ТIекхочийла долу линкаш

Официалан чIагIдарца кхушеран хьалхарчу кхаа баттахь 45 эзар сов стагна белхан меттигаш хилла Нохчийчохь. Iедалан хьостано гIарбаьккхинчу хаамах доцца аьлчи цуьнан жамI ишта ду: махкахь болх-некъ боцчийн могIарш хаъал лилхадевлла кхушеран хьалхарчу кхаа баттахь, вуьшта аьлчи 18% лахбелла дан хIума доцуш лелларш.

Официалан чIагIдарца 47 эзар сов стагна болх-некъ карийна. Цу кепара кхиам хилла цхьа могIа яккхий коммерцин проекташ дахаре ерзор бахьнехь. Ишта алар доцург дуьцуш дац динарг хIун ду а, 6-7 юрт йиллал болчу нахана оццул белхан меттигаш муха карийна а.

Экономика кхиаран а йохка-эцаран а министараллин Iалашо ю герггарчу 2 шарахь 41 эзар керла белхан меттиг кхолла. МаьхькIамхошна хетарехь 5 шо хан ялале махкахь болх-некъ боцурш 5 % бен хир бац. Мехкан куьйгалхоша хIиттийна и декхарш кхочуш ца дан бахьна ца го министараллин хьаькамашна.Кхеталуш дерг цкъачунна цхьаI ду – оццул белхан меттигаш кхоьллина бахахь а махкахь цкъачунна йина цхьа завод а я фабрика а яц, церан хьокъехь деш долу дIахьедарш, мацца а цкъа йийр ю бохуш, хинйолчу хенахь деш ду.

ХIоккхул белхан меттигаш кхоьллина, оццул эзар кхин а тIе а кхуллур а ю бохуш лакхарчу тIегIанахь ден официалан дIахьедарш муха туьду могIарерчу бахархоша? Мел бух болуш лору цара шайна бакълена а белхан меттигаш евр ю бохург? Царна жоьпаш каро ас къамеле баьхначех , белхан хьокъехь деш долу дIахьедарш бакъ хила герга ду аьлла, дегайовха берш дукха бац. Царех ву пенсионер Бахьа а.

Бахьа:«Статистика ю и шаьш ялийча дерриг чекхдолуш санна хабарш дуьйцу. Болх-некъ боцурш Iаламат дукха бу. Мел дукха бу хаьий хьуна? Уьш хIора шарна а тIекхеташ бу лахлуш бац. Советан Iедал долуш дуьйна лелийна моттаргIанаш ю. Цу хена чIогIа карадирзина хIума мА дара и припискаш…Белхан меттигаш муха йовлу еш завод а я фабрика а ца хилча? Цхьацца долахой бу-кх хьийзош хIара а,хIара а тIеязве бохуш…»

Соьца къамел деш волу Iабаз туькана долахо ву. Цуьнан хIусамнана а, йоI а и ша а, нус а - берриш бу цу чохь къахьоьгуш. Туька ша йоккха яц,дийнахь юхкуш ерг 5-6 эзарна,уггар тIехь 7 эзарна бен хIума яц бохуш чIагIонаш йо Iабаза. Царех а боху цо нисса ах лург яла езаш нисло шен, пенсеш я алапаш схьадаллалц. Эзарнашкахь белхан меттигаш евлла махкхаь бухург цо цхьа вон забар санна туьдуш хIума ду. Цхьана агIор цо жоп а делира и белхан меттигаш муха йохуш ю бохучу хаттарна.

«Суна хезнарг, пенсионераш дIа а бохуш, кегийрхой дIаоьцуш бу, цкъа делахь. Болх-некъ муха хуьлу еш завод а, я фабрика яц. Соьга а боху белхалой лаца. Ас муха лоцу? Со хIун деш ву кхузахь тIаккха?. Сан ши кIант ву церан II бер ду йоьIнаш доцуш. Оха хIун до нехан белхалойх? Арара белхо лаца а боху, алапа хIоттаде а боху..

Аса и дахь со даа хIума а доцуш вуьсур ву-кх. Стенна аьлчи кхузахь хуьлу иттех бIе туьма декъа воьлча цунах хIун хуьлу? Цунах болх-некъ цахилар дIадер мА дац. тIаьхьло йолуш хIума дацара иза-м… Муьлххачу хIуманан а цхьа бух хила мА беза. ХIара хIун ду ша дах…»

Соьца къамел дIаязбинчара а, кхечара а чIагIдарца Iехош верг мила ву а ца хууш, хIоккхул белхан меттигаш евлла бохуш, лелош дерг, цхьа хьерахь а, хьаьттахь а хила йиш йоцчу хIуманах тера, тIаьхьло йоцу моттаргIанаш ю, бахархоша беламе, эхье хIума санна тIеоьцу хиламаш бу
XS
SM
MD
LG