ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз бале даьлла нохчашна


Нохчийчоь -- Нохчийн жима йоI ю Соьлж-гIалахь, карахь масатоп а йолуш, хиина Iаш, 22Дечк1997
Нохчийчоь -- Нохчийн жима йоI ю Соьлж-гIалахь, карахь масатоп а йолуш, хиина Iаш, 22Дечк1997

ВуьрхIитта шо долу жима стаг вийна Нохчийчохь, полицин белхахочо герз а тоьхна. ХIинца иза ларамаза хилла я, леррина дина зулам ду къастош бу талламхой. Хиллачо юха а карла яьккхина даиман а Нохчийчохь чолхе лаьтташ йолу герзаца йоьзна проблема.


Грозный кIоштарчу Девлетгирийн-Эвлахь хилла и зулам. Некъан йистехь карийна, герз а тоьхна, чевнаш йолу жимчу стеган дакъа. Иза 17 шо долу меттигера вахархо хилла. Сихонца дIаболийначу талламца къаьстина иза верна куьгбехке верг кIоштан полицехь болх беш волу меттигера вахархо хилар. Дукха хан ялале иза дIалаьцна низамхоша.

Цо чIагIдарехь, карара герз ларамаза даьлла валар хилла оцу кIентан. Хиллачуьнан хьокъехь хIинца таллам дIахьуш бу. Стаг верна бехке верг чу воьллина. Схьагарехь, цунна хан тоха мегаш ю, ларамаза стаг верна бехке а вина.

Цу тайпа хилам таханлерачу Нохчийчоьнан билгалало ю. Хийлуза, стаг а вийна, заьIап а витиа иштта, ларамаза герз а кхетта. Дукхахболчу тергамхоша, тидам барехь, и гIуллакх иштта чолхе латтаран бахьана ду махкахь герз дукха эвхьаза даьккхина лелош хилар.

Кхечу агIора иза хуьлийла а дац. Дукха герз долчу меттехь иза ца долуш хир а дац. Долчунна тIе иза лелоран а, Iалаш даран а низам кхочуш ца до долахоша. ХIара тIом болалучу хенахь, герзаца эвхьазлонаш кIезг яра, аьлла, хета, Джунид цIе йолчу меттигерчу вахархочунна.

Иза ша а ву цхьана хенахь милицехь болх бина. Амма оцу хенахь хIинца санна герз ловза доккхуш дацара, элира цо.

Джунид: Оцу хенахь иштта хIуманаш хуьлуш а дацара. ХIара тIом болало хан ю иза, 2000-чу шерашкахь. ХIинца тIаьхь-тIаьхьа аганчуьра хьала ма-гIаьттина дIайоьлхуш йолу и кIотарчий ю и герз хаьнтIа а тесна лелаш. Цаьргара дуьйлуш ду и дукхах долу зуламаш.

Герз шен хабнтIахь хилча, ша цхьа воккха къонах а хета цунна, патриот а хета цунна. ХIара йерриг а Нохчийчоь шайна дуьхьал лаьтташ ю моьтту оцу нахана. Иштта ю-кх хIицна дIайоьдуш йолу хенаш.

Ларамаза герз а детталуш, нах лазор а, уьш байар а герз карахь долчу низамхойх хуьлуш ду, аьлла, хета Джунидана. Шен аьлларг хуьлуш хилча, ницкъаллийн структурийн терахь шозза лахдийра дара, аьлла, тидам бира цо.

Джунид: Сайга хаьттича, хIинца йолу ницкъаллийн структураш нисса 50 процентан лахйийра яра аса. Уьш кхузахь оьшуш а бац. Таханлерчу дийнахь мел йолу чолхалла цара еш ю кхузахь. Ша-дерг вониг а, криминал а цаьргара хуьлуш ю. Тапча йоккха мел хуьлу а ша цхьа лаккхара хета цунна. Ткъа иза дIаяьккхича, мича вахана а ца хууш карош а ца хуьлу. Зуламаш до цара, цхьацца гIортораш ю шайн, бохуш. И гIортораш даиман хуьлуш ма-яций.

Ас шина-кхаа шарахь лелийна сайца герз. Цкъа а хьала ца даьккхина аса иза, нахана бале а ца ваьлла со, я герз дара, аьлла, цкъа а дагадеана а дац. Сайгахь доцучу хенахь деш дерг дина-кх аса иза долуш а.

Нохчийн даиман а хилла герзе безам. Иза оьшучохь дика накъост вуйла а хууш, мич-миччахь а а хьала а ца дохуш, лелийна дайша. Амма хIинца дукха кегийрхой бу, шайн хаьнтIахь иза хилча, дерриге а дуьне шайн кога кIеллахь ду моьттуш лелаш.

Лема цIе йолу жима стаг а кхета ишта дог-йла йолчу шен нийсархойх. Герзо доккхуш дац адамийн сий хьал, элира цо.

Лема: Сан накъосташа а, суна уллехь лелачара а башха дика тIеоьцуш хIума дац иза. ХIунда аьлча, хаьлха дуьйна вевзаш волчу стеган гIуллакх кура долу и тапча кара еача.

Тахана герз деза, аьлла, берийн ойла йолуш хир-м бу и нах, амма цу чохь патарма ца хилча а шайтIано шен гIуллакх деш ма-дуй.

Ши бутт хан хир ю тхан юртарчу цхьана накъосто Стечкин олуш йолу травмат тапча шен 15 шо дочлу йишига дIа а елла, цо ларамаза шена тоьхна иза елла. Иштта зуламаш долу-кх цунах, иза лелоран низамаш лардеш ца хилча.

ДIаихначу шерашкахь хIора баттахь аьлча санна хуьлуш дара цу тайпа ларамаза герз а кхеташ адамаш дайар. Дуккха а уьш хуьлура оьрсийн эскархой болчу меттигашкахь а.

И терахьаш цара а, меттигерачу полицино а шуьйра довзаре ца доху. Цундела ала хала ду маса стаг велла ларамаза герз а кхетна кху т1аьхьарчу хенахь, бохург. Амма билгала цхьа хIума ду гуш. Нохчашна герз дезарх а, иза лелорах а цаьрна пайда ца баьлла цуьнах цкъа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG