ТIекхочийла долу линкаш

15 шо хьалха машар бинера Ельцинний, Масхадовссий


Оьрсийчоь -- президенташ - Ельцин Бориссий, Масхадов Асланний Машар бийцинчул тIаьхьа, Москох, 12Сти1997.

Оьрсийчоь -- президенташ - Ельцин Бориссий, Масхадов Асланний Машар бийцинчул тIаьхьа, Москох, 12Сти1997.


Кхетамчохь волчу хΙора нохчочо а, нохчийн къоман кхолламах дог лозучу муьлххачо а толлу тΙаххьарчу заманахь Нохчийчохь лаьттинчу тΙемийн бахьанаш а, жамΙаш а.

Уьш луьстучу историкна я журналистана даима а хьалха хΙутту 15 шо хьалха Оьрсийчоьнан президента Ельцин Бориса а, Нохчийчоьнан президента Масхадов Аслана а, тΙейогΙучу заманашкахь кхи цкъа а вовшашца тΙом ца бан чΙагΙо а еш, буха куьг яздина хилла Машаран кехат – Договор о мире.

«Дуккха а бΙешерашкахь дуьхь-дуьхьал латтар сацон а, чΙагΙо йоллуш вовшийн лара а, вовшашна пайде хила а луучу Ιалашонца», бохучу дешнех хΙоттийна преамбула а йолуш, бухахь 5 маьΙна къастадора Машаран кехато:
  1. Муьлхха а къовсам машарца, вовшашна кхерамаш ца туьйсуш листа.
2. Юкъаметтигаш дуьненахь лелачу низамашца догΙуш къестон.

3. Бертан кехато некъ схьабоьллу кхидΙа юкъарлонаш дийцаршкахь билгалъяха.

4. Бертан кехат шинна а агΙоне дΙакхачийна а, цхьабосса ницкъ болуш а ду.

5. Бертан кехат бакъоне долу буха куьйгаш яздинчу дийнахь.

Иштта бара Машаран кехатан чулацам.

И барт хьан, муха кечбира, тΙийцира, цуьнан хIун мах бара дагалецира Маршо Радион дехарца хьалхо Оьрсийчоьнан агΙоно нохчашца дийцарш дΙакхехьа векал вина хиллачу Рыбкин Ивана. Цо иштта дуьйцира:

Рыбкин: «Ас дикачу маьΙнийца дагалоьцу хΙетахьлера барт кечбаран мур. Вуно хала дΙайоьдуш процесс яра иза. Масхадов Асланан тоба тасалур йоллуш бартбархойн тоба а яра. Нохчийчоьнан агΙор дийцаршкахь дакъалоцуш вара Удугов Мовлади, Закаев Ахьмад, Абумуслимов Сайд-Хьасан, шен хенахь вице-президент хилла волу, иштта дакъалоцуш вара Ериханов Хож-Ахьмад а.

Оцу бертан текст кечйира оха. Иштта и кечъеш декъахь бара Оьрсийчоьнан агΙор – арахьарчу гΙуллакхийн министраллера белхахой, сан когаметта, вевзаш волу дипломат Дерябин Юрий Степанович, Успенский Николай Николаевич, Оьрсийчоьнан леррина векал.

Кремлехь бартбан охьахевшича, Ельцин Борис Николаевиччий, Масхадов Аслан Алиевиччий шаьш висира, ма-дарра дицаре дира цара массо а хΙума. Цул тΙаьхьа Ельцина со шайна тΙевихира. Со уьш болччу чувахара. Ельцина элира соьга, ас дешна хΙара бертан документ, суна а , Масхадов Асланна а иза тΙечΙагΙдан деза, Оьрсийчоьний, Нохчийчоьний юкъахь деа бΙешарахь лаьтта херо дΙаяккха еза, тхуна хетарехь. Хьуна и муха хета, аьлла, хаьттира цо соьга.

Сатуьйссуш, хьоьжуш Ιара соьга Масхадов Аслан Алиевич. Шун и барт хиллехь, тΙечΙагΙдан мегар ду иза-м", - жоп делира ас. Цул тΙахьа цушимма буха куьйгаш яздира. Суна хетарехь, цу бертан кехато машаран процессана аьтто а бира. Уьш бу-кх сан дагалецамаш, угаре а дикачу агΙор дагалецамаш".

Иштта бара Нохчийчохь хьалхара тΙом боьдуш а, чекхбаьлча а Оьрсийчоьнан цΙарах нохчашца машар бийца векал вина хиллачу политикан Рыбкин Иванан дагалецам.

...Амма Бертан кехато агΙонашна тΙе хΙиттийна декхаршший, цуьнга Кремлан болу лараммий а шалха бевлира. Ур-атталла кхочуш а ца дира Бертан кехато ма-хьоьхху дипломати дΙакхехьа а, экономикехь, финансашкахь дан дезарг а. Оцу агΙонашкахь юкъаметтигаш шоръяран дийцарш-м хиллане а ца хилира.

Хилира вайна массарна а хууш дерг. Бахьана а карийна, Ельцин амалца мела хиларх пайда а оьцуш, президентан гΙента кхаьчначу Путина, машаран барт кхочушбарехьа къахьега волалучу меттана, дΙаболийра шолгΙа тΙом.

Бара и я бацара тешнабехк, дара, я дацара кехаташца тΙечΙагΙбина барт бохор, Кремло деллачу дешан цхьа а мах бацар. Оцу агΙор дийца ду дуккха а. И дийца бахьана луш а, нохчашна дагахьбаллам дегнаш чохь латтош а хΙума ду оццул хаза яздина хиллачу бертан кехатна оццул кΙиза букъ тохар.

Иштта ойла кхуллу 15 шо хьалха, кху дийнахь, тΙеэцна хиллачу Бертан кехато.
XS
SM
MD
LG