ТIекхочийла долу линкаш

Ιедална «антитеррор» хиллехь а, халкъана къиза тΙом бара иза...


Нохчийчоь - Лаьмнаш "охуш" ю оьрсийн яккхий тоьпаш, Мармур Максиман сурт, даьккхина хан хууш яц.

Нохчийчоь - Лаьмнаш "охуш" ю оьрсийн яккхий тоьпаш, Мармур Максиман сурт, даьккхина хан хууш яц.


Кхузахь адамийн бакъонаш ларьечу урхаллин коьртерчу Нухажиев Нурдина хетарехь, Оьрсийчоххьам-м и тIеман операци кхин а, ца сацош, дIаяхьа лууш ницкъаш а, агIончаш а хилла. Церан Iалашо хилла, боху цо, герзаца а, цхьацца тIеман гIирсаца а хьарамлонаш лелор.

Ткъа дукхахболчу бахархоша а, тергамхоша а тидарца, ша и тIеман операци сацор дерриг къомана а беркате, дика тIеIаткъам бина бакъдерг ду. Делахь а, боху цхьаболчара, кху шолгIачу тIеман цхьа-ши шо дIадаьллачул тIаьхьа, цхьана а кепара хьашто яцара и операци оццул еха латто а, Нохчийчохь массо декъан эскархошка нахана тIехь дабагIа дойтуш, и къематде хIоттадайта а. Цара и хьакъдоцуш яхъярца дузу махкахь эзарнашкахь вер-ваккхарш нисдалар а, ларйоцуш доьза байнарш хилар а.

Тахана Нохчийчохь тергаллучу хьолана тIе а доьгIна, дустарца мах хадош берш а бац кIезиг. И санначара кхеторца, тIеман операци дIа а йирзина, меттигерчу Iедало урхаллин мукъ шен караберзийчахьана, кхин дIоггара синтемечу хорша дирзина дац бахархойн Iар-дахар.

"Олучу дашца а, йоккхучу гIулчаца а ларбала безаш, ладегIамехь бехаш бу нах. Оьрсийчоьнан низамашца мел тарлуш дацахь а, дозанаш ду ког баькх-баьккхинчохь детташ, бехкамаш кхийдош. Хетарг хьулдина, дог-ойла а къевлина Iар бен кхин харжам бац бахархошна бисина». Герггарчу барамехь иштта кхетадо кхузара хьал ас цIе яккхаза вуьтучу цхьана тергамхочо.

Ала догIу, хетарехь, тIеман операци дIаерзийна кхо шо кхаьчнехь а, кхузахь кхин дIоггара маьрша, синтеме цахиларх. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло а, кхечу хьостанаша а далочу бен-бечу терахьийн чот яро гойту, герзаца юкъаметтигаш къестор бахьнехь Нохчийчохь вер-ваккхарийн къоьлла цахилар.

Деккъа кху карарчу шеран хьалхарчу кхаа баттахь махкахь шина а агIор вийнарг ву шовзкъа гергга стаг, ткъа лазийнарш 42. Царалахь полицин белхахо 23 ву, герзаца дуьхьало ечех - 13. И тIаьххьара терахь бакъдеш, хааме даьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а тIехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG