ТIекхочийла долу линкаш

Лелла Харцо Дегнаш Чохь Татталац я ТIехьа а, я Хьалха а...


Нохчийчоь -- Вайнах 1944-чу шарахь махках баьхча, Iедало божалийн баххашка дехкинчуьра схьадаьхна кошатIулгаш, Iалхан-Юьртарчу кешнашкахь, 23Чил12

Нохчийчоь -- Вайнах 1944-чу шарахь махках баьхча, Iедало божалийн баххашка дехкинчуьра схьадаьхна кошатIулгаш, Iалхан-Юьртарчу кешнашкахь, 23Чил12

Къам дохийна де билгаладоккхуш доцу дикка хан ю. Хьалха даздеш а дацара оцу денца нислуш долу Даймехкан гIаралхочун де. Ткъа тахана иза ду Нохчийчохь Iедалша билгалдоккхуш. Делкъахенахь Соьлжа-гIалахь концертан хIусамехь республикан куьйгалхоша дIадаьхьира эскархошца цхьанакхетар. Царех лаьцна довха дешнаш бехира, гуттар а билгалбевллачарна совгIаташ а дийкъира.


Дудаев ДжовхIар Нохчийчоьнан коьртехь а волуш, нохчий бохийначу дийнах «Къам ЮхаметтахIотторан де» ала долийра. Тахана дукха наха, вовшащка телефонаш чухулла смс-хаамаш кхоьхуьту, Даймехкан гIаралхочун денца декъал беш. Оцу нахана я дицделлехь а, я дага даийта ца лаахь а, къам дIадохочу хенахь а, шина а тIамехь а, къаьсттина эскархоша латтийна нохчашна тIехь къизалла а, гIело а.


Баккхийчарна, къоманна тIехIоьттина хилла и хала киртиг дагайогIучарна, хIинца а дагахь лаьтта хIетахь лайна баланаш, Индербиева Зараъ цIе йолчу хIоккхастагана а санна.

Индербиева Зараъ: «Дай-наний тхан цхьана ца хилла дIадохочу хенахь. Тхан да тIаме дIавигина. Цигахь вайна иза. Тхан йишас а, вашас а, оха кхааммо, дуьне ца диина. ДIадохийначуьра цIа догIуш со йоккха яра. Тхо 1957 шарахь цIа даьхкира. Оцу тхайн керта кхача гIерташ дара тхо. Оцу кертахь дехаш дара оьрсийн стаггий, зудий. Цара и схьа ца луш, тхо эрна арахь охьахевшира. ТIаккха тхайн цхьа гергара стаг волчохь, божал чохь, Iийра тхо. ЦIенош дан деза, аьлла, тхо поппаран кибирчиг ян дуьйлалучу хенахь оцу гIазакхаша тхуна схьадоьхкира тхан цIа. Ишшта кхечира тхо цу чу. Iер ледара хилла-кх, цигахь а хилла. ЦIа даьхкича а хилла».

Маршо Радио: Казахстан дагайогIучу дукхаъчу наха олу-кх, цигахь нохчий кхин бара, хIинца иштта бац,олий. Хьуна и башхалла муха го?

Индербиева Зараъ: «Иза дагадогIу суна дика. Оцу Казахстанехь воно мерза а ма дара, тайпанаш а ма ца къестадора. Шаверг, цхьана чуьра волуш санна, веза а везара. Стенггахь а гича, мара а бетталуш, дика дара адам. ХIинцалера адам, шен-шена, кхача шаьш биичхьана, бохуш, хийцаделла. Вокханиг а хийцавелла, жиманиг а хийцавелла. Казахстанехь хуьлуьйтур яр-кх ас со, цигахь ма Iерра, Iаш а йолуш. Ца гина адамашна хIумма а. Тхан девашас олура, пхьаьжа юккъера мукх а, картолан чкъуьйригаш а лехьош, мацалла ца далийта, лелийна,олий. И хIуманаш нахана дицделла». (Йоьлху Зараъ).

Таханалерчу заманахь нохчашна юкъахь дукха дийцина, къам махкара дохоран бахьанех лаьцна. Нохчийн латта дезаш, царех цхьа кхерам шайна хеташ, Iедалш хила, бохуш, дуьйцу цхьаболчара. Оьрсийчохь-м кар-кара а луш лелош верси ю, нохчаша Гитлерна совгIатнп кIайн говр кечийнера, бохуш. Нохчашна юкъахь а дуьйцу оцу бохаман цхьацца бахьанех лаьцна. Яздархочо Ахмадов Мусас бахарехь, къам махках даккхаран бахьана кIоргга лаха деза.

Ахмадов Муса: «Вай цIера дахаран бахьана лаха деза, цунна анализ ян а еза. Дан ца деза, тIехула жамI, политикан доцург, философин кIорга жамI дан деза, Дала вайна и бохам балар хIун бахьаненна хила-те, вай зуьш хила-те, ян вай Iеса девлла хилла те, бохуш. И тайпа жамIаш вайна юккъерчу дикачу наха а, Iелимнаха а, вай цIера ма даьххнехь, дан долийна хилла и жамIаш. Суна дагайогIу цхьа еха назма. Цу тIехь Сталин а ца вуьйцура, политика а ца юьйцура, Советан Iедал а ца дуьйцура. Оха дайн оьзда гIиллакхаш а дицдира, оха хьо, Дела, вицвира, меттанаш а дицдира, оха хьаштдоцург а лелийра, цундела ахь тхуна хIара зер дела. Оха дош ло хьуна, хьан дуьхьа дIахIитта, бохуш,150 сов байт а йолуш, йоккха назма яра иза».

Нохчийн цхьа а тайпа бехк бацара, сел луьра Iаткъам цунна тIе боссой, аьлла хеташ ву, Хьабахах лаьцначу жайнин соавтор Гаев Саламат. ДIадохадарна нохчийн цхьа жимма а бехк хилла, аьлла ца хета цунна. Нохчий цкъа а Iедалшна ямарт ца хилла, бохуш дийцира яздархочо.

Гаев Саламат: «Дала лардойла вай и къамелаш дечарех .Дера дац вай цхьа а бехк болуш. Вайнчул хаза гIиллакх долуш, вайл оьзда къам хIокху дуьненчохь дац. Вайга цабезам болчара тIе хIума а кхоьллина лелийна ду уьш. ХIинца Леонтьев Михаила муха дуьйцу, вайна дуьхьал хIуманаш. И санна долу хIума ду вайна тIекхоьллинарг. Цхьа а бахьана а доцуш. Кхелла-м Делера ю, бакъдерг дийцича, амма вайн бехк болуш хилла хIума дац иза. Доьналла а долуш, майра а болуш, ямарт а боцуш, муьтIахь а болуш, Оьрсийочьнан тIом цхьанца баьлча, Турцийца баьлча а, Францийца баьлча а, ша дехкина зуд санна, летта нохчий».

Мел боккха бехк хилча а, дерриг а къам жоьпалле хуьлийла дац, муьлхачу а низаме диллича. Амма хиллачуьнна бехкеберш, таIзар данза, дIабахана дуьненчуьра,шайлахь дуккха а инарлаш а болуш. Ала догIу, нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш махках дохучу «Хьозийн кхоьаш», оьрсийн маттахь «Чечевица», цIе тиллинчу операцин коьртехь хилла Гвишиани Гуьржийн махкахь шен Iожаллица велла. Иза цхьана юкъанна, лачкъа а вина, Нохчийчу сехьа а ваьккхина, цунна тIехь кхел ян Iалашо хиллера нохчийн. Амма иза чекх ца даккхаделлера хьалхара тIом болабаларан бахьаница. ТIаккха кхин «турпалхой» бевлира нохчийн къоманна тIехь къизалла латтош...
XS
SM
MD
LG