ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ингушетияру.org. сайт экстремистан лерина ГIалгIайчура Магас-кIоштан кхело


Прокуратуро дина дехар а теллина, Ингушетияру.org. цIе йолу оппозицин сайт экстремистин чулацам болуш лерина тахана ГIалгIайчура Магас-кIоштан кхело.
ГIалгIайчоьнан прокуратурин сайта тIехь зорба тоьхначу хаамо бахарехь, урхаллин талламаш беш, сайта тIерчу материалашкахь царна дуккхаза а гучуевлла экстремизман амал.

2008-чу шарахь Мангал-беттан 6-чу дийнахь Москохарчу Кунцево-кIоштан кхело экстремизм йолуш а лерина, дIакъевлинчу Ингушетия.ру сайтан тIаьхьалонча лоруш ю ша Ингушетияру.org. ХIетахь Гiалг1айчоьнан президент хиллачу Зязиков Муратана критика ярца евзаш яра иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG