ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маца кхачалур ю-те нохчийн Iедалера къизалла?


Нохчийчоь -- Шайн ницкъ, доьналла гойтуш бу Толаман Денна хIоттийначу гайтамехь полисхой, Соьлж-ГIала, 09Сти2012
Нохчийчоь -- Шайн ницкъ, доьналла гойтуш бу Толаман Денна хIоттийначу гайтамехь полисхой, Соьлж-ГIала, 09Сти2012

Бехк болуш а, боцуш а кегийрхой лецар а, гуш бахьана а доцуш, бахархойн керташкахь зераш дар а низамхоша шайн юьртахь къаьсттина алсамдаьккхина лору Соьлж-кIоштан Ассиновск-эвларчу бахархоша.


Дукха хан йоццуш Соьлжа-кIоштан Ассиновск-юьрта юккъехь, радиоурхалла де фугас эккхийтина муьлш бу ца хуучу наха. Юьртахоша тоьшалла а деш, и эккийтар бахьанехь вийна-лазийна стагга а вац. Амма цуьнан зов хIинца а дижаза ду эвлахь. Цуьнан бахьана ду цу эккхийтарна гергахь нисвелла кхо жимха ницкъаллин структураша, куьг бехке а лерина, лаьцна дIавигар. Бахархоша дийцарехь, ларамза цу меттехь нисбалар доцург, хIуманна а бехке бац кегийрхой. Iедалан герзахоша дIа а бигна, чохь бахкош болчу юьртахойх дуьйцуш ю цигара яхархо Медент.

Медент: «ХIокху деношкахь юьрта юккъехь фугас эккхийтина. Цигахь нацкъаро майданахь лаьтташ хилла кхо кIант, лаьцна дIа а вигина, йиттина хIаллаквина. Маьлхи кхо кIант ву. Деваша тIаьхьавахча, воьлхуш, маьхьарца хилла цхьаъ. Ша дина хIума ма дац, етташ, ницкъ беш, тIелацийтина шега, ма виталахь ша кхузахь,бохуш, «гIаггIанехь» девешина вилхина кIант. Цу кепара хьийзош бу-кх кхузахь кегийрхой».

Бехк-гуьнахь а доцуш нах лецаран хьокъехь а, тIемалойн а, церан агIончаш а лоьху бохуш, керташкахь зераш дарехь а, кхечу ярташкахь дерг шена ца хаьа, бохура Медента, амма шайн юьртахь низамхоша шаьш садаккха а, садола а дуьтуш дац.

Медент: «ХIора дийнахь бохург санна зачисткаш ю-кх цу Ассиновскехь еш. Iедал а ду лаьтташ. ГIазакхий а бу. Чулелхаш а, шайн каяьлларг дIавуьгуш а. ХIинцца дукха хан йоццуш совхозера цхьаъ хьун чу дIавахна, аьлла, цуьнан генара гергарнаш лаххьийна балхара дIабаьхна. Шайн сискал яа езаш ма буй нах. "Цхьа элира бохура" боху эладита юьхьар а лаьцна, балхах бохийна нах. КIиранах шозза-кхузза зераш до. Кегий нах ара-чу бовлийта тешаме доцуш, сингаттамехь ду-кх адам. ХIара мел дахлур ду-м ца хаьа».

Адам ладегIамехь Соьлжа-кIоштан Ассиновскехь хилла ца Iа. Кхин маьрша дац дахар кхечу ярташкахь а, гIаланашкахь а. Бакъонашларьярхоша кхайкхо эшна а доцуш, шатайпа низам а, могIарера гIуллакх а хилла дIахIоьттина Нохчийчохь, кховдош бехк а боцуш, стаг лацар а, ков-керт толлуш, цIийнах хьийсар а, шайн дог-ойлане хьаьжжина, полицин белхоша боьду-богIу бахархой сеца а беш, кехаташ таллар а.

Къеггина цунна тоьшаллаш карадо кху деношкахь Соьлжа-гIалахь. Толаман Де а, къоме бала беъна тезетан де а тIекхачале, бахархойн кхерамазалла ларьеш ду шаьш, бохуш, неха нпаспорташ а зуьйш, талламаш бан болийна ницкъаллин структураша нохчийн коьртачу шахьарахь. Соьлж-гIалахоша чIагIдарехь, цунах тоам бина Iачух тера а дац Iедалан векалш. Леррина цу гIуллакхна кхоьллина низамхойн тобанаш ю бахархойн керташкахь талламаш беш а.

Толаман де даздар дIадерзарций, кху беттан 10-чу дийнахь билгалдоккхуш ду кхузахь къоме бала беъна, тезетан де а. И доьзна ду бархI шо хьалха Кадыров-воккханиг, эккхийтар а дина, верца. Хууш ма-хиллара, Iедало цу дийне дIаоьзна , бакъалена а къоме бала боьссина, бохийна, нохчий Сибрех хьовсийна Чиллан-беттан 23-гIа де. Гарехь, Сталинан Iедало вайнахе къематде хIоттийна де санна, гIайгIане де лоручух тера ду урхаллехь болчара и дIакхелхина де а.
XS
SM
MD
LG