ТIекхочийла долу линкаш

Кхелан сацамца Нохчийчохь YouTube дIакъевлинчу юкъана хеталора цхьаболчу нехан дахар сецна. Цу чуьра схьаэцна, хьалха ма хиллара, вовшака кар-кара луш видеош лелар сецнера. Амма, иза цхьана шарахь гергга къевлина а латтийна, юхасхьайиллича цхьаболчу нохчийн дахар шен самукънечу хорша дирзира.

Тахана, кхоччуш ала мегар ду, интернето, телехьожийлан меттиг дIалоцуш ю аьлла. Телехьожийлехь, самукъадаккхаран программашка, хьовсане а ца хьовсу нах. Цуьнан метта цара интернетехула YouTube-ах пайда оьцу.

ХIинца кегий нах а ца го гитара, я дечиг-пондар карахь а урамашкахь хевшина Iаш. Ца лоькху Даймахке болчу безамах а, хазачу йоIе дохучу дагах а лаьцна. Иза дерриг а интернетехь ду. Карахь лело телефон ю, таханлерачу жимчу стеган коьрта гIирс.

YouTube-хь шортта хьажа хIума ду, хIора стеган лаамца а, дог-ойланца а догIуш. Уггаре а нах дукха хьоьжуш йолу видеокийсакаш ю, зуда ялийначура ловзаршший, цхьацца забаренна яьхна роликашший а.

Iумар цIе йолу Соьлж-ГIалара вахархо, 8 берийн да ву.ГIишлошъяран белхаш деш ву иза. Чохь боккха доьзал хилар а, нехан петар чохь ша Iаш хилар а кхин новкъа а доцуш, 25 эзар сом а делла, мобилан телефон эцна цо дукха хан йоцуш.

Ша болх беш ца хилча, арахь гIаьнта хиина Iаш хуьлу иза, телефонехула роликашка хьоьжуш. ЦкъаццIа Iовдалчу стеган санна велалуш мохь а болу цуьнан. Хьо стенга хьожуш ву?-аьлла хаьттира аса Iумаре.

Iумар: «Комедишка а, кхечу хIуманашка а хъоьжу со. Уьш дIа а язъеш, Никулин а, Микулин а чохь волчу, ширачу комедешка хьоьжу со. Ловзаршка а, синкъерамашка а хьоьжу со».

Интернетехь долчу керланех алсам теша нохчий Амма коьрта цуьнах болу пайда, юха а, тIаккха а YouTube-хь йолу забарийн видеокийсакаш ю. Иштта боху Iела цIе йолчу жимачу стага а.

Iела: «Со оцу чохь наггахь керланашка а хьожу, юха YouTube чуволу. Видеороликашка хьоьжуш хан йойу аса. Иза эрна йойу хан а ю. Дукхачу хьолехь, хьалхалерчу забарен видеошка, хьапар-чупаре хьоьжу».

Полицехь болх беш волчу Абубакаран карахь ю iPhone 5 олуш йолу смартфон. Барам боцучу интернетан тIе тесна ю иза. Оцу чохь Iовдал лелачу нахах лаьцна йолчу видеошка хьоьжу иза. Ца хаьжча ца Iало ша бохуш дуьйцу цо.

Абубакар: «Коьртачу декъана оцу YouTube чохь йолчу Iовдал лелачу нахах лаьцначу видеошка хьоьжу. Дуккха ю роликаш цу чохь. Цаьрга хьоьжуш Iа, гулбеллачу хенахь. Iовдал мел лела а хазхеташ берш дукха хуьлу».

Тахана, нохчийн къам кхетош-кхиорехь болх чIагбина Iедалша. Интернетах долучу зуламах лаьцна дукха дуьйцу маьждигащкахь хьехамаш беш. ЦкъаццIа моттало кхузарчу Iедалан карахь хилча и зIе дIакъовлур яра аьлла.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG