ТIекхочийла долу линкаш

2002-чу шарца дуьстича, 500 эзар сов вахархо тIекхетна Къилбаседа Кавказехь


Нохчийчоь -- Кремло хIоттийначу Нохчийчурча Iедалан къона агIонча Соьлж-гIалан урамашкахь нах тешо гIерташ ву бахархой лаларехь дакъа лаца, бохуш, Соьлж-гIала, 14ГIад2010

Нохчийчоь -- Кремло хIоттийначу Нохчийчурча Iедалан къона агIонча Соьлж-гIалан урамашкахь нах тешо гIерташ ву бахархой лаларехь дакъа лаца, бохуш, Соьлж-гIала, 14ГIад2010

2002 шарера 2010 шаре кхаччалц лаьрча, 500 эзар вахархо тIекхетта Къилбаседа Кавказехь. Цуьнах лаьцна хаам бина оршотан дийнахь ХIинж-гIалахь хиллачу «2010-чу шеран Оьрсийчохь бахархой лараран жамIаш» цIе йолчу горгачу стоьлехь вист хуьлуш Оьрсийчоьнан пачхьалкхан статистикан федералан сервисан куьйгалхочо Суринов Александара.


2010-чу шарахь хиллачу бахархой лараран жамIаш Дагестанехь дар ларамаза дац аьлла, дIахьедар дина цу республикан куьйгалхочо Магомедов Мохьмадсалама.

Цо дийцарехь, уггар дукха къаьмнаш деха Оьрсийчоьнан Федерацин субъект ю Дагестан. Цу республикехь бехаш бу 117 къоман а, этникан тобанийн а векалш. Бахархой тIекхетарца Дагестан шолгIачу меттехь ю Оьрсийчоьнан субъекташна юкъахь.

Иштта Росстатан куьйгалхочо Суринов Александара дийцарехь, 2002-чу шарца дуьстича Къилбаседа Кавказерачу бахархойн терахь тIекхетна 500 эзар стагана, вуьшта аьлча, 5,5 %. Оцу кепара карарчу хенахь цу регионехь вехаш ву 9 миллион 400 эзар стаг.

Кху тIаьхьарчу 10 шарахь, ГIебартойн-Балкхаройчоь а , ГIалгIайчоь а дIаяьккхича, вукха республикашкахь а, кIошташкахь а бахархойн терахь алсам даьлла.

ГIебартойн-Балкхаройчохь бахархойн терахь лахделла 4,6 %. Цуьнан бахьана ду, аьлла, хета говзанчашна цу республикера адамаш дIаэхаран терахь алсам хилар, цигахь дуьненчу довлучу берийн терахьелла а.Адама дIадоьдуш ду ГIалгIайчура а.

Къилбаседа Кавказехь уггара дукха бахархой тIекхетна болу меттиг ю Нохчийчоь (I5%). ШолгIачу меттехь ю Дагестан (I3%), тIаккха - Кхарачой-Чергазийчоь (8,7 %).

Росстатан куьйгалхочо Суриновс дийцарехь, Къилбаседа Кавказехь дукхах болу бахархой ярташкахь бехаш бу. Баккхийн хийцамаш хилла цигахь деха адам мел хенаш йолуш ду, бохучех а. Къонан бахархой хиларехь хьалхара позициш дIалоцуш ю Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а (24, 25 шо), ткъа иштта Дагестан (27 шо 3 бутт).

Къилбаседа Кавказехь къезиг доьзалш бу доьзал бу, аьлла, кехаташ доцуш. Цигарчу республикашкахь масийтта зуда йолу доьзалш хилар а гучудаьлла. ГiалгIайчохь 30 стаг ву шиъ, я масийтта зуда йолуш. Нохчийчохь-75. Ставропол-кIоштахь - 6. Ерриг а Оьрсийчохь и хьал ду 1616 доьзалехь.


Дешна нах хиларан тIегIа ерриг а Оьрсийчоьнца дуьстича лахара ду Къилбаседа Кавказерачу субьекташкахь. Цигахь дукха бу говзалла карайирзина боцу нах, амма къезиг бу дешна боцу нах.

Экономикехь жигаралла гойтуш болу нах а къезиг бу Къилбаседа Кавказехь, ерриг Оьрсийчохь лаьттачу хьолаца дуьстича. Болх беш боцучу, я и болх лоьхуш боцучу 15-64 шаре боьвллачу нехан терахь ду цу регионехь 26%.

Амма долахь бизнес йолчу нехан терахь алсам ду Къилбаседа Кавказехь юккъерачу барамехь ерриг а Оьрсийчохь схьаэцча: ГIебартойн-Балкхаройчохь -11,1%, Дагестанехь - 10,5%, Нохчийчохь - 9,9%.

2010-чу шарахь хиллачу бахархой лараран жамIашца Оьрсийчохь вехаш ву 142 миллион 900 эзар стаг. Оьрсийчоь борхIалгIа меттиг дIалоцуш ю кху дуьнентIехь бахархойн терахь доккха хиларца, Китай а, Инди а, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Индонези а, Бразили а, Пакистан а, Бангладеш а дIаяьккхича.

2002-чу шарца дуьстича, Оьрсийчоьнан бахархойн терахь жимделла 2 миллион 300 эзар стаганна.
XS
SM
MD
LG