ТIекхочийла долу линкаш

Къомана Дацахь а, Къуйшна-м ду Нохчийчохь Мехкдаьтта


Оьрсийчоь --Мехкдаьтта долчу мехкийн дахар шина суьртахь хуьлу бохучу маьIнехь вевзаш воцчу автора хIоттийна коллаж.

Оьрсийчоь --Мехкдаьтта долчу мехкийн дахар шина суьртахь хуьлу бохучу маьIнехь вевзаш воцчу автора хIоттийна коллаж.

Хууш ма-хиллара, «Роснефть» цхьаьнакхетаралло дола а деш, аьчган некъаца а, биргIанаш чухула а, дийнахь а, буса а хаддаза араузуш ду Нохчийчуьра мехкадаьтта. Бакъду, кхузарчу Iедало дола а деш, Москохара бакъо а елла, доккхуш а, пайдаоьцуш а дацахь а, стагга а цецвала хIума дац кхузахь и "Iаьржа деши" дIакхоьхьуш йолу яккхий машенаш хааялар. ХIара материал кечйина журналист а, цуьнца къамел ден бизнесхо а (туьллур вай цунна вешан цIе - Бадрудди) вовзуьйтийла дац Маршо Радион, церан даймахкахь хIара санна долу бакъдерг дийца кхераме хиларна...


Аренца йолчу кIошташкахь уьш йоцуш меттиг яц. Официалехь болх беш мехкадаьттан завод яцахь а, дийнахь а, буса а луларчу мехкашка Нохчийчуьра дIаузуш ду ур-атталла мазот а. Цунна даре до, цунах болх-некъ бина, къахьоьгучу бизнесхоша а. Иштачех ву Бадрудди. И мазот хьашто йолчу дIакхачо, ког баькх-баьккхинчохь, токхамаш бан безаш ,кхаьънаш дала дезаш хьелаш ду шайна кхоьллинарш, бохуш, долийра цо шен къамел. Ахча ца делча, бохура цо, шайн гIуллакх дIадоьдуш дац.

Бадрудди: «Иштта хьелаш ду-кх Iедало хIиттийна. Токхамаш бан безаш. Тхуна цистерна латтош ерг Москохара кампани ю-кх, шен долахь вуно дукха яйнаш а долуш».

Маршо радио: ХIинца цхьа цистерна юзург 2,5 эзар сом мах цунна стенгара баьлла?

Бадрудди: «Иза цо ша хIоттийна мах бу-кх. Керт-ков а, аьчган некъ а шен бу, ша долахо ву, аьлла. И хиина Iашшехь, ахча ша тIеоьхуш ду-кх цу стагана. Ас хIинцца 120 эзар дIаделла-кх цуьнга 50 яй бузург».

Маршо радио: Аьчган некъ Нохчийчохь а ма бу. Цигахь, Ищорехь, масала, тIедотта ца мега и мазот?

Бадрудди: «ХIа-а, Ищерехь юза бакъо яц. Стена яций. Нохчийчохь цхьанне а бакъо яц мазот тIедотта. Лицензи а йолуш завод яц. ХIирийн махкахь уьш кхоъ ю».

Радио маршо: Хьажахь, ХIирийн махкахь доккхуш мехкадаьтта а дац. Кхеран стенна ю и бакъо, мехкадаьтта доккхуш йолчу Нохчийчохь стенна яц?

Бадрудди: «Кхузахь ахча дIа а делла, яьккхина и лицензи. ЦIахь ца яьккхина, инзаре мах боьхун дела и лург. Москохо Нохчийчохь заводаш йохкуьйтуш яц. Цундела мехкадаьтта кхаа агIор дIатоттуш ду - Дегестане а, ГIебарта -Балкхаройчу а, Оьрсийчу а.

Радио маршо: ТIаккха, Нохчийчохь мехкадаьтта кхехкош завод ца хилча, шуна йохка-эцар ян мехкадаьтта стенгара долу?

Бадрудди: «Нелегально лаьттташ ю-кх завод. Iедало мага а йина, цхьаьллиг цхьаъ завод яц».

Радио маршо: Iедалехь болчарна ца хууш, къайлах ду иза?

Бадрудди: «Дера яц, хууш ду-кх.»

Радио маршо: Дийнахь-буса мел мазот схьакхочу шуна?

Бадрудди: «Дукха ца кхочу. Со санна цхьа бизнесмен ваьлча, кхочу. Хала болх бу иза, шарахь гергга ведда лела деза и дан. Фирма кхолла еза, договораш дан деза, корта бетта беза…»

Радио маршо: "Шуьгара мазот хьан оьцу?

Бадрудди: "Тхан эцархо хIорд чухула лела кеманаш-танкерш ю-кх, 2-3 эзар тонна мазот дIахудуш йолу. И мел хуьлу, хаьий хьуна. 30 цистерна –яй чудоьду-кх цхьанна, тIаккха мел яккхий хIуманаш ю уьш?

Радио маршо: "ХIан, кхуза схьадохьу аш и мазот. Массанхьа а токхамаш бо. Оццул харж еш хилча, шуна хIу са хуьлу?

Бадрудди: «Хуьлу дера-кх. Цхьа сом бен тIе ца даьлча а ,эзар тонна мазотах 1 млн сом ма хуьлу. И ерриге а харж дIаяьллачул тIаьхьа дуьсург ду-кх иза».

Радио маршо: Къайлах-къулах и далуш хилича, хIорш буза а ца беш, Нохчийчохь, низаман буха тIехь и ца дало цаьрга?

Бадрудди: « Ас жоп ло хьуна. Уьш сихбелла бу, и мехкадаьтта дахьа меттиг йоцуш, чехка-чехка ериг схьа а яьккхина, дIайохка гIерташ. Цуьнан дIакхуссуш, бухаюьсуш хIума ян а ма яц.

Шаьш ХIирийн махка схьакхоьхьуш долу мазот, бохура Бадруддис, кхин дIа а, цигахь заводашкахь кхехка а деш, цунах кхин а сурсаташ схьадоху ,масала, 30% солярка, цул тIаьхьа цара и мазот дIадухку.

Радио маршо: Оццул дукха и мазот араузуш хилича, Нохчийчохь дукха заводаш хила ма еза? Мел кхехко кхуьу уьш мехкадаьтта?

Бадрудди: «Цхьаъ бен яц Гуьмсехь, амма Iаламат йоккха завод ю иза. Шортта кхуьу, шортта. И мазотта еа агIор дIакхоьхьуш ду: Карабулаке а ,Мазалке а, ГIизлар-гIала а, Хасу-юьртан агIор а. Иза-м массарна а кхача а ца кхочу…

Бадруддис дийцарехь, официалехь а доцуш, Гуьмсехь болх беш йолчу заводо кхачо еш ю Нохчийчохь бензинан а, соляркин а. Ма-дарра аьлча, вон-дика хилар чоьте а ца оьцуш, Гуьмсехь еш йолу ягориг дIаэцар тIедожош ду махкахь бензин а, солярка а духкучу станцешна, боху Бадруддис. Цунна хетарехь, арахьара чудохьуш дерг дукха дац. Билгалдаккха догIу,гарехь, хьал иштта доллушехь, церан дикалла а шеко кхуллуш йоллушехь, и мехала ягориг Нохчийчохь кхечу мехкашкахьчул а 1-2 сом еза хилар. Тафтологи санна декар нислахь а, жамI иштта ду: Iедало, Iедалера бакъо а йоцуш, пайдаоьцуш бу махкахь мехкадаьттанах. Хуучара дийцарехь, хьийзош дерг кIезиг ахча а дац. Иза хьенан кисана доьрзу? И хаттар тахана, бодашка кхоьссинчу тоьпал башха, кхин маьIне а ца хетало.
XS
SM
MD
LG