ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра хьал дийцар - дети, цадийцар - деши


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалахь а, кхучу меттигашкахь а хаало тIе летийна "Багахь сацабе хьайн мотт", "Ма дийца хьайга ца догIург" боху йозанаш а долуш, дIасайоьлху машенаш, Соьлж-гIала, 11Оха2012.

Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалахь а, кхучу меттигашкахь а хаало тIе летийна "Багахь сацабе хьайн мотт", "Ма дийца хьайга ца догIург" боху йозанаш а долуш, дIасайоьлху машенаш, Соьлж-гIала, 11Оха2012.

«Хьалха хьажий бен ког ма баккха, тIехьа хьажий бен дош ма ала», бохуш кица ду вайнехан. И дахаре дерзош, адам самоне деха санна, « Эладитанаш доцу мохк-аре» цIе а йолуш, шатайпа акци дIаяьхьна нохчийн гIаланашкахь а,кIошташкахь а Пачхьалкхан ЦIийнехь, кегийрхойн гIуллакхаш луьстучу комитетан белхахоша.


Цу боламан юкъара цIе ю "Эладитанашна - хIан-хIа" Нохчийн юкъараллина чIогIа мехала а лерина, и акци вовшахтоьхначу маьхькамхоша билгалдаккхарца, цуьнан Iалашо ю, юкъараллехь даржош долу, "элира, бахара" боху харц хабарш совцор а, шайн долахь машенаш а йолуш, бахархой дIасабуьгуш, церан хьашт-дезарш луьстучу белхалошна юкъара уьйр-зIенаш чIагIъяр а.

Эладитанаш ца а дуьйцуш, шайн батош совцорехь, массо а нохчочун цхьа барт хилахь а, нагахь санна, церан уьйр-зIенаш тояларна цу хиламо хIун гIо дийр ду, кхеташ дац. Цу эладитанийн бух-орам, церан хIутолаш яржаран, дебаран хьоста лоручух тера ду хьекъало сагатдеш болчу Iедалдайша адам дIасалелош йолу машенаш а, автобусаш а. Стенна аьлча, царна тIера, цу машенаш тIе кхайкхаме кехаташ детташ дIайолийна Нохчийчохь «Эладитанашна - хIан-хIа» цIе йолу "мехала" акци. Церан, оьрсийн маттахь яздинчу цу цхьадолчу кехатийн чулацам нохчийн маттахь иштта кхетало: « Батт сацаяй гIо – гена вер ву хьо», «Далла а ца дезна эладитанаш», «Хьайн мотт цергаш тIехьа кхаба», «ХIума юуш бен бага ма гIаттае», иштта кхин дIа а.

Дукхахболчара кхеторехь, кегийрхойн комитетан декъашхоша, Iедалан дайшкара пурба а доцуш, шайггара долийна хIума дац эладитанашца къийсам баллор. Цара кхеторехь, урхаллехь болчарех лаьцна, забаре хьу йолуш а, йоцуш а, хабарш юкъараллехь дукха тIех даржарна юьхьарлаьцначух тера ду и тайпа, могIарерчу наха, бодашка топ кхиссар санна, беламе лору акци. Цу «Эладитанашна - хIан-хIа» цIе йолчу боламах, и цуьрриг керла а ца лоруш, шен хьажам болчех ву Соьлжа-гIалахо Сулима а.

Сулима: «Ткъе итталгIачу шерашкахь, Сталинан хенахь, гина хIуманаш ду-кха уьш. Керла хIумма а дац. Цу хенахь а хилла, сема хила, лулахоша хIун леладо а, цара хIун дуьйцу а хьовса боху билламаш. ЦумогIарера ду-кх иза а. Олуш ду-кх, истори шозза карлайолу - цкъа трагеди санна, шолгIа фарс санна. Вай-м долуьйтур дац вешагара хIумма а. Алал ша ваьхьачо? Соьга хаьттича, цхьаммо а цхьанхьа а кехаташ детта а, кхайкхамаш бан а ца оьшу. ХIораммо а шен-шен батт сацо еза. ГIуллакх доцург дийца ца оьшу».

Сулимина хетарехь, эладитанаш совцо дагахь долийнарг баккъал а беламе, челакха хIума ду. Цу хиламо мелхо а, боху цо, Iедалан мукъ карахьболчеран хьокъехь, цу хIуманах самукъа а долуш, хабарш дийца ир-кара хIоттор ду адам.

Мел бух болуш, хIун барамехь даьржина ду махкахь и санна хабарш-эладитанаш? Ма-дарра аьлча, церан къоьлла яц. Цаьрга ладоьгIча, мехкан куьйгалхочо, гIибабовллалц бишка а тухуьйтуш, таIзар данза бисина дукха Iедалдай-министарш бац Нохчийчохь. МогIарера маьхькамхой, Iедалан гIуллакхъхой-м буьйцуш а бац. Аьлча а, церан чот ян а яц, дийцарехь.Шорто йолуш, чулацаме ду церан хьокъехь,церан хьекъалан-кхетаман мах хадош,нохчашлахь лела забаре хабарш а. Цу могIарера ду хIара а.

Тайпанан бено а волуш министр. Цуьнга арз дина цхьана могIарерчу цу министараллин белхочо. «Хьан гIоьнчано, ша бено волундела, кIордийна-кх хьо Iовдал, бохуш, тIехбеттамаш беш, хьийзош, ца вуьту ша», аьлла.

Хьаькамо шен гIоьнча тIе а вехна, барт хаьттина. «Бехк-гуьнахь а доцуш, Iовдал бохуш, ша хьийзаво ма боху цо. И хIун ду ахь лелориг?»

-Валлай, ас иза хьийзош а ма вац, амма иза хи сецца Iовдал-м ву. Цунна кхин болх бала а безар-кх, цо цхьа йиш йоццург дале. Хьуна лаахь ас гойтур ду-кх хьуна иза Iовдал хилар.

-И бохург хIун ду? Муха гайта воллу хьо? - хаьттина министро.

ТIаккха гIоьнчано шен белхахочуьнга –беночуьнга, схьа а кхайкхина, аьлла:

-Хьада, дIавалол чехка, со сайн кабинет чохь ву-вац хьажал.

Важа омра кхочуш дан дIатасавелла.

И сурт гучу министро аьлла:

- Валлай ван а ма ву Iовдал! Телпо тоха ца мегаш санна, цуьнан дIахьадаре хьажахь!

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG