ТIекхочийла долу линкаш

Лаахь а, Ца Лаахь а - Путин!


Нохчийчоь - Оьрсийчохь кеста хир болчу президентан харжамашна кечам беш, сурташ-кхайкхамаш бу дlабетташ массанхьа а, 29Деч2012

Нохчийчоь - Оьрсийчохь кеста хир болчу президентан харжамашна кечам беш, сурташ-кхайкхамаш бу дlабетташ массанхьа а, 29Деч2012

Оьрсийн президент харжаран де герга мел гIерат а, Нохчийчоьнан бахархойн дегнаш чу Путин Владимир вижоран болх марсабаьккхина Москохана муьтIахь болчу Соьлж-гIалара Iедалдайша. Цара хадам боллуш чIагIдо, шайна гIоза-декъала даха лаахь, цуьнгахьа кхаж тасар бен, кхин нохчашна некъ цахилар.

ТIебогIучу Зазадоккху беттан 4-чу дийнахь Оьрсийчохь дIахьун болу президентан харжамаш бахьанехь, бахархошна Путин Владимир марзвеш, хазвеш, къар дайна хьийзаш бу Нохчийчохь, Iедалан мукъ карахь берш. Хаамийн гIирсаша, телерадиохь, зорбанехь, басарш ца кхоош дуьйцу и башха политик, ша-тайпа юьхьша хиларх. Цуьнгахьа кхаьжнаш тийсийта, харжамхой ир-кара хIитто, тIекIабан, леррина арабаьхначу хьаькамаша-маьхькIамхоша а, Iедалдайн муьлхха а аьллар-луур дахаре дерзо, муьлххачу а хенахь кийча болчу юкъараллин дахаран жигархоша-цIуьхарша а, Путин Владимиран цIарца дузу, кху тIаьхьарчу шерашкахь нохчашна мел хилла дика а, цаьрга кхаьчна ирсан дакъа а.

И стаг-политик бахьанехь сецна Нохчийчохь тIом, цо белла вайнахана кханенах тешам, цуьнан хьекъал, доза доцу собар бахьанехь ног етташ, кхехкаш ду махкахь кхоллараллин дахар. Гергарчу барамехь иштта бу, массо тIегIан урхалла-хьукхматашкахь, доьшийлашкахь, юьртабахамашкахь, хаддаза дIахьучу цхьаьнакхетаршкахь, адам Путинехьа кхаж тасаре кхойкхуш дечу къамелийн чулацам. «Иза а ца хоржуш, кхиниг харжахь, боху «бахархой кхетош-кхиочара», Нохчийчохь юха а тIом балар биста кхаччалц, «шайтIанан мох» хьовза а сахьт дац».

Цуьнца буьстича, цхьана а чоьте бохкуш бац тIебогIогIчу беттан 4-чу дийнахь кхожа кIел боьлхуш болу кхин болу кандидаташ: Зюганов а, Жириновский а, Миронов а, Прохоров а. Ма-дарра аьлча, цхьа а гуьнахь а, хьуьнар а, я кIорге а йоцу политикаш санна, нажжаз а беш, ца магош бу уьш. Бакъду, царалахь а, дукхах болчийн ала а тарлуш, хетар-хьажаме диллича, цхьа тIаьхьло йоцу хабарча-жухIарг санна тIеоьцуш ву Либералан демократхойн партин лидер Жириновский Владимир.

Делахь а, меттигерчу Iедало вилла а, вита а меттиг йоцуш, хестош верг оьрсийн премьер-министр велахь а, кIезиг бац кхузахь шайн, кхаьжнаш Зюгановна а, Прохоровна а дIадала кечбелларш. «Стохка чекхбевллачу парламентан харжамашкахь санна, Нохчийчохь кхаж тосучу дийнахь, харцонийн бух тIехь бозбуунчаллаш ца леладахь, боху цхьаболчара, «и тIаьххьара шиъ алсам кхаьжнаш гулдан тарлучех ву». РогIера политикан кампани махкахь мухха ерзахь а (ерзаяхь а), Iедалехь болчара, нускал дига баьхкинчу замойх терра, шайн кандидат хеставахь а, тергамхошна хетарехь, къомо къобалвеш а, тIеоьцуш а вац Путин Владимир. Царна хетарехь, нахана кхаъ хир бу цуьнан эшам.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG