ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн Дуьненаюкъарчу Конференцехь дийцаре дийр ду къоман гIиллакхаш а, мотт а


Дани -- КапенхIаген, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 20Заз09

Дани -- КапенхIаген, (Маршо Радио/Азимова Сийлаха), 20Заз09

Зазадокху беттан 17-чохьий, 18-чохьий Данин коьрта гIалахь КопенхIагенехь дIахьор ю Нохчийчоьнна лерина дуьненаюкъара конференци. Цигахь дакъалоцур ду Европерчу а, Оьрсийчуьрчу а делегаташа.


„Нохчийчоь Оьрсийчохь хила там болчу хийцамашкахь“- иштта ю шоьтан дийнахь КопенхIагенехь дIайолалур йолчу дуьненаюкъарчу конференцин цIе. Шина дийнахь яхлур йолчу цу конференцехь дийцаре дан лерина дуккха а мехала хеттарш ду. Царна юккъехь ду, масала, карарчу хенахь Оьрсийчуьра политикан-юкъараллин хьал кхиаран башхаллаш а, Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан тIеман конфликт политикан некъашца ерзоран таронаш а, цу некъа тIехь дуьненаюкъарчу цхьанакхетараллаша лаца йиш йолу дакъа а.

Конференци еа сессина екъна хир ю. Иза схьайоьллур ю Литувера вевзаш политик а, Европарламентан депутат а волчу Ландсбергис Витаутаса. Цул тIаьхьа хьешашка вистхир ву Нохчийн Республика-Ичкериян куьйгалхо лоруш волу Закаев Ахьмад. Цо гулбеллачарна доцца довзуьйтур ду Нохчийчохь карарчу хенахь хIоттаделла хьал а, оьрсийн-нохчийн юкъаметтигийн башхаллаш а.

Хьалхарчу сессехь иштта вистхир ву Нохчийчохь шуьйра вевзаш волу Лорд Фрэнк Джадд а, Нохчийчохь тIом боьдуш Евробертан Къилбаседа Кавказехула коьрта рапортхо хилла волу. Цул совнаха, конференцин хьалхарчу сессин декъашхошна юккъехь Польшин Сейман сенатор Ромашевски Збигнев а, Нохчийчоьнан хьокъехь вовшакхеттачу дуьненаюкъарчу парламентхойн тобан инарла секретар Эндрюкайтис Алгирдас а, „Бесланан аз“ юкъараллин куьйгалхо Кесаева Элла а, цхьамогIа кхин а нах бу.

Ичкерин парламентан депутат волу Исханов Хьусейн а ву конференцин декъашхойх цхьаъ. Карарчу хенахь Австрехь вехаш волу Исханов Ичкерин парламентан арахьарчу зIенашца йолчу комитетан куьйгаллехь ву. Цо иштта дийцира Маршо Радионе КопенхIагенехь дIаяхьа леринчу конференцин Iалашонех лаьцна.

Исханов: "Цигахь яккхий Iалашонаш ю хьалха лаьтташ. Вайн ма-хаъара, Европехь дукха адам ду нохчийн, дукха а хьалакхуьуш кегирхой а бу. Уьш вовшашна бовзийта а беза. Йоккха проблема маттаца а ю кхузахь. Францехь французийн мотт, Германехь немцойн мотт, иштта дIа кхин а. Цу меттанашкахь къамелаш до бераша, ткъа шайн ненан мотт хаар а, иза Iамор а чIогIа ледара ду цкъачунна.

Цу тIехь гIулчаш яхар ю цхьа Iалашо. Цигахь презентаци йийр йолуш ю, масала, латинийн элапшца хIоттийначу нохчийн абатан. ЧогIа дика бина болх а бу иза. Цуьнца мотт Iамо болийча, тIаккха юха шолгIачу, кхозлагIчу тIегIанашна а книшкаш арахоьцур йолуш ю. Ткъа и вайн нохчийн мотт биц ца балийтарний, вайн нохчийн гIиллакх-гIуллакх диц ца далийтарний тIехь дика гIулч хир ю-кх и конференци".

Исханов Хьусейн конференцин кхозлагIчу сессехь вистхир ву. Цу декъан цIе „Нохчийн мухIажарийн дозанал арахьара хьал а, церан даймахкаца йолу зIе а“ аьлла ю. Иштта цу декъехь дийцаре дийр ду вайнехан кегийрхоша Малхбузерачу пачхьалкхашкахь вовшахтоьхначу боламийн хьал а. Исханов Хьусейнна хетарехь, карарчу хенахь дозанал арарчу вайнахана хьалха лаьттачарех уггаре а коьртачех цхьа хаттар – иза ненан мотт ларбарца а, кхиорца а доьзна ду.

Исханов: "Со Австрехь Iаш ву. Австрехь суна гуш, воьдуш-вогIуш, кхечанхьа а, массо а халонаш гуш а хуьлу, нахаца зIенаш а хуьлу. Суна гуш йолу коьрта хало – иза маттаца ерг ю. Оха тхьаш буьйцуш болу мотт, чохь буьйцуш , Iамош берг, иза ца тоьаш карабо тхуна. Грамматика а, дешар а, яздар а девзаш ца хилча, мотт хаар ца хуьлу цунах. Цундела жимма и мотт алсамох ца Iамийча, вайн берашна тIаьхьа шайн берашна дIабала мотт буьсур а бац. Мелла а хIара гIуллакх дахлах, кхузахь Iаш берш мотт а, культура а йиц ца еш, цу тIехь болх бан безаш бу. Цунах лаьцна хир ду-кх сан къамел".

Конференцехь дийцаре дан леринчарна юккъехь вайнзаманахьлерачу Нохчийчуьра политикан а, бакъонийн а, экономикан а, социалан а хьал хир ду. Амма иштта Малхбузерачу пачхьалкхашкахь вайнехан культуран кхерчаш кхоллар а, кхиор а хир ду. Исханов Хьусейна дийцарехь, дуккха а сатийсамаш бу Европехь бехачу вайнехан жигархоша а, политикаца я юкъараллерчу хьелашца балаболчу наха а цу конференцица цхьаьнабузуш.

Исханов: "Конференци дуьххьарниг а ма яций, хила а хилла хьалха, кхин а хир ю. Сатуьйсург хIун ду аьлча, Оьрсийчоь вайн кочара дIаяларе а сатуьйсу, вай маьрша дитаре а сатуьйсу. Юха вай маьрша девллча, вай кхин дIа муха даха деза, юкъаметтигаш а муха лелон еза бохург а дуьйцур ду. Хьалха дийлина хилла цхьацца гIалаташ ца дилийта, политикан говзалле Iама а.

Европехь Iийчий бен ца хаьа, и политика а, пачхьалкхашца юкъаметтигаш а муха лело еза бохург. ГIиллакх-гIуллакх мухха а делахь а, Iедалан кеп ларъяр а, политика лелор а кхузахь дика Iамош ду. Кхузахь вайн хьалакхиинчу кегийчу нахана нийса некъ дIа а гойтуш, цаьрца болх бича, царах вайн къомана боккха пайда хир бу. Амма уггаре а хьалха маршо хила еза. Къам маьрша ца хилча, цхьана а агIор я динца а, я маттаца а вайна перспектива хир яц аьлла хета суна".

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG