а цунна тIе куьг ца даьхьар. ГIора дIадаллалц летта волу и шиъ, куьйга вахийтира гулбеллачара. Оцу хIумано, гойту, герзах болу кхерам, цуьнах боьзна бац, къоман синкхетамах боьзна бу, аьлла хета, ШаIрани, цIе йолчу ТIехь-мартан тIерачу вахархочуьнна.

ШаIрани: «Совета Iедал долчу хенахь а, вайна тIехь латтийна Iазап долшехь, вай нохчаша герз лелийна.ХIора доьзалехь шиъ-кхоъ герз хилла дIадиллина. Иза вай даиманна лелийна ду, мел чIогIа Iазап хилча а. Оцу герзан мах вайна хууш ду. Цо деш долу дика а, во а хаа. Вайна догIуш а ду герз. Тахана а лелош ду вай герз. Вай Iедал а ду».

Тахана Оьрсийчохь, магийна ду, лазош долу герз шеца лело. Кехатан цхьана тоьшалца, миччанхьа йолчу туьканкашкара 5 герз эца бакъо ю. Оьрсийчохь и низам лела дика хан ю, амма, Нохчийчу иза кхаьчна дукха хан яц.

Нохчийчу баьхкинчу муьлхачу хьешаш терго йо, урамашкахь а, кхачанан чоьнаш чохь а, миччанхьа а, герз лелош дукха кегий нах бу аьлла. Дукхачаьргахь хуьлу, Стечкин тапчан бух тIехь дина и лазош долу герз. Оцу могIарерачу нахах цхьа а кхерам бац, боккъулийна герз лелочу ницкъаллийн структурийн цхьаболчу белхахойх санна, аьлла, шена хетарг Маршо радиога дийцира Заурбек цIе йолчу Веданарчу вахархочо.

Заурбек: «Сайга хаьттича, хIинца йолу ницкъаллийн структураш, нийса 50 процентан лахйийра яра ас.Уьш кхузахь оьшуш а бац. Таханлерачу дийнахь, мел йолу чолхалла цара еш ю кхузахь. Ша дерг воуниг а, криминал а цаьргара хуьлуш ю.

Тапча йоккха мел хуьлу ша цхьа лаккхара хета цунна, ткъа иза дIаяькхкича, мича вахана а ца хууш карош ца хуьлу. Зуламаш до цара, цхьацца гIортораш ю шай бохуш.И гIортораш даиманна хуьлуш ма яций. Ас 2-3 шарахь лелийна сайца герз, цкъацкъа а , хьала ца даьккхина, нахана бале а ца ваьлла., ян герз ду сайгахьI аьлла, цкъа а дагадеана а дац. Сайгахь доцуш хенахь деш дерг дина-кх ас иза долуш а».

Оьрсийчохь, боккъулийна герз нахана лело бакъо яла езачу бохучарах ву, Федерацийн кхеташонан куьйгалхочуьнна хьалхара гIовс волу Торшин Александр. Нохчийчоьнан а, гIалгIайнчоьнана куьйгалхоша Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а, герз лело бакъо луш долу низам тIеэца оьшуш дац аьлла дIахьедар дича, цо тидам бинера, «доьххьара аш шай берш совца бе, тIаккха тхо а, синтеме догIура ду», аьлла.

Пачхьалкхехь диолгIа, пхиолгIа лаккхар дарж карахь долчо Торшинс дина дIахьедар дуьстича, билгалдолу, цунна герзашца кавказхошна оьрсий доьхьал бакха лууш санна.
XS
SM
MD
LG