ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов: Машар Безаш Хилла ТIемало


Оьрсийчоь – Нохчийчоь, Президент Ельцин Борис а (аьтто), нохчийн тIемалойн хьалханча Масхадов Аслан а машаран дийцаршкахь, Кремль, 18Марс1996
Оьрсийчоь – Нохчийчоь, Президент Ельцин Борис а (аьтто), нохчийн тIемалойн хьалханча Масхадов Аслан а машаран дийцаршкахь, Кремль, 18Марс1996

ДIадаханчу кIирнахь 15 шо кхаьчнера, Масхадов Аслан Нохчийчоьнан президент хаьржина. 1997 шеран дечкен-беттан 27 дийнахь Нохчийчохь хилла болу харжамаш дуьнено а, Оьрсийн Федерацин Iедало а нийсонца дIабаьхьна лерира. ХIара интервью Масхадовн тIаьххьара хиллачух тера ду. Иза тхоьга 2005-чу шеран зазадоккху-беттан 5-чохь кхечира, и веле 3 де дисча.



Массо билгалонашца, хIара -- Масхадов Аслана тIаьххьара елла интервью ю. Тхан хаттаршна жоьпаш луш, Масхадовс хьехайо политика а, тIеман хьелаш а, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш, ша тIемалошна тIедохкуш долу декхарш а. Масхадов Асланан политикан весет санна лара мегар ду хIара.

XS
SM
MD
LG