ТIекхочийла долу линкаш

Вайнах бовбаха кечлуш ду Iедал


Къилбаседа Кавказ, 1903-чу шарахь йина 19-гIа бIе шо долалуш хиллачу дозанийн историн реконструкци.

Къилбаседа Кавказ, 1903-чу шарахь йина 19-гIа бIе шо долалуш хиллачу дозанийн историн реконструкци.

Шинарий дийнахь Магасехь шина мехкан доза дийца цхьаьнакхийтира нохчийн парламентан куьйгалхо Абдурахманов Дукхаваха а, гΙалгΙайн премьер-министр Чилиев Муса а. Цара бартбина, хийра нах юкъа а ца узуш, хьалха Оьрсийчоьнан низамаш а, лаьттан долалла гойту картанаш а дехкина, бертахь доза къастон. Амма хаттар хΙоттало: муьлхачу заманара зилш бакъ лара догΙу, декъалуррий-те латта вовшашка дегабаамаш а боцуш?


Бахархошка хьалха а ца хиттина, хΙинца а ца хоьтту, кхечу хΙуманел а башха, оьшу вайнахана, бов а бевла, дозанашца вовшех хьулбала я, эзар шерашкахь а санна, бахалур бу уьш, басеш, хьаннаш лаьмнаш юкъара а долуш.

Хоьттуш хилча-м, дала жоьпаш долуш дера ву хΙора а. Я хьаькамалло а, я хьоло а курабаьхна нах а бац кху кΙиранашкахь Маршо Радиона шайн ойланаш тешийна нах. Ткъа мел цхьабосса машаре, цхьаалле гΙерта уьш! Вайнехан хиндерг къасталучу некъа хьалхахь хΙоьттича, хΙораммо а юьстахтотту гΙалгΙай, нохчий, Оьрсийчоь хΙоттаяларан дуьхе хьаьжча, шайн башхаллаш а йолуш ши къам ду бохург. Гарехь, низамел а хьекъале бу вайнехан вежараллина дозанаша зедарна кхоьру бахархой.

Шинарий дийнахь цхьаьнакхеттачу шина мехкан дозакъасторан комиссино вуно хаза, бертахь дΙадаьхьна Магасехь шайн хьалхара цхьанакхетар. Нохчийн спикера Абдурахманов Дукхавахас а, гΙалгΙайн премьера Чилиев Мусас а барт бина, кхоалгΙа агΙо - кхелахо - Кремль, шайн белха юкъа ца ийзон а, шаьш дийриг-дуьйцург массарна а довзуьйтуш лелон а. Иштта барт бина юристаш, историкаш, экономисташ дозакъасторан гΙуллакхан декъа бига а. Амма тΙехула хьахийра цара цкъачунна, лаьттан доллалла луьстуш, дозанаш маца, муха хилла гойту картанаш шайна хьалха дохкур хилар а.

... Эццахь сема ца хилича ца волу хΙора нохчо, хΙора гΙалгΙа.

Хууш ма-хиллара, бΙеннаш ду картанаш, кеп-кепара ду царна тΙехь ГΙалгΙайчоь Нохчийчоьнах къастаен дозанаш а. Масала, данне а дац доза 19-гΙа бΙешо долалуш оьрсийн топографаша хΙоттийначу карти тΙехь – деккъа «Нохчийчоь» аьлла доллучу а вайнехан латтанех.

Цундела шеко яц, картанаш дийца дахахь, кΙеда аьлча, цакхетамаш боцуш гΙуллакх доьрзург цахиларан.

Дагалоцур вай, хΙирашна латтанашна кхачо еш, гΙалгΙай Къилбаседа Кавказан малхбаленехьа оьрсийн империно дΙатиттина хилар 19-чу бΙешерашкахь. Я муха этΙийна латтанийн кийсигаш орстхой шайн меттигашкара бохийча – таханлера Карабулак я гΙалгΙайн шахьара Несара лаьтта меттигаш ма ю уьш! Ткъа Сталинан заманахь, къаьмнашна тΙехь эрадоккхуш, хийцина дозанаш? Оцу хΙуманашна тΙедоьгΙча а бакъ хуьлу дозанаш дийцаре дахаро боккха гIурт оьккхуьйтур хиларх богу нах.

«Шина вешина юккъехь а хуьлу ков-керт. Вежараллехь долу ши къам къаьсташ цхьа а дов хуьлийла дац» - бохура кхо кΙира хьалха гΙалгΙайн лидера Евкуров Юнус-Бека.

«Къаьмнашна юкъахь хилла а бац, хир а бац къосам, цакхетамаш», -бохура шинарий дийнахь Чилиевца дозанан гΙуллакх дийцаре долош волчу Абдурахманов Дукхавахас а.

Амма вайн лерехь лаьтта Евкуров къамелан шолгΙа дакъа а. «Дозанаш замано къастийна, уьш тахана дерраш ду», - элира цо хьастагΙа.

ГΙалгΙаша, нохчий революцешкахь бохкучу юкъанна, дΙалецна церан латта, бохура ши кΙира хьалха Соьлжа-ГΙалахь Кадыров Рамзана а.

Кадыров: «Цара хΙун дина-хьуна аьлча, цхьацца федералан структурашца шайн бехаш а беш, дукха-дукха латта дΙалаьцна Ιедалша. Шайн ярташкара нах охьа а кхоьхьуш, цигахь коттеджаш а еш, охьаховшийна, иштта беш болх бу. ...Вайца гΙиллакх ца лелийча, муха ло ша да волчу лаьттан территори цхьанне а?»

Репликаша цкъачунна гойту хьакамийн къамелаш риторика таттаран тΙегΙантΙехь бен доцийла а, амма зил хьокхучу гΙуллакх даьлча, цунна буха хевшшина Ιаш лелхар болу къовсамаш буйла а.

Оцу хьокъехь Маршо Радионо дийхира нохчийн депутатийн зорбан секретаре, гΙуьттучу хеттаршна жоьпаш карор. Амма шаьш векалдина дац дозанийн тема цхьаьнцце а шайггаре йийцаре ян, элира парламентан журналиста. Абдурахмановга шега дΙа ца кхечира тхан зΙе – иза луларчу Ставрополан махка вахана вара.

Делахь а латтанийн, дозанийн тема вайнахана уггаре а мехалчех хиларе терра, аьтто бер бу, аьлла хета, нохчийн а, гΙалгΙайн а мехкийн куьйгалхошна хетарг тΙейогΙучу хенахь хаза.
XS
SM
MD
LG