ТIекхочийла долу линкаш

"Кавказ" некъа тIехь хьийзабо Нохчийчуьра машенашлелорхой


Оьрсийчоь -- "Кавказ" олучу федералан некъаца Нохчийчура машенашлелорхой хьийзорна дуьхьала ву ша бах Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Рамзан" цIе йолчу патриотийн клубан декъашхой Соьлж-гIалахь, 2011

Оьрсийчоь -- "Кавказ" олучу федералан некъаца Нохчийчура машенашлелорхой хьийзорна дуьхьала ву ша бах Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Рамзан" цIе йолчу патриотийн клубан декъашхой Соьлж-гIалахь, 2011

Соьлж-гIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассамблеян конференцехь вист хуьлуш, масийтта хаттар айира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Церах цхьаъ дара «Кавказ» олучу федералан некъа тIехула дIасалелаш наха ловш йолчу халонашца доьзна. Некъан полицино нах хьийзабарна ша реза ца хилар хаийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Цхьа ши кIира даьлча, Iаьржа хIурдан йистехь дIайолалура ю, садаIаран хан. Оцу хина йистошка садаIа оьхучарна юккъахь шорта хира бу Нохчийчура бахархой а. Амма кхечу регионашкарчаьрна санна атта хир дац царна, цига дIакхача. Махкара ара ваьлча дуьйна, дIаболало церан некъаца болу бала.

Цундела Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Соьлж-гIалахь дIаяхьначу Къилбаседа Кавказан парламентийн ассамблейхь дина долу дIахьедар доьзна дара, «Кавказ» цIе йолчу федералан некъа тIехь дIасалелачу шен махкахойн йохош йолчу бакъонашца.

Форумехь дакъалоцучаьрга, цо хаам бира, Нохчийчурча машенлелархошкара оцу хьокъехь дукха аьрзнаш хуьлу, аьлла. Нохчийчоьнан куьйгалхочо тидам бар дийхира кхечу республикерачу парламентхошка оцу гIуллакхана.

Нохчийчурча адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдис къобал деш ду «Кавказ» некъа тIехь йолчу ситуацина терго яр. Оцу новкъахула дIасаоьхучу нохчашкара шайга дукха аьрзанаш кхочу элира цо.

Нухажиев Нурди: Дехьа-сехьа волучу хенахь, бехке ву, ян вац, ян низам дохийна, аьлла, полисхойн бала а бац. Царна гуш ерг 95 регион ю. И регион хилар бу стеган бехк. Шена тIехь доцу хIума тIе а кхоьллина, оцу новкъахь шена хьовзам бийра буйла хаа цунна.

Сулейман цIе йолу Хьалха-МартантIера вахархо хIора шарахь Iаьржа хIурдан тIе воьду садаIа а, шена дарба дан а. Цхьа эзар чакхарма ца кхоччучу новкъах шена уггаре а хала хеташ дерг цигахь лаьттачу полицийн белхахошца йолу юкъметтиг ю элира цо.

Сулейман: «Кавказ» некъаца дIасалелачунна хаа, цигахь муха хьал ду. ХIинца вайна йохлуш ю, нах хIурдан тIе баха а, садаIа а, дарба дан а, гIура бу. Со хIора шарахь воьдуш ву цига. Цига воьдуш, хIора постехь аьлча санн, сецош хIума леладо полицино. Цигахь цхьа къепе хIоттийча, дика хира дар-кх.

Нохчийчура бахархойн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдина хетарехь, бехк боцуш нах новкъахь а хьийза ца байта, некъ болуш бу. Цхьана регионехь ерриг машенийн цхьа код хилча, тIаккха полицийн болх бан дезара дар, аьлла, хета цунна.

Нухажиев Нурди: Рамзана и хIума карладаьккхинчура, оха тхайн болх юха а айбина, и бала дIабаккха тхуна некъ карийнера. Масала, Къилба федералан гонехь машенийн цхьа регион юкъяьккхар ду иза.ТIаккха оцу полисхойн болх бан дезар дара. Лерина цхьа регион лоьхур яц цо саца ян, некъа низам дохош верг сацор ву.

Тахана Кавказехь керла политика дIайолийна аьлла миллиардашкахь ахча регионехь дуьненаюкъара туризм яьржо лууш чу тухург хилча, инвесторш дIакъехкор бу некъашца йолчу ситуацино, бохуш, кхин дIа а дуьйцу Нохчичурча адамийн бакъонашкахула векал волчу Нухажиев Нурдис.

Нухажиев Нурди: Аса Хлопонине элира, ахча а дохьуш, Кавказе вогIуш волчу инвесторна агитации ян оьшуш а дац, нагахь санна «Кавказ» некъа тIехь иза дIасаволавелча, цо цхьа а сом дуьллура дац кхуза, аьлла.

ХIунда дуьллур дац? Дера дац, хIора республика, вовшена тIелата кечеллача санна, латта а аьхкина, ДЗОТ-аш а, ДОТ-аш а яьхна, блок-посташ а, кIохц1алан серий а, латтахь «зIунаш» а тийсина Iаш бу.

Ишшта хьал лаккхарчу хьакамашна дезаш ду. Урхалла деш йолу конфликт езаш ю царна. ХIунда аьлча, алапаш даккхий хуьлу, мидалш а ухку царна. Дерриге а иза ду, кхин хIумма а дац.

Тахана «Кавказ» некъа тIехула Iаьржа хIурдан йисте боьлхуш, новкъахь полицица къийсабала ца луучеран аьтто бу луларчу Дагестане Таркхойн хIурдан тIе баха. Цигахь а ца хуьлу шайн проблемаш йоцуш. Амма иза кхечу материалан тема ю.
XS
SM
MD
LG