ТIекхочийла долу линкаш

Рашидов Шаидан Иртийн Керла Жарга Араяьлла


Жайна доьшуш

Жайна доьшуш

ЦIеяххана байтанча Рашидов Шаид нохчийн исбаьхьаллин литературе веъна 1960-чу шерашкахь. ХIетахь дуьйна зорбане йийлина цуьнан байтийн, поэмийн иттех жарга - «Дайн латта», «Ломара цIе» , «Дахаран аре», «Ненан бIаьрхиш» и. кх. а. ХIинца цо дешархойн кхеле йиллинарг ю «Яссин тогIехь». Керла дахаре яьккхина гулар жимма ахкаме йиллича а гуш ду дешан говзанча Даймохк, нана, безам, яхь, оьздалла-доьналла бохучу кхетамашна тешаме висар.


Рашидов Шаида, ша дешан къайле яста охIла, хьирпе байтанча хиларе терра, дагалаьцначу иртехь цхьаьнаюзу масех тема, яста а йосту уьш кхиамца.

Нохчийчоь еттало гуро схьалаьцна,
Еттало, цIий Iийдаш. меженех шен,
Къизачу тIамо ша Iаьвдина, хьаьшна…
ХIаллакбан сан къоман турпала кIентий.
Хийла а каш доцуш, тIепаза вай.
Къинхетам боцчара шахьар вайн эти,
Дац боху вай тахана мехкан дай…

Поэтан синхааман турпалхочунна лазаме ду, Iожаллин бохь буьйгIуш, адам лилхадоккхуш, шайтIанан мох санна челакха, махкахула хьийзинчу бIаьрзечу тIемаша, харжам боцуш бохамаш кхийдош, вайнехан дегнашкахь, кхетамехь Iийжаме къаьхьа ларш йитар, дахарх, кханенах, къоман тешам байъа санна.

Цхьаъ бен шен воцу кIант Iожалло лаьцна,
БIаьрхишца гатьелла, хьийзаш ю нана.
ЦIе летта даьгна дог, шелоно хьаьшна,
Дахар а дIатийна, боьссина бала.
Кхачийна бIаьрхиш а билхинчу нанойн,
Балано хеназа эгийна къаной.
Нускалш а дисина, гIайгIане эгна,
Лар йоцуш байна шайн безамаш хьегна…

Литературан говзанчо, критика, яздархочо Уциев Абус дерий а деш, Нохчийчохь латтанаш лелхарх, стигланаш этIарх, зен ца велла поэт цхьана а бохаме, цхьана а чаьлтаче. Цо, Сибрехахь, Юккъерчу Азехь санна, шен халкъаца цхьаьна лайна мацалла, гIело ун-цамгар, Iожалла, Iедалдайн акхаралла. Гарехь, цундела чIагIдо цуьнан синхааман турпалхочо воккхаверца, ша къоман цхьа дакъа, юьхк а хеташ:

Баркалла, со везаш кхиийначарна,
Халонехь гIелвелла вожарна кхоьруш,
Баркалла, адамаш, дехаш хиларна,
Воккхаве шун ирсан дебаре хьоьжуш.

Рашидов Шаидан турпалхочунна, мел къематде лан дезнехь а, мел ницкъалчу халонехь чекхъяьлла, де эшна елахь а, синтеман гIовла а, цунна шатайпа ницкъ-гIора лун лакхенан рамза а, аьхна, синхьааме кхаъ а бу нана Нохчийчоь.

ХIара бу сан даймохк, бIаьрхишца лехнарг…
ХIума дац дуьненахь сийлахь хьан меха,
Со хIинца хьоьца ву, сан Нохчийчоь !

«Вуно чIогIа ницкъ бу поэтан дашехь, мукъамехь, нагахь цуьнга шена тIаьхьа узам-мукъам байталахь ладугIучаьрга, нагахь цуьнга шен байташ йоьшучаьрга хьанала ойланаш а яйталахь. Ишттачарех ву Рашидов.» Цу кепара къаро йо цуьнан кхолларалла хьокъехь махкахь дика вевзаш волчу яздархочо, литература зерахочо Сумбулатов Денис.

Поэта арахецначу жарги тIехь дукха ю, дог-ойла марсайоккхуш, сихкхета байташ а, халкъан барта-кхоллараллин бух тIехь, халкъан дахара юкъара, сурт доккхуш санна, схьаэцна кхоьллинчех тера еттало поэмаш а, вайнехан Iар-дахар гойтуш, гIиллакх-Iадаташ карладохуш, прозехь язйина ирташ а. Дийцина ца валлал къамелан шорто йолуш, билламаш уьш хиларна, ала лаьа, Рашидовс, байтанча-эшархо санна йитинчу ларх.

Ма-дарра аьлча, цуьнан санна дукха мукъаме яьхна байташ йолуш Нохчийчохь дешан говзанча ву ала хала ду. Иза лаа а дац. Цо кхоьллинчу иллешкахь, Сумбулатов Денис чIагI ма дарра, ницкъ бу стаг велхо а, хьаста а, дахарх дог ца дуьллуьйтуш, деган дикалла кхио а. Ницкъ бу даймахках къаьстинчеран дог дика дан, дагалецамийн, мерзачу сатийсамийн бIаьрхийш довлийта:

Иордани, Иордани,
Гене суна ганза мохк,
Бахнарш, тесна Башлам, аре,
Муха беха хьуна чохь?

Йицъеллий те Кавказ царна?
Дицделлий те шовданаш?
Дагахь дуй те царах цхьанна
Ваьхна юрт, я дедайн каш?

Димаев Iелас мукъаме даьккхина и илли санна, бIеннашкахь байташ ю Рашидов Шаидан эшаре евлла. Ала дашна, поэтан дуьххьарлера илли «Ломахь зезаг», ша мукъам а баьккхина, дIааьлларг хилла. Магамедов Султан. Иза хьалханча хиллачул тIаьхьа дукха иллиалархоша пайда эцна Рашидовн кхоллараллех. Махкана а шуьйра бевзачарех бу, масала, Дагаев Валид, Минцаев Мовсар, Дадашева Тамара и.кх. дIа а.

Эзарнаш ладогIархойн дегнаш йийсаре деш, декначех а, тахана декачех а цхьаъ ду Рашидов Шаида кхоьллинчу жовхIарех цхьаъ долу хIара а.

Хестадеш бай кхолу зезаг,
Стиглане айина безам,
Малхаца базбина тешам,
Сан доттагI, алахьа илли.

Курачу, лекхачу лаьмнех,
Барт болуш дехачу къаьмнех,
Шовданех, исбаьхьачу хьаннех,
Сан доттагI, алахьа илли.

Дуьххьара тIулгийн бIов йоьгIна,
Пондаран озе ладоьгIна,
МостагIех леташ ца воьхна,
Вехачух, алахьа илли…
XS
SM
MD
LG