ТIекхочийла долу линкаш

Ичкерин къонахех бΙаьрг буьзина беха украинахой


Украина -- 1932-33-чу шерашкахь украинахоша лайна мацалла дагалоцуш хIоттийна хIоллам, Киев, 25Лах2011

Украина -- 1932-33-чу шерашкахь украинахоша лайна мацалла дагалоцуш хIоттийна хIоллам, Киев, 25Лах2011

Дуьнено а дΙатесна, Далла тΙе болх а биллина, Оьрсийн эскаршна дуьхьал леташ, лаьмнашкахь дΙатердалла дара Ичкерин эскар. Цуьнан куьйгалхой гаттонехь хилар а ца лоьруш, царна тΙекхечира Украинан парламентан а, юкъараллин а векалш 1995-чу шеран бΙаьста. Иштта гайтира Киеверчу хьешаша цхьа зама хьалха нохчашца украинахойн тасаделлачу гергарлонан шаьш мел мах бо.


МостагΙ, ницкъалахь ваз а велла, Декъаста ваьржича, мехкан лахара аренаш цуьнан кога кΙел яхча, цунна дуьхьал латта нигат дина къонахий, шайн баьччанашца цхьаьна, гΙора дебон, гарадевлла шайн дакъош юха а бΙоне дерзон, лома хьалаихина даима а.

Иштта нисделира 18 шо хьалха оьрсийн эскарша Ичкерин ницкъаш Соьлж-ГΙалара аратийсинчу Ιай а. Веданахь, Шемал-имаман гΙап лаьттинчу куьпахь бара тΙемалойн коьрта бен. Цига вогΙура дела денна санна Духьалонах жоп луш волу президент Дудаев ДжовхΙар. Цигахь вехаш вара тΙеман дукъ, доккхачу декъанна, шен белшаш тΙехь дΙакхоьхьуш волу Масхадов Аслан а, цуьнан нийса накъост , ша веданхо а волу .Басаев Шемал а, церан куьйга кΙелхьара баьччанаш а.

Юьхьанца массийтта бутт белира тΙамах ведда махкахваьллачу муфтин метта динан хьалхе караэца ваьхьаш нохчийн Ιеламчех стаг ца карош. ТΙом боьду ахшо доллуш карийра иштаниг - Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Веданарчу синкхачан цΙа чохь, гулвелла эзар гергга тΙемало а, массо а баьчча а волуш, дира цо шен тоба.

Керлачу муфтийс сихха ШарΙ даржо долийра тΙемалошлахь а, Ичкерин долахь йисинчу Веданан а, Шуьйтан а ярташкахь а. Хийла ШарΙо кхачош йолу гΙожмаш кхийтира оцу муьрехь маларчашна а, юкъара а, тΙеман а низам талхийнчарна.

Кремлан пропагандано хΙетахь а , тΙаьхьа а даржадора шегара бакъдоцург. Пачхьалкхера политикаш а, тΙеман куьйгалхой а дукха гΙиртина нохчашца барт карон, ткъа Дудаев а, цуьнан го къарлуш бац, шайга уьш ца ховшало машаран бан дийцаршка, бохуш дуьйцура Ельцин Бориса а, цуьнан гоно а. Иштта Ιехадора Оьрсийчоьно Ιехадала кийчча долу дуьне - нохчийн цΙий Ιенаш хилар цо ша-шена шен аьрхаллийца баьккхина бохам бу, бохуш.

Ткъа кхин маьΙна дара Москохарчу хьакамашна хезаш а воцчу Дудаев ДжовхΙара цкъа Соьлж-ГΙала, тΙаккха Ведана мел кхаьчначу журналисте дуьйцург.


Нохчийчоь -- Дудаев ДжовхIар нохчийн къаношца къамел деш, 31ГIа1991

Нохчийчоь -- Дудаев ДжовхIар нохчийн къаношца къамел деш, 31ГIа1991


Дудаев: « ТΙамца бечу къастаман цхьа а тΙаьхьало яц, машарца бечу къастаман бен яц тΙаьхьало. ХΙара конфликт беккъа цхьана машарен сацамаша бен ерзор яц. ХΙора тΙеман дийно кризисе дуьгу хьал. Кризис Нохчийчохь яц, кризис Оьрсийчохь ю. Оьрсийчоьнан лакхарчу Ιедалан могΙаршкахь».

Ша муьлххачу а тΙегΙантΙехь кийча ву ,олура Дудаевс, политикан а, администартиван а хьал, дозанаш Оьрсийчоьнца дийцаре дан. Амма дΙатаса йиш йоцу байракх яра цунна нохчаша, шега хиттина а доцуш, ларбан шен карабелла къоман маршонан некъ. И декхар цо муха кхетадо а хала дацара луучунна хаа а.


Дудаев: « Дац нохчийн къам лоллехь даха кхоьллина, Ιаламо а, Дала а ца кхоьллина иза оцу Ιалашонца. Лай ца хилла кхоьллина-кх и къам. Муьлхачу халкъо, хьан ловр ю и гΙело? Кавказан геополитикан хьал, шеко а йоцуш, дуьненна цивилан некъ белла, дахар делла хьоста ду. Синкхетаман потенциал, оьздангаллин потенциал, Ιаламан потенциал – оцу массоно а ца могуьйту цΙийца, орамашца кху Кавказах дΙаийна волчу нохчочунна, нохчийн къомана лоллехь хила».

Иза дара Дудаевс нохчийн къоман цΙарх Оьрсийчоьне а, дуьнене а бохург. Кхин тΙехдаьккхина лоьхуш хΙума а дацара. Амма тΙаьххьара блиц-криг а эккхийтина, лаьмнаш дΙалецчхьана пачхьалкхахь гΙаьттина сепаратизм ша юхатоьхна яьлла аьлла хетачух тера дара Кремлана. Цундела дΙабахбала доьгΙна бара тΙом а.

Лаьмнийн когашкахь - цхьана агΙор Улес-Кертаций, вукху агΙор Сиржа-Эвлан йисттеххьий, ах лаьттах а дахана, лаьмнашка, де-буьйса а доцуш, хΙоьънаш детташ лаьттара оьрсийн яккхийн тоьпийн а, танканийн а иттаннаш дакъош. Царел дехьа, шера аренийн къошташкахь, нах базаршка а хΙуьттура, цхьаверг шена Кремло кхоьллинчу хьелашкахь балха а лелара, кΙайн кучахь, галстук йоьхнарг а нислора царалахь.

Ткъа лаьмнашкара хьал аьттехьа иштта дацара. Цигахь дерриг а тΙеман хьелашка дирзинера – ШарΙ лелара юкъахь, гΙазот дехара тΙемалошлахь. Верриг а вара мехкан дуьхьа ша-ша вала веза моьттуш. Массара а , и хир дуйла кхета а деш, ладоьгΙура оьрсийн гΙагΙан бΙо – танканаш, дезачу герзан дакъош – шайна тΙехьалхаре.

БΙаьстенан заза даьржжина денош дара, дуьненах а хаьдда, я гонахарчу къаьмнашкара а, я Европера а, гΙо хьовха, къинхетаме дош а ца хезачу оцу лаьмнашка панамахкара хьеший кхаьчча.

20 шо гергга хан яьллехь а, тахана а схьакаро аьтто бу хΙетахьлера и нах – уьш бара Украинан парламентан - Радин декъашхой, шайлахь Процевяк Тарас, Семенюк Юрий, Круцик Роман, Киеверчу зорбанехь болх беш хилла журналисташ Базелюк Мария, Бабий Оьлга, кхин а иттех стаг.

Царех ву хΙетахь нохчийн лаьмнашкара шаьш цΙадахначул тΙаьхьа, «Русизм» цΙе а туьллуш, документалан кино а яьккхина, иза шайн мехкан а, Европехула телевизионашкахула а дΙасаяржийна хилла Круцик Роман. Тахана иштта дагалоьцу цо нохчашлахь а дицделла доцург.


Украина -- Круцик Роман, Украинан "Мемориал" музейн куьйгалхо, Kиев, 20Лах2008

Украина -- Круцик Роман, Украинан "Мемориал" музейн куьйгалхо, Kиев, 20Лах2008


Круцик: «Оха пачхьалкхан Лакхарчу Кхеташонехь депутатийн тоба вовшахтуьйхира. Оцу хенахь Министрийн Кабинето сацам а арахийцира. Оха Украинехула дΙакхайкхийра тхаьш Нохчийчоьн бахархошна гΙо гулдеш ду, аьлла. Ерриг а Украинера гΙо схьакхачон долийра, машенаш йогΙура и дохьуш, оха 42 тонна молханаш, юург, бедарш, иштта дΙа кхидерг а гулдира. ТΙаккха тхоьга тΙман кема делира.

ТΙаккха тхо Нохчийчу дахара. Бакъдерг аьлча, тхо ХΙинжа-гΙалахь охьахевшича, цигахь тхуна дуьхьал ямарло яккха а гΙиртира бухарнаш. Беъна кир шайга схьало, бохура. ХΙан-хΙа, элира оха, сагΙа дийриг тхан пачхьалкх а ю, тхуна и стенга дΙахьажор ду хаа лаьа. Цигахь къовсам лаьттачу юкъанна тхох цхьа дакъа, тΙеман доза а хадош, нохчийн лаьмнашка кхечира. Цигахь Дудаевн наха карийна, цаьрца зΙене девлира. Цул тΙаьхьа оха и тхаьш беъна кир, кеманара машенаш тΙе боьттира- тхоьца ЦΙечу ЖΙаран векалш а бара- тхо машенашца девдира цигара. Скхьакхачийна гΙо оха Нохчийн мухΙажирийн кхеташонан караделира».

ХΙетахь, шера арарчу шайн нохчийн къошташкара а гΙо доцуш лаьмнашкахь хьийзачу Ичкерин куьйгалхошна боккха кхаъ бан а бара украинахой шаьш долчу кхачар. Оцу деношкахь Круцик Романан а, цуьнца хиллачу журналистийн а къамелаш хилара Ичкерин хьалханчашца Дудаевца а, Масхадовца а. Оцу къамелашкара ю Басаев Шемала цаьрца дийцинчун хΙара кийсаг а. Кхечара санна, цо а доккха баркалла элира хьешашна, некъан хьовзамаш а, кхерамаш а, харжаш а ца лоьруш, уьш шайна тΙекхачарна.

Басаев: « Оха сатуьйсург дог-ойланца кхача таро долу гΙо дара. Амма тхуна и кхаьчна оха кхачаре дог а ца даьхначуьра – Украинера, Балтикера. Цигара хилла тхуна баккъала а долу гΙо. Цунна оха доккха баркалла а боху. Иза ду оцу къаьмнашна баккъала а маршо а еза, уьш маршоне гΙерташ а ду, бохург».

Украинерчу депутаташа шаьш дΙадоьлхуш кхин цхьа доккха накъосталла а дира хΙетахь. Шайга и дан дехнарг оцу муьрехь Ичкерин прокурор хилла волу Имаев Ιусман вара бохуш йовзуьйту Круцик Романа хΙетахьлера къайле.

Круцик: «Оха тхайцаберш цΙехьахьовсийра, бухависира со а, Процевяк а , Балтикера Витас а. Тхо ГΙалгΙайчу дахара, цигара исс стаг схьаийцира – зударий а, бераш а, Дудаевн гергарнаш. Тхоьга дехнера Имаевс, Джохарна ма хаийтахьара, цо дΙахиича могуьйтур дац, дов дийр ду, уьш махкара дΙабига беза, аьлла.

Тхо ГΙалгΙайчохь Аушевна тΙедахара. Аушевс царна, уьш гΙалгΙай бу, аьлла, паспорташ дира. Ткъа тхоьгахь депутатийн бланкаш яра, оха царна тΙе язйира церан цΙераш, уьш оха дарба дан Украине буьгучуха. Новкъахь цхьацца хьовзамаш а хилира. Делахь а, оха уьш аьттонца дΙакхачийра, цул тΙахьа Балтике дехьабехира».

Круцик Романа хΙетахь Веданахь а, гонахарчу ярташкахь а шовзткъа сохьтехь гергга видеоматериалаш ехира Ичкерин хьал а, тΙеман къизалла а гойтуш. Оцу материала тΙе а тевжаш, «Руссизм» аьлла цхьаъий, Дудаева Аллех лаьцна, «Ма ала сох оьрсий ю» цΙе тиллина шолгΙаниггий, документалан кинош арахийцира Круцик Романа а, цуьнца Нохчийчохь хиллачу кхечу накъосташа а. Уьш ехха лийлира Украинан а, Европерчу кхечу мехкийн а телевизионашкахула гойтуш.

Советан пачхьалкх йоьхна кхо шо бен а дацара Нохчийчоьнна дуьхьал Кремло тΙом болош. Амма вовшахкъеста йиш йоцу вежарий ду шаьш бохуш, 70 шарахь деза къамелаш дан Ιаьмначу бΙе сов къаьмнех нохчашна орцах ца делира я бусулба а, я керста а къаьмнаш. Деккъа дΙа доглозурш-м дара, масала, Балтикера къаьмнаш. Ткъа дуьнене шуьйрра мохь а аьлла, дог-ойланца а, шен болчу аьттонашца а нохчашна герга гΙоьртинарш украинхой бара. Цуьнан бух а хьехийра Маршо Радионо Круцик Романца. Цунна хетарехь бахьана хΙара ду.

Круцик: «Гой хьуна, шун а тхан а къаьмнийн истори схьаэцча, иза мелла а цхьаьнайогΙуш ю. ХΙунда аьлча, Украинан халкъо а ца ца сацийна цкъа а маршонехьа къийсам, нохчий а бу иштта, даима а летта шайн маршонехьа. Советан Цхьанакхетаралла йолуш а тΙехь. Пачхьалкхана чуизийна, охьатеΙийна, амма къийсам даима а лаьттина.

Тхо кхечу чкъорах делахь а, тхуна дай-наноша дуьйцура тхан къоман гΙаттамхой маршо къуьйсуш эгарх лаьцна. Цундела деза дара тхуна Нохчийчоьнах кхолладелла васт а, Дудаев волуш айделла маршонан кемалг а».

Кремлана а, цуьнан цΙуьхьаршна а товш дацахь а, кхин цхьа бакъдерг а догΙу хьахо. Нохчашца цхьаьна, белшах белш а тоьхна, кара герз а эцна, нохчийн маршонехьа леташ тоба а яра хΙетахь украинхошлахь. Тахана а оьрсаша емал во зорбанехь царех цхьаъ, масала, Соьлж-ГΙалахь а, лаьмнашкахь а лаьттинчу тΙемашкахь къонахалла гайтина волу Билый Сашко. Радин депутат хиллачу, тахана Киевехь къоман музейн коьртехь волчу Круцик Романа вайна дуьйццург дуьйцура Сашкос а ткъеха шо хьалха.

Билый: «Со Билый Сашко, УНСО-н баьчча ву. Тхо Москохарчу агрессина дуьхьал лаьтта нохчийн, украинахойн маршо къовсуш»

Нохчийчуьра тΙемаш, хьалхарчух шолгΙаниг а къаьсташ, шен-шен башхаллаш йолуш хиллехь а, дог-ойла нохчашна тΙехь латтайо украинхоша тахханалц. Хьалхо Киеверчу кегийрхошлахь наггахь а ца волура нохчийн кхолламан бала боцург. Дуккхаъчийн телефонаш чохь дара, масала, нохчийн тΙеман баьччийн суьрташ, аьзнаш. Политикаша наьΙалташ кхайкхадора нохчийн къомах къа ца хетачарна. Поэташа байташ кхуллура.

Украина -- Поэт Драч Иван, Шевченко Тарасан цIарах премин шена еллачу дийнахь, Kиев, 03Гез2009

Украина -- Поэт Драч Иван, Шевченко Тарасан цIарах премин шена еллачу дийнахь, Kиев, 03Гез2009


Драч Иван цхьана заманахь Украино а, Советан пачхьалкхо а шен лаккхара совгΙаташ а луш, вазвеш хилла политик, яздархо ву. Радехь депутат а Ιийна иза.
Цо Маршо Радиона йийшира ворхΙ шо хьалха, Масхадов Аслан вийначу дийнахь ша язйина байт. Иштта ду оха эфиран сихонехь динан цуьнан гочдар.


Огромное бешеная империя
I маленький, как желудь, народ.
Как радуется теперь фанаберiя,
Что взяла желудя в рот!
Что проглотила. Старались Ирод ...
Еще везет им, везет до поры.
Буйный желуди с местью вироды
I со желудка ее разорвут.
В демiурга своя бухгалтерия,
Догонит еще тебя i меня.
Еще в дубi чеченськiм империя
Шабатура свою розiпне.


Йоккха, дера, къиза пачхьалкх,
Ножан бIарал жима халкъ.
БIар дIакхалла аьтто баьлла,
ХIинца хьоьгу цо шен зовкх.

Дуй и хьуьнар, буй и толам?
Аьтто-м кханнехь бодур бай!
Харданг ятIош, шен чIир эца
БIарах зIуьйдиг ер ма еца!
Делан кхело кхин чот лоьру,
Карор цунна хьо а, со а.
МостагI нохчийн ножах лета -
Кхана кхозур цу тIехь ша.

Драч цхьалха а вацара Нохчийчохь хΙоьттина къематде далхадечу Украинерчу байтанчашлахь. Иштта балхабора нохчашна тΙехь лаьтта бала кхечу поэта, Павличко Дмитрос а .

Знов Москва розпинає народ,
Що повстав за державу свою,
Знов закутих в залізо заброд
Зустрічає чеченець в бою.

Двоголовий орел в два дзьоби
П’є чеченську палаючу кров!
Ну, а ми мовчимо, як раби,
Що збоялись вчорашніх заков.

Це фальшивої волі мораль,
Честь лукава, сповита в брехню,
Та прийде знахабнілий москаль
І до нас, як зруйнує Чечню.

Прометею, кривава красо,
Ти й з Парижа підмоги не жди!
Може, тільки хлопчина з УНСО
Принесе тобі в жмені води.

А Європа, та курва стара,
Посміхатися буде здалік,
Як наповниться кров’ю Кура
І — всі русла зросійщених рік.

Буде лиця ховать у вуаль,
Видавати за жар порохню,
Та прийде знахабнілий москаль
І в Париж, як зруйнує Чечню.

Там — вогонь. У вогні — Прометей!
Люди, гляньте, там діють кати!
Я кричу, та не бачу людей,
Бачу тільки глухі животи.


Москвано юха а хьийзадо
Маршонна гΙаьттина жима къам.
Юха а мостагΙчун Ιаьржа бΙо
нохчочо тΙеоьцу тΙамца.

Ши корта болчу цу аьрзуно
ЗΙок хеццна дΙамуьйлу нохчийн цΙий.
Ткъа вай-мма, леш санна, тийна Ιа,
Аьрзунан къизалла дага а лоьцуш.

Хьоьжуш Ιар дац-шуна гΙиллакхехь,
Дац иза вайн къоман амалехь.
Эхь доцу и москаль ван сахьт дац вайн махка,
ХΙаллакбан Нохчийчоь санна и.

ХΙай, Пхьармат, нохчо, ахь сатийсарх,
Кхачор дац хьуна гΙо Парижо!
ТΙеман кΙурлахь хьуна гΙо дендерг
УНСОра къонаха бен ма вац.

Европа, къанъелла кΙилло,
Шекйоцуш юьстаха лаьтташ ю,
Гушшехьа цΙеделла Соьлжа,
Шерашкахь Ιеннашехь цΙий.

Гуьлмаьндех хьерчаш Ιа дуьне,
Стешхачу зудчух тарделла,
Дарвелла и москаль кхочур ву,
Йохаян Париж а, Нохчийчоь санна.

ЦΙе йогу Кавказехь, вагош ву Пхьармат!
Хьовсийша, чалтачаш мел дера бу!
Ас мохь бетта, цхьа а вац ладугΙуш,
Дуьзина гайнаш, къардоьлла адам.


Украина -- Поэт Павличко Дмитрий. ОьрсийчоьнУкраина -- Поэт Павличко Дмитрий. Оьрсийчоьнан Украинерчу векалтна хьалха, Оьрсийчоьнан шайн пачхьалкхе болу хьажам харц хилар дакхайкхош бахархоша хIоттийначу гуламехь, Kиев, 18Оха 2011

Украина -- Поэт Павличко Дмитрий. ОьрсийчоьнУкраина -- Поэт Павличко Дмитрий. Оьрсийчоьнан Украинерчу векалтна хьалха, Оьрсийчоьнан шайн пачхьалкхе болу хьажам харц хилар дакхайкхош бахархоша хIоттийначу гуламехь, Kиев, 18Оха 2011


Нохчийчохь дукха хан а йоцуш баьхна хилла, шаьш хΙаллакбина къонахий сийсазбеш, церан амат-амал нехан бΙаьргаш чохь цΙармата гойтуш къахьоьгу Кремло а, махкарчу цуьнан верасаша а. Иштта доьдайъа кхачийна бу Дудаев, Масхадов, Басаев, Гелаев хьовха, царна ойла тΙехΙоьттина баьхна байтанчаш а тΙехь.

Политик мухха а хиллехь а, къомах дог лозуш а, похΙма долуш а байтанча вара Яндарбиев Зелимха. Цуьнан байташ хезийла дац хΙинца Соьлж-ГΙалахь поэзин суьйренашкахь я махкарчу дешархойн жайнеш тΙехь а. Ткъа Украинехь дика евза, еза а еза цуьнан кхолларалла.

Нохчийчохь шолгΙа тΙом марсабаьлла лаьтташ а болуш арахийцира Украинерчу яздархоша а, журналисташа а Яндарбиевн Зелимхин массо а байтийн гуларш чулоцуш долу шина декъах лаьтта жайна – нохчийн а, оьрсийн а, украинахойн а меттанашкахь.

Украинхойн нохчашкахьа доглаттаран къайле иштта йосту, масала, Нохчийчоьнна лерина дуккха а байташ кхоьллинчу поэта Драч Ивана.

Драч: «Хуьлуш лаьттарг мухха а делахь а, нохчий оьгур а бац, хΙуъ а, муха а нислахь а, цхьа нохчо бен ца висахь а, массарна а хууш хир ду, и къам сийлахь къам дуйла а, турпал къам дуйла а, иза шайн маршо къуьйсучу массо а къаьмнашна масал дуйла а».

Нохчашний, украинахошний юкъа гергарлонаш доьлла а ю шен зама. Церан махкахь яьржинчу къеллой, мацаллой, ца бала, рицкъа леха дуьне ма-дду арабехира нах миллионашкахь дΙадахначу бΙешеран 30-лагΙчу шерашкахь. Иштта кхаьчна, Ιожаллах хьалха велира бΙе эзар гергга украинахо Нохчийчохь. И зама а кхобу оцу къомо шен эсехь, диц ца до нохчаша шайна хΙетахь дина хьошалла. Цундела мехала ю украинхошна Нохчийчохь хезаш а йоцу, хаза магийна а йоцу нохчийн къоман маршонан илланчин Алимсултанов Имаман «Украина» цΙе йолу йиш а. Тахана а еха иза украинахойн лерехь.

Ιедалш тΙедогΙуш а, духий дΙалекъаш а хуьлу. Цхьана замане хьаьжжина ца хуьлу кхин зама. Ткъа Кремлана тов-ца тов аьлла доцуш еха Ιедалша кхоьллина а йоцу нохчашний, украинахошний юкъара, марзо. Ехар ю кхидΙа а.
XS
SM
MD
LG